ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинехьа йолчу нохчийн батальонан хиллачу спикерна дуьхьал пхоьалгIа бехктакхаман гIуллакх долийна


Белокиев Ислам
Белокиев Ислам

Украинехьа летачу Шейх Мансуран цIарх йолчу нохчийн батальонан хиллачу спикерна Белокиев Исламна дуьхьал Оьрсийчохь пхоьалгIа бехктакхаман гIуллакх долийна. Дуьйцу, хIинца иза терроризмана ахча латторна а, батальонна гIо даре кхайхкхамаш барна а бехкевеш хиларх. Ша Белокиеве, йа цуьнан гергарчаьрга а цхьа а хаамаш ца кхаьчна ницкъахошкара.

Оьрсийчоьнан Талламан комитетан ГIалгIайчухула йолчу урхалло бехктакхаман гIуллакх долорах лаьцна дийцира меттигерчу Iедалехьа йолчу телеграм-каналаша, хетарехь, ницъахошца йоьзна йу уьш. ГIалгIайчухула йолчу Талламан урхаллин официалан сайтехь терроризмана ахча латторах лаьцна долчу керлачу бехктакхаман гIуллакхах лаьцна хаам бац. Билгалйаьхначу номерашца Кавказ.Реалиин корреспондент пресс-сервисца зIене вала гIоьртича, цунна жоп ца делира.

Кавказ.Реалиин сайтаца хиллачу къамелехь Белокиев Ислама билгалдаьккхира, бехктакхаман гIуллакх цо Украинерчу тIамехь дакъа лацарца доьзна ца хила а мега.

"Ницкъахошна шайн чоьташ чуйала йеза, цундела тIаьхьий-хьалхий и гIуллакхаш доьллу цара. ГIалгIайчохь лелош хила а тарло иза, хIунда аьлча, ас республикан Iедал а, Тайпийн кхеташонна а критика йо, со ГIалгIайчоьнан йозуш ца хиларан Комитетца вузу цара, амма иза ишта дац", – билгалдаьккхира блогеро.

Кхиазхо волчу хенахь дуьйна дIавахана Белокиев Оьрсийчуьра, Польшехь вехаш вара иза. 2022-чу шеран аьхка Украине вахара иза, нохчийн Шейх мансуран цIарахчу лаамхойн батальонан пресс-секретарь хилира цунах. Кхамелахочо дийцарехь, нагахь санна ша дуьненайукъарчу лехамашка кховдавахь, ша Оьрсийчоьне дIавала кхерам лаьтта. Керлачу бехктакхаман гIуллакхах болу хаамаш бакъ балахь, цунна валлалц чохь йаккха хан тоха мега.

Карарчу хенахь федералан лехамашкахь ву иза, карточкехь билгалдаьккхина, "Оьрсийчоьнан Бехктакхаман кодексан артиклан бух тIехь лоьхуш ву" аьлла – зIене довла аьлла хIоттийнарг ГIалгIайчухула йолчу УФСБ-н номер йу.

  • Белокиев Исламна дуьхьал хьалхара бехктакхаман гIуллакх долийра Сийлахьчу Даймехкан тIом берзарна лерина яьккхинчу видеона тIехула. Цу тIехь цо дуьйцу: "Бусулбачу наха, йа кавказхоша Толаман Де даздан ца деза, хIунда аьлча тIеман истори "дайшна депортаци йарца, уьш кхалхарца а йоьзна ю" царна.
  • Дечкен-баттахь хиира цунна дуьхьал терроризм къобалйарна гIуллакх долийна хиларх.
  • Зазадоккху-баттахь Оьрсийчоьнан эскархойх лаьцна бакъйоцу информаци йаржорна тIехула шеконашка лецира Белокиев. Регионерчу Талламан комитето бахарехь, "фейкан" артиклехула гIуллакх долон бахьана хилира, цо Украинехь йийсаре кхаьчна волчу гIалгIайн эскархочух лаьцна видео арахецар.
  • 2022-чу шеран гезгмашин-баттахь цунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх долийра, Оьрсийчоьнан интересашна дуьхьал долчу тIемашкахь цо дакъа лаьцна аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG