ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинера Нохчийчу иттаннашкахь гранаташ а, бIе патарма а бахьа гIоьртина кадыровхой - Baza


Нохчийчуьра эскархой, Оьрсийчоьнан пачхьалкхан ТАСС агенталлин сурт
Нохчийчуьра эскархой, Оьрсийчоьнан пачхьалкхан ТАСС агенталлин сурт

Нохчийчуьра "Юг-Ахмат" декъан эскархой гIоьртина тIемаш боьлхучу Украинера 600 сов патарма а, 22 граната а дIайахьа, хъаамбина шайга хаийтинчу хьастан цIе а ца йоккхуш Baza телеграм-канало. Официалехь и хаамаш тIечIагIбина бац.

Публикацихь чIагIдарехь, Запорожьен кIоштара Нохчийчуьра Калиновске юхабогIуш хиллера эскархой. Новкъахь уьш тIехь болу автобус сацийнера Ставрополан кIоштахь.

"Багажник чохь полисхошна карийнера билгале тIоьрмиг. Цу чохь РГД-5 20 граната а, Ф-1 цхьа граната а, пистонаш а, 5,45 калибр йолу бIе цIена патарма а хиллера йастазчу яьшки чохь. Кхин а цхьа тIоьрмиг тIеман гIирсашца салон чохь хиллера", - чIагIдо Bazа-с.

Телеграм-каналан хаамашца, тIеман гIирсаш карийначул тIаьхьа Нохчийчуьра эскархоша шаьш ца кхеташ санна моттаргIанаш лелийнера. Цундела рюкзакаш хьенан ю цкъачунна къаьстина дац – верриг а автобус чохь хилла 45 стаг. Гранаташ а, патармаш а схьадаьхна, гIуллакхан материалаш Талламан комитетан тIеман-талламан декъе дIахьажийна.

Ставрополан кIоштан а, Нохчийчоьнан а бакъоларйаран органийн официалан агIонаш тIехь хаам зорбане боккхучу заманчохь хаийтина дац Кадыровн эскархошкара гIирс баккхарх.

  • "Юг-Ахмат" батальон кхолларх лаьцна Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедира стохка товбеца-баттахь. Цо билгалдаьккхира, "эскархойн контингентехь беккъа нохчий хир бу", цо ма-аллара, Оьрсийчоьнан тIеман министраллин "эскарийн могIарш дузур долу". Муьлш бу уьш – корматалла йолу тIемалой, йа лаамхой олурш – Кадыровс билгал ца даьккхира. "Регионера кегийрхойн патриотикан дог-ойла ира-карахIиттор ю" керла дакъош вовшахтохаро аьлла, дIахьедар доцург.
  • Европарламентан депутаташа 2022-чу шеран лахьан-баттахь резолюци тIеийцира Оьрсийчоь терроризман спонсор-пачхьалкх лоруш – цара иштта тIедожийра Кадыров Ахьмадан цIарахчу "Север" полк террорхойн организацих дIатохар.
  • Таро йоцчу доьзалашкара божарий тIеман гIуллакх дан баха реза бацахь, пачхьалкхера догIучу гIоьнах дIахедабе уьш, аьлла тIедожийра Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Нохчийн парламентан куьйгалхо Даудов Мохьмад вистхтиллачул тIаьхьа Соьлжа-ГIалахь йоьдучу кхеташонехь элира иштта Кадыров Рамзана. Даудовс дийцицнера къечу доьзалашкара божаршна Кадыровн керлачу полке йазбала ца лаьа аьлла.
  • Ростов-ГIаларчу къилбан тIеман кхело листира контрактхочун Фоменко Егоран гIуллакх, иза бехкевинера бакъо йоцуш тIеман гIирс эцна, латторна. Хаамбора, эскархочо тIемаш боьлхучу Украинера гранаташ а патронаш а деанера бохуш.
  • Краснодаран гарнизонан тIеман кхло бехкевира эскаран гIуллакх ден Пивоваров Николай лачкъа а йина, бакъо йоцуш авиабомбанийн пхи детонатор йохка гIортарна, цунна кхо шой, ахшой хан туьйхира колонихь даккха.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG