ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинехьа тIемаш бечу нохчийн тIемалошна дуьхьало ца йина Белгородан кIоштахь – кадыровхоша ларйеш йу и


Украинехьа тIемаш бечу нохчийн декъан эскархо, гайтаман сурт
Украинехьа тIемаш бечу нохчийн декъан эскархо, гайтаман сурт

Украинехьа тIемаш бечу Къаьстина леррина Iалашонаш кхочушйечу батальонан (ОБОН) эскархоша шуьйра видео зорбане йаьккхина, Белгородан кIоштахь герзашца шаьш йинчу рейдах лаьцна. Цуьнан дозанаш лардан тIеман министраллин Нохчийчуьра эскархой хьовсийнера мангал-баттахь. ДIайазйинчу видеоца а догIуш, масех иттаннашкахь диверсанташ дуьхьало а йоцуш Оьрсийчоьнан дозана тIехула боьлхуш бу, цул тIаьхьа "Z" элпаца билгало йинчу салтийн машенна тIелета уьш.

Официалехь тIечIагIбазчу хаамашца, Белгородера Шебекинан кIоштара Середа эвлана гергахь дина ду тIелатар. Украинан Харьковн кIоштара дозанехь йу и эвла. ТIелатар дале хьалха маса километр некъ бина ОБОН-н тIемалоша, хууш дац. Хьалхо дийцира, цига хьовсийна Оьрсийчоьнан тIеман министраллин "Ахмат-Запад" батальонан эскархой дуьхьал бара бохуш, дозанера позицеш дIалеца.

Йуьхьанца рейдах видео зорбане йаьккхира Украинан армин талламхойн Коьртачу урхалло. "Нохчийн тIемалоша кхин а дIа а беш бу оьрсийн оккупанташца тIом, украинхойн а, нохчийн а къаьмнаш Iалашдеш", - дIахьедира урхаллехь, маца, стенгахь, мича Iалашонца, муьлхачу декъо кIело йинера къаста а ца деш.

Кавказ.Реалии сайтан хьасташа тIечIагIдира, буьйцурш ОБОН-н эскархой хилар. Церан тIелатар бахьана долуш Оьрсийчоьнан ши эскархо вийна. ТIелеттачара герзаш диттинчул тIаьхьа, видео тIехь гуш ду, оцу кIоштара дIабоьлху уьш, кхин цхьаммо а дуьхьало ца йина.

  • Украинехь шуьйра тIом болийчхьана дозанехь йолчу Белгородан кIоштахь сих-сиха тохарш до. БIаьста жигардаьхнера герзаш деттар, диверсин "Оьрсийн лаамхойн корпусан" а, "Оьрсийчоьнна Маршо" легионан а диверсин тобанаша йолийра герзашца рейдаш.
  • Мангал-баттахь хаамбора, Белгородан кIошта дехьадахарх Оьрсийчоьнан Нохчийчуьра тIеман дакъош. Кеп-кепарчу хьасташа дийцарехь, кадыровхоша дIалийцира украинхойн дозана дехьара позицеш – салтийн баккъаш тIехьара.
  • Украинехьа тIемаш беш йу Нохчийн Ичкерия республикан агIончех лаьтта масех лаамхойн батальонаш, царех цхьадолу дакъош официалехь Украинан ТIеман ницкъашна йукъадогIуш ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG