ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинера цIа баьхкинчу эскархоша вийна, лазийна 200 стаг


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Украинан дозанаш тIехь тIемаш а бина, цIа баьхкинчу Оьрсийчоьнан бахархоша вийна, лазийна хIинцале а ши бIе гергга вахархо, йаздо оьрсийн Собода Радионо, "Верстка" хьастано динчу лараршна тIетевжина.

Хаамийн гIирсийн хаамашца, тIом болабелчхьана цIа баьхкинчу эскархоша мел кIезиг а 84 зулам дина нах а бойъуш. Цара лелийнарг бахьана долуш вийна 107 Оьрсийчоьнан вахархо, бIе сов ву чолхе чевнаш йинарш.

Кхузахь дуьйцуш ду бакъоларйаран органаша официалехь билгалдаьхна зуламаш, царна бехкевина 176 эскархо, царех 91 – гечдина тутмакхаш бу.

Билгалдоккху, зорбанашка баьккхинчу 134 кхелан сацамашкахь шинахьа-кхаанхьа таIзар кIаддина тIамехь дакъалацар дIа а лерина.

  • Йеарин дийнахь Украинан Херсонан кIоштахь оккупаци йинчу дозанаш тIехь лаьцна Оьрсийчоьнан ши эскархо Осипов Александр а Кайгородцев Александр а. Цара даредина Подо-Калиновка, Абрикосовка йарташкахь шаьш виъ стаг вийна аьлла. "Коммерсантан" хаамашца, лецнарш гIуллакх деш хилла 144-чу бригадехь, ткъа зулам дина хила тарло цара къаьркъа меллачохь. Иштта хаамбо, Кайгородцев тоххара стаг верна а, бакъо йоцуш наркотикаш лелорна а кхел йина ву аьлла,

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG