ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинехьа тIемаш бечу батальонан декъашхочунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх айдина Нохчийчохь


Джамбетов Хьусейн (аьрру) а, Закаев Ахьмад а
Джамбетов Хьусейн (аьрру) а, Закаев Ахьмад а

Террорхойн юкъаралла кхолларца доьзна бехкзуламан гIуллакх долийна Нохчийчухула йолчу Талламан комитетан урхалло Джамбетов Хьусайнна дуьхьал - Украинан интернационалан легионна юкъара къобалъязчу Ичкерин Къаьстина Герзашца вовшахтоьхначу ницкъийн батальонан (ОБОН ВС) эскархо.

Цунах лаьцна хаамбина пачхьалкхан "Чечня Сегодня" агенталло, респубикан ФСБ-н урхаллина тIетевжина. Билгалдаккхарехь, Джамбетов Оьрсийчоьнан вахархо ву, Нохчийчохь вехаш хилла ву иза. Оцу юкъанна, "терроран юкъаралла" лерина йолу Нохчийн Ичкерия республикан ОБОН ВС террорхойн организацийн федералан тептарехь яц.

Йиллинчу хьастийн хаамашца, 40 шо долу Джамбетов Хьусейн Хьалха-МартантIехь вина ву, шолгIа тIом Нохчийчохь бирзинчул тIаьхьа Бельги дIавахана иза. Товбеца-баттахь вовшахтоьхначу Нохчийн Ичкерия республикан ОБОН ВС батальонах дIакхийтира иза, цигахь информацин-аналитикан декъан куьйгалхо ву иза майоран чинехь.

  • Украинан интернационалан легионан декъехь къобалъязчу Ичкерин ОБОН ВС кхоьллина ю къобалъязчу Ичкерин арахьарчу Iедалан куьйгалхочо Закаев Ахьмада. Батальонан командир ву полковник Зумсо Хьаьжа-Мурд. ХIара хIинца доьалгIа дакъа ду, Украинана гIоьнна дозанал а арахьа бехачу, Нохчийчоь йозуш йоцу республика хила луучара вовшахтоьхна.
  • Украинехьа Оьрсийчоьнна дуьхьал тIемаш бийр бу иштта "Аджнад аль-Кавказ" нохчийн тобанан куьйгаллехь хиллачу Шишани Iабдул-Хьаькима (Ажиев Рустам). Хьалхо Шемахь Iедалхойн эскаршна дуьхьал тIемаш бина цара, ткъа хIинца Украине кхаьчна цуьнан тоба. Нохчийн Ичкерия республикан ОБОН ВС-н дакъа хир ду Ажиев а, цуьнан тобанхой а. Оьрсийчохь террорхойн юкъаралла лерина ю "Аджнад аль-Кавказ".
  • Иштта товбеца-баттахь Украинан байракхна кIелахь тIомбеш йолчу батальонашкара эскархоша дIахьедира, Нохчийчуьрчу Кадыровн ражна дуьхьал герзаца болу къайлаха болам кхолла кийча ду шаьш. Украинерчу тIамехь дакъалоцуш болчу нохчашка Закаев Ахьмад ве аьлла кхайкхамбира хьалхо Кадыров Рамзана. И дан аьтто баьллачунна политико маршо а, хьал долу дахар а хьехна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG