ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинерчу тIамехь Оьрсийчоьнан къилбера а, Къилбаседа Кавказера а 3000 сов эскархо кхелхина


Украинан Донецкан кIошт, Авдеевка, 2023-чу шеран оханан-беттан 4-гIа
Украинан Донецкан кIошт, Авдеевка, 2023-чу шеран оханан-беттан 4-гIа

Оьрсийчоьнан къилбера а, Къилбаседа Кавказера а кхин а 23 эскархо Украинерчу тIамехь валарх хиъна. Къилбаседа ХIирийчуьра виъ а, Ростовн кIоштара виъ а, Кхарачой-Чергазийчуьра а, Краснодаран кIоштара, Волгоградан махкара а кхоккха, шиъ Дагестанера, цхьацца ГIалгIайчуьра а, ГIалмакхойчуьра а, Ставрополан а, Астраханан а кIошташкара ву.

Къилбаседа ХIирийчоь

Ростовн кIошт

Кхарачой Чергазийчоь

Оцу кхааннех а гучуделира меттигерчу Iедалхойн хаамашкара, беллачийн гергарчарна совгIаташ дIалуш, беллачех кхин совбаьхна хаамаш бац, йаздо "Кавказский узел" ресурсо.

Краснодаран кIошт

  • Лукьянов Максим – Апшеронан кIоштара Нефтегорск эвлара вахархо
  • Сергеев Георгий –Адлеран вахархо, казак, БАРС-IIрезервистийн тобанан эскархо
  • Сорокоумов Евгений – 23 шо, Отрадненскан кIоштан вахархо, "ЧВК Вагнеран" йолахо, вийна Бахмутана гергахь зазадокху-беттан 8-чохь

Волгоградан кIошт

  • Качапкин Андрей – 40 шо, Новоаннинскан кIоштара Полевой поселкера вахархо, тутмакхашлахь тIаме хьийсийначарех вара иза, наркотикашна тIехула чувоьллина
  • Краснов Никита – 31 шо, Волгоградан, сержант, контрактхо, вийна оханан-беттан 4-чохь. Хьалхо Красновс дакъалаьцна Оьрсийчоьно Шемахь бинчу тIамехь
  • Сухов Александр – 47 шо, Волгоградан вахархо, мобилизаци йинарг, вийна оханан-беттан 5-чохь

Дагестан

И ший а хьахийна ву кIоштийн администрацийн хаамашкахь, церан доьзалшна гIо дечу барамех лаьцна хоуьйтуш, кхин сов информаци йац.

ГIалгIайчоь

  • Дзангиев Зелимхан – 20 шо, Сунжан кIоштара Нестеровская станицера вахархо, вийна стохка зазадокху-беттан 26-чохь Мариуполехь

Дечкен-баттахь Кавказ.Реалии сайто хаамбира Къилбан гонашкарчу тIеман кхелехь дIахьочу ГIалгIайчуьра эскаран гIуллакх дечу Дзангиев Исмаилан процессах лаьцна, иза бехкевора шеца гIуллакх дечу накъостана тIелатарна. ХIетахь къаьстира, Дзангиев Исмаила Мариуполехь тIемаш боьлхучу меттигехь шен лазийна, шеца цхьана эскарехь хилла ваша Зеламха лоьхуш хиларх. Зеламха стенгахь ву дийца командир ца хIоьттича, Исмаила юьхь тIе герз тоьхнера цунна. Делахь а, Дзангиев Зеламхин кхолламах лаьцна хIетахь хууш хIума дацара. Иза йинчу чевнех веллийла хиира дукха хан йоццуш.

ГIалмакхойчоь

Ставропол-мохк

  • Заев Александр – 32 шо, Ставрополера вахархо, вийна Бахмутна гергахь зазадокху-беттан 19-чохь

Астраханан кIошт

  • Гаирбеков Руслан – 36 шо, Харабалинскан кIоштара Заволжское эвлара вахархо, "ЧВК Вагнеран" йолахо, тутмакхашлахь тIаме бахийтинчарлахь вара иза. Хьалхо ша дина зулам бахьанехь набахтехь хан йоккхучу заманчохь шеца цхьаьна волчу тутмакхан могушаллина зен дарна юха а таIзар динера цунна.

Оьрсийчоьнан къилбера а, Къилбаседа Кавказера а Украинерчу тIамехь беллачех Кавказ.Реалиина хуу терахь 3012 стаге даьлла – Кубанехь "ЧВК Вагнеран" тобанера дIавоьллина 600 сов стаг ца лерича а. Зорбанан гIирсийн хаамаш тIехь, Iедалхойн дIахьедарш тIехь, бакъонашларйархойн информаци тIехь, шайн хьастийн хаамаштIехь а вовшахтоьхна ду и ларарш. Билггал кхин а алсам хила тарло байинарш.

  • Оьрсийн Би-би-си-н" а, "Медиазонан" а лараршца, оханан-беттан 7-чохь Украинехь I9 688 Оьрсийчоьнан эскархо кхелхина. "Би-би-си-но" мах хадорца, меттигерчу администрацера а, зорбанан гIирсашкара а, уьш дIабоьхкинчу меттигашкара а кхаьчначу информацица, байинчех хIоттийначу тептарехь 40-60% кIезиг хила тарло беллачийн цIераш, Оьрсийчохь баккъал а дIабоьхкинчарел а.
  • Оьрсийчоьнан тIеман министралло шозза гIараяьккхира эшамех лаьцна информаци: Зазадоккху-беттан 2-хь дуьйцура 498 стеган кхалхарх, Зазадоккху-беттан 25-хь – 1 351 стеган. Гезгамашин-беттан 21-чохь тIеман министро Шойгу Сергейс дIахьедира, 5937 стаг ву велларг аьлла. Украинхойн агIоно чIагIдо, оьрсийн эскаршна хилла эшамаш кхин а лакхара бу бохуш.
  • Стохка охан-беттан 20-чохь дийца даьккхира, Оьрсийчоьрнан тIеман министралло Украинехь беллачех хаамаш къайлабаха сацамбарх. Товбеца-беттан 6-чохь Калининградера кхело Псковн кIоштара беллачех хIоттийна тептар йихкина материал лерира, оцу тIера хаамаш пачхьалкхан къайле ю, и хаамаш баржийначунна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх долор ду аьлла. Цул тIаьхьа хIинццалц схьа беллачех ларарш дечу цхьа могIа регионалан зорбанаша шайн тептарш дIадехира.
  • Нальчик гIалин кхело мангал-беттан 17-чохь сацамбира, Украинерчу тIамехь байинчу Оьрсийчоьнан эскархойх хаамаш баржон украинхойн Оnline.ua хаамйин агIо дIакъовлуш сацамбарх.
  • Кху шарахь зазадокху-беттан 18-чохь Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира куьг йаздира бехкзуламан а, административан а кодексашкахь хийцамаш беш, Украинерчу тIамехь дакъалоцучарна "дискредитаци" йинчунна жоьпалла тIедожош, иштта царлахь бу "лаамхой а, Оьрсийчоьнан эскарна тIедехкина декхарш кхочушдарехь гIо латтон организацеш а, нах а". Хетарехь, бина химйцамаш кхочушбан болийчхьана Оьрсийчоьнан зорбанан хаамашна дихкина ду, "лаамхойн" тIеман вовшахтохараллийн криминалан хилларг ду баха а. Хьалхо и дехар динера Володине "ЧВК Вагнеран" долахочо Пригожин Евгенийс.
  • 2023-чу шеран зазадокху-баттахь Буьри-ГIалин гарнизонан тIеман прокуроран искашца дIакъевлира, Оьрсийчоьнан эскарера Украинана дуьхьал болийначу тIамехь хуьлучу эшамех йазден йиъ ресурс. Оцу массо а гIуллакхехь прокуратура тIетовжу пачхьалкхан къайленна а, персонал хаамаш Iалашбарна а.
  • 2023-чу шеран оханан-беттан 11-гIа – 412 –гIа де ду Украинехь тIом боьду. Авдеевка гоне йерзон гIерта Оьрсийчоьнан эскарш, артиллерих а, авиацих а пайдаоьцуш. Бахмутехь дIахьош бу къиза тIемаш. Оккупаци йинчу Ирпенехь бахархошца шогалла лелийначу оьрсийн эскархочунна кхел йийр ю Украино. Оьрсийчоьнан тIелатаро шайн социалан-экономикан хьолана динчу зен мах 700 миллиард долларшкахь бу аьлла, хадийна Украинан Iедалхоша. Белгородехь охьайоьжна, иккхира хьенан йу ца хуу дрон.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG