ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинерчу тIамехь Нохчийчуьра дуккха а хIаллакбина хиларх хаийтина Кадыровн критикаша


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Кеп-кепарчу хаамашца, тIаьххьарчу деношкахь Украинерчу тIамехь 700 йа 800 гергга Нохчийчуьра эскархо вийна Iа тIепаза вайна. Цунах лаьцна хаийтина Украинехьа тIемаш бечу Шейхан Мансуран цIарахчу батальонан хиллачу пресс-секретаро Белокиев Ислама а, оппозицин нохчийн NIYSO телеграм-канало а. Официалехь украинхойн агIор информаци тIечIагIйина йац, Нохчийчохь хаамаш бакъ ца бо.

Шен хьасташна тIетевжина, Белокиев Ислама дIахьедо, тIаьххьарчу деношкахь кадыровхошлахь хиллачу эшамийн терахь 800 стагана тIекхаччалц ду, байина дукхахберш тIепаза байна лоруш бу аьлла. Белокиевс бахарехь, тIеман буьйралло къайладаьхьна эскархой балар, цкъа делахь, Нохчийчохь бахархошлахь сингаттам ца гIаттон, шолгIа аьлча, эскархо кхалхахь цуьнан гергарчарна лур ду аьлла ахчанаш ца дала.

Иштта Белокиевс анонимехь нохчийн маттахь къамел деш ши аудио йаржийна, хетарехь, Бахмутана гергахь хиллачу хьалхарчу "Север-Ахмат" полкан батальонан эскархоша дIайазйина. Цу тIехь къамелдечара чIагIдо, 500 стагах лаьттачу шайн батальнехь 60 бен дийна вац, бисинарш тIаьххьарчу кхаа-деа дийнахь байина бохуш. ШолгIачу аудио тIехь дуьйцу, 10 дакъа бен тIеман аренгара схьаэца ка ца йаьлла шайн, бисинарш цигахь Iохку бохуш. Беллачарлахь хьахаво цо "Север-Ахмат" полкан батальонан Муса цIе йолу командир, цуьнан фамили а ца йоккхуш. Оцу батальонера Халадов ХIарон а вуьйцу цо, шеца цхьаьна классехь дешна ву аьлла.

NIYSO телеграм-канало чIагIдо, Бахмутана гергахь, Клещеевка эвлан кIоштахь тIамехь хилла 700 гергга стаг вийна йа доьза вайна бохуш. ТIаьххьарчу деношкахь канало социалан машанашкара лехьийна масийтта сурт а, видео а зорбане даьккхира, байина а, чевнаш йина а кадыровхой тIехь болуш.

Белокиев Исламан хаамашца, Нохчийчохь мессенджерашкахула хаамаш баржийна, мехкан Iедалхой, Кадыров Рамзан коьртехь а волуш, дукха нах кхалхарца доьзна пIераскан дийнахь, товбеца-беттан 28-чохь, "Нохчийчоьнан дог" коьртачу маьждига хьалха цунах дерг дийца гуллуш бу аьлла. Мел бух болуш йу информаци, хууш дац.

Оцу йукъанна, Ахмат спецназан командиро, Нохчийчоьнан куьйгалхочун гIоьнчас Алаудинов Аптис видео дIайазйина, цу тIехь цо харцдо кадыровхой байина боху информаци, оцу хаамех цавашарца, цо баркалла боху, Нохчийчуьра эскархошна сагатдечарна.

Оццул кадыровхой байина аьлла украинхойн агIоно хаамаш бина бац. Бакъду, Украинан тIеман министран гIовса Маляр Аннас тIечIагIдира, "дикка шога тIемаш" Бахмутан къилбехьа а, Клещеевкан кIоштахь а хилла аьлла.

  • Кадыров Рамзана дIахьедира, Алаудинов Аптис куьйгалла ден "Ахмат" спецназ Бахмутан кIошта хьажош йу аьлла товбеца-беттан 9-чохь. Цул хьалха и позицеш дIалаьцнера ЧВК "Вагнеро". Bloomberg ресурсан хьасташа дийцира, Украинана дуьхьал болчу тIамехь кадыровхойн терахь алсамдаккха хьийза Оьрсийчоьнан буьйралла аьлла. И дан лаам хилла ЧВК "Вагнеран" йолахой тIамера арабевлча "йассайелла меттигаш дIайуза". Политологийн а, экспертийн шеконаш йара, "Вагнеран" йолахошца хийцабала кадыровхойн таро йу бохучух, амма бохура цара, махкахь йуха а мобилизаци кхайкхон тарло.
  • Бахмутана гергахь йийсаре вахначу кадыровхойн "Ахмат" декъан эскархочо Медведник Сергейс дийцира, шайн буьйранчаша дукха хьолахь нохчий йукъахь боцу тобанаш хьийсайо тIеман хьалхарчу позицешка аьлла. Оьрсийчоьнан кхечу регионашкара бахархошна – кхарна, йийсархочо дийцарехь, ледара тIеман гIирс ло, цхьана а кепара уьш кеч ца бо. Медведника тIечIагIдира, Бахмутана гергахь тIемаш беш "Север-Ахмат", "Юг-Ахмат" дакъош хилар.
  • Оьрсийчоьнан тIеман министраллина чуйогIуш, цIерашца Нохчийчохь керла йиъ батальон - "Север-Ахмат", "Восток-Ахмат", "Запад-Ахмат", "Юг-Ахмат" вовшахтохарх дIахаийтира стохка мангал-баттахь. Кадыровс дийцарехь, оцу дакъошка йазвина ву кхо эзар гергга стаг – уьш берриг а Нохчийчуьра бахархой бу.
  • Кавказ.Реалиин сайтана хууш, Украинерчу тIамехь вийна Нохчийчуьра 219 вахархо, и зераш а дуьззина доций хууш ду. "Кавказский узел" гIирсан лараршца, Iедалхоша II7 валар бен тIечIагIдина дац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG