ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинера Кривой Рог гIалахь Шейх Мансурна мемориал хIоттийна


Гайтаман сурт - Украинан а, къобалйазчу Ичкерин а байракхаш
Гайтаман сурт - Украинан а, къобалйазчу Ичкерин а байракхаш

Украинхойн Кривой Рог гIалахь мемориал схьайиллина Шейх Мансурна лерина – XVIII-чу бIешерашкахь ламанхойн халкъ маьршадаккхаран боламан хьалханча вара иза.

Цунах лаьцна видео йаржийна Украинан агIор тIемаш бечу нохчийн лаамхойн Шейх Мансуран цIарахчу батальонан телеграм-каналехь.

КIира хьалха Днепропетровскан кIоштара Каменское эвлахь Шейх Мансуран цIарахчу батальоно мемориалан стенд схьайиллира шайн тобанера тIамехь эгначарна лерина.

  • 2014-чу шарахь вовшахтоьхна йу лаамхойн шейх Мансуран цIарах батальон, Донбассехь том болабелча. Цуьнан декъахь дукхахберш нохчий бара, цхьаберш Ичкерин маршонехьа тIемаш бина а бара.
  • Карарчу хенахь хууш ду, Украинин эскарехьа тIом беш нохчийн йалх батальон хиларх. Иза Шайх Мансуран цIарах батальон (буьйранча ЧIебарло Муслим); Дудаев Джохаран цIарах батальон (буьйранча Осмаев Адам, батальонца жигара "Адаман тоба" йу); ОБОН ВС ЧРИ (леринчу гIуллакхашна къастийна батальон, буьйранча - Ажиев Рустам); Шалена Зграя "Хьере арданг"( Абдурзаков Казбек); SOG (Леррина оператив тоба); Гелаев Хьамзатан цIарах батальон.
  • Хьалхо Кривой Рог гIалахь Нохчийн Ичкерия республикан лидерийн цIераш техкира кхаа урамна. Билгалонаш тIехь ю – Ичкерин хьалхарчу президентан Дудаев Джохаран, вице-президентан Арсанов Вахин, тIеман ницкъийн хиллачу буьйранчан Гелаев Хьамзатан а цIераш. Иштта Дудаев Джохаран цIе тиллира Оьрсийчоьнан оккупацих йаьккхинчу Изюмера урамна а.
  • ГIадужу-беттан 18-чохь Нохчийчоьнан Ичкерия республика Оьрсийчоьно ханна оккупаци йина территори лоруш, "нохчийн къомана дина геноцид" емалйеш, сацам тIеийцира Украинан Лакхарчу Радехь. Делахь а карарчу хенахьофициалехь Украино Ичкери къобалйина йац.
  • Шейх Мансур – Къилбаседа Кавказан хьалхара имам ву. Ламанхой маьршабахаран халкъан боламан куьйгалла дина цо 1785-1791-чу шерашкахь. Анапа гIап дIалаьцначул тIаьхьа 1791-чу шарахь йийсаре лецира иза, Екатерина ШолгIачун омраца Шлиссельбургера гIап чохь латтийра иза, цигахь кхо шо даьллачул тIаьхьа кхелхира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG