ТIекхочийла долу линкаш

 
Украинера тIом бахьанехь ГIалгIайчохь 150 миллион сом дайина
ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинера тIом бахьанехь ГIалгIайчохь 150 миллион сом дайина


ГIалгIайчоь, Магас
ГIалгIайчоь, Магас

Украинерчу тIамца доьзна ГIалгIайчоьно 2022-чу шарахь доьхкинчу ахчанан барам бу 150 миллион сом. Доккхачу декъанна и ахча хьажийна эскархойн доьзалашна гIоьнна, шайлахь байинарш, лазийнарш, мобилизаци йинарш болуш, иштта эскархошна оьшучунна а.

Цунах лаьцна хаамбина регионан урхаллин пресс-гIуллакххоша, махкарчу финансийн министраллина тIетевжина. Оцу юкъанна, Оьрсийчоьнан Конституцица а догIуш, доллу тIеман хеттарш федералан центран долаллехь ду, цундела федералан бюджетера кхачон дезаш ду ахча.

Стохка лахьан-баттахь юхалистинчу шеран бюджетан дефицитан доьалгIа дакъа бохург санна барам бу билгалдаьккхинчу ахчанан, республикан бюджетера мел оьшучунна духкучу ахчан 0,3%.

Оцу юкъанна, марсхьокху-баттахь "Фортангас" хаамбира, тIамца доьзначу хьашташна дойуш долу ахча Covid-19 пандемин муьрехь хала бохкучу доьзалашна аьлла кхоьллинчу ГIалгIайчоь кхиоран Къоман фондан ахча ду аьлла. Цул совнах, ресурсан хаамашца, эскархойн доьзалашна гIо латтадо иштта меттигерчу Iедалша а - шайн бюджеташкара.

  • 2022-чу шеран жамIашца ГIалгIайчоь, Кхарачой-Чергазийчоь, ГIалмакхойчоь, Къилбаседа ХIирийчоь, ГIебарта Балкхаройчоь, Нохчийчоь нисйелла Оьрсийчоьнан уггар а гIад дайначу итт мехкашлахь, регионийн пачхьалкхан РИА "Новости" агенталло хIоттийначу рейтингехь. Оцу тIехь мах хадийна бахархойн дахаран а, социалан-экономикан хьелийн а, белхан меттигийн а, иштта кхин дIа болчу барамашца а.
  • ТIом болабелчхьана бахархошна тIедогIу рицкъ лахделллачу Оьрсийчоьнан регионийн тептарехь коьртехь нисйелла ГIалгIайчоь – Камчаткица и меттиг йекъна цо. Иштта тIебогIу пайда лахбалар къаьстина Кхарачой-Чергазийчохь а, Дагестанехь а, Адыгейхь а, ГIалмакхойчохь а.
  • Дозанал арахьара чукхоьхьу хIума лахйалар, гIуллакхийн жигаралла сацар, бахархошна дойу ахча юхаозор, тIетIаьIIина нах пачхьалкхера дIаэхар, тIамтIехь эзара болх бен хан йолу божарий кхалхар – Украине тIамца чугIоьртинчул тIаьхьа Оьрсийчоьнан экономикана йитинчу тIаьхьалонех ду и дерриг а. Кавказ.Реалии сайте дийцина эксперташа, ресурсаш йолуш, кхиаме индустри йолчу регионех къаьстинчу Къилбаседа Кавказан республикашна тIамо бен болчу Iаткъамех.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG