ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинехьа тIемаш бечу Ичкерин батальонан телеграм-каналехь комментареш йитарна таIзар дина Дагестанера вахархочунна


Ичкерин Шейх Мансуран цIарахчу батальонан шевронаш, гайтаман сурт
Ичкерин Шейх Мансуран цIарахчу батальонан шевронаш, гайтаман сурт

Дагестанехь Хасав-Юьртан кӀоштан кхело бехке лаьрра меттигера вахархо Бикеев Ойсхур, Украинанехьа тӀом бечу Шайх Мансуран цӀарахчу Ичкерин батальонан телеграм-каналехь экстремизме кхайкхамаш беш комментареш йарна.

"Кавказ.Реалии" сайтана карийна гIуллакхах хIоттийна карта. Официалан версица, Бикеев дуьхьал вара мобилизацина, ницкъаллин структурийн белхахошна ницкъбар хьоьхуш кхайкхамаш беш хилла цо.

Къаьсттина цхьана постана бухахь Бикеевс яздора, мобилизацина юкъабогӀучу божаршна Оьрсийчуьра арадовлар дехка мегаш ду аьлла. Кхечу комментарехь цо дехар динера Украинехьа тIемаш бечу Ичкерин агIончашка, "шайн нах бахкийта" полицица йистйаккха аьлла.

Хьалхо герз лелорна бехке а вина, арахь даккха ши шо хан тоьхнера Бикеевна. Цо дехнера ший а гӀуллакх лерринчу кепехь листахьара аьлла – ишта нислахь бехкевечо буьззинчу барамехь бехк тӀелоцура, цунна кхачочу йоккхачу хенал лаххара таIзар деш.ТIаьххьара а керлачу гӀуллакхехь кхело кхин а ши шо хан кхайкхийна Бикеевна.

  • Карарчу хенахь Украинин эскарехьа тIемаш беш Ичкерин агIончех-нохчех лаьтта масех батальон йу. Шайх Мансуран цIарах батальон; Дудаев Джохаран цIарах батальон; "Акха арданг" дакъа; Special Operation Group (SOG) а, Гелаев Хьамзатан цIарах батальон а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG