Киевн агIор тIом бечу лаамхошна а, политикан эмигранташна а Украинан бахархойн паспорт эцар аттачу доккхуш низаман проект тIеэцна Лакхарчу Радехь. Документ хьакхалуш ду иштта Оьрсийчоьнан а, Беларусин а бахархойх а. Цунах лаьцна дийцина Маршо Радион Беларуссин сервисо.
Шинарин дийнахь кхаж тесна цу низаман проектана. Бахархой хиларан а, баха бакъонаш ларъяран а низамашна тӀехь хийцамаш дӀакхачийна президенте куьг йаздайта, цул тIаьхьа беа баттахь болх болор бу цара.
Украинин агӀор тӀом беш болчу кхечу пачхьалкхийн бахархойн а, эскаран декъехь а, Пачхьалкхан лерринчу транспортан сервисехь а, Къоман гвардин декъехь а болчийн аьтто бу Украинин паспорт эца. И документ хьакхалуш хир ду ишта 2014-чу шарахь дуьйна мехкан малхбалехь дӀахьочу тӀеман гӀуллакхашкахь дакъалоцуш болчу нахах а цхьана. Украинан низамаш дахарехь цунах олу Антитерроран операци.
ТӀамехь дакъалоцурш боцурш а, махкахой эца йиш йу церан хӀусамнанойн а, берийн а, тӀамехь беллачу кхечу пачхьалкхийн бахархойн хӀусамнанойн а, шайн даймахкахь политикан гӀелонаш лайначу кхечу пачхьалкхийн бахархойн а. Дехар чу лучу хенахь тIемаш беш волу арахьара вахархо а, цуьнан хӀусамнана а, бераш а низамца а догIуш Украинан территори тӀехь шина шарахь совца деза. Политикан эмигранташ пхеа шарахь, аьлла ду Маршо Радион Беларуссин сервисан хаамехь.
ТIеман вахархочун статус эца луучо дIахьедан деза ша схьаваьллачу пачхьалкхан вахархочун паспортах волуш. Пачхьалкхан мотт хаа дезаш хилар а лагӀдина - тӀом чекхбаьллачул тӀаьхьа шина шарахь украинхойн маттах а, Конституцин бухех а, мехкан историх а экзамен дӀайала йиш йу претендентан.
- Карарчу хенахь Украинин эскаран агӀор тӀом беш ду нохчийн йалх дакъа: царна йукъахь йу Нохчийн Ичкерия Республикин ОБОН, леррина Ӏалашонаш кхочушйен шакъаьстина батальон. Украинехь болу нохчийн тӀемалой кечлуш бу, къаьстина батальонийн буха тIехь йозуш йоцчу Ичкерин жигара эскар кхолла, Оьрсийчоьнан Ӏедалх республика йозуш ца хилийтархьама къийсам латтор бу цо.
- 2023-чу шеран дечкен-баттахь Кавказ.Реалии сайта тӀехь дийцира Украинан эскаран агӀор тӀом бечу нохчийн лаамхойн батальонашкара тӀемалойх лаьцна, Оьрсийчу дӀабахийтарна кхерам лаьттара царна. Царех цхьаберш бакъо а йоцуш махка баьхкина бу, вукхеран, цигахь баха йелла бакъонан хан чекхъяьлла.