ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинерчу тIамехь велла Оьрсийчоьнан къилбера а, Къилбаседа Кавказера а 9000 эскархо


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Оьрсийчоьно Украинана буьззинчу барамехь тӀелатар долорца Кавказ.Реалиин редакцино шайн мониторинг йолийра оцу тӀамехь Оьрсийчоьнан эскарна хуьлучу эшамех кхочучу хаамийн. Карарчу хенахь Оьрсийчоьнан къилбан а, Къилбаседа Кавказан а регионашкара байинчу тӀеман эскрхойн тептарехь ву 9046 стаг – Кубанерчу кешнашкахь дIабоьхкина ЧВК "Вагнеран" 850 гергга йолахойца лерича.

И тептар 1000 стагал совделира 2022-чу шеран товбеца-беттан 29-чу дийнахь, вуьшта аьлча, тӀом болабелла пхи бутт баьлча, ткъа 2023-чу шеран дечкен-беттан 10-чу дийнахь, кхин а пхи бутт ах бутт баьлча, 2000 стаге кхечира. Цул тӀаьхьа байинчу нахах хаамаш баржар алсамделира, хӀора эзар стаг валарх хаамаш гулбала буьйлабелира кхаа баттахь гергга. 3000 эскархо кхалхарх дийцадаьккхира охан-беттан 11-чохь, 4000-х товбеца-беттан 12-чохь, 5000 веллачух 2023 шеран гIадужу-беттан 16-чохь, 6000-х хиира 2024-чу шеран дечкен-беттан 16-чохь, 7000-х хаийтира 2024-чу шеран зазадокху-беттан 18-чохь.

Ши бутт ах бутт хан йелира вийначу бархI эзарх хаамаш гулбан (2024-чу шеран мангал-беттан 3-гӀа де) а, исс эзарнах лаьцна информаци гулйан ши бутт ахбутт ийшира. Амма иза эшамийн бакъйолчу динамикаца доьзна дацара, хьалхо байъинчу нахах дикка алсам информаци гучуйаларца доьзна дара. Цу кепара, иссалгӀачу эзар тептар тӀера лаххара а 275 стаг велла 2022-чу, йа 2023-чу шерашкахь; билггал долу и терахь кхин а лакхара хила тарлуш ду. ХӀунда аьлча, дукха хьолахь вийначу эскархочух гIарадолу, цунна веллачул тӀаьхьа совгӀат деш, йа мемориалан барам хIоттийча. Цу тIехь а иза велла де билгалдоккхуш дац.

Бевзаш болчу беллачарна йукъахь ву лаххара а 702 ЧВК "Вагнеран" йолахо, мел лаххара а пхиъ ЧВК "Редутан" йолахо ву, цӀе ца йоккхучу ЧВК йукъахь тӀом бина кхин а 10 стаг а, тӀеман министраллан "Шторм Z" дакъойн лаххара а 40 йолахо а. Верриг а тутмакхашна юкъара дӀаэцна лаххара а 319 стаг. Иштта хууш ду, мел кIезиг а 704 мобилизаци йина хилла стаг вийна хиларх а.

Вийначех лаххара а 667 стаг эпсаран даржехь вара. Ишта хууш ду вийначу шина инарлах а, 29 полковниках а, 52 подполковниках а, 92 майорах а, 128 капитанах а. Верриг а 330 лакхара лейтенант, лейтенант, лахара лейтенант а ву, кхин а 34 стаг эпсаран даржехь вара, цунах лаьцна къасто аьтто ца баьлла. Цу терахьашна йукъахь бу полисхой а, юстицин белхахой а, орцан министраллан а, таӀзарш кхочушдаран федералан сервисан а белхахой а, резерван эпсарш а.

Беллачарна юкъахь ву ши салти а. Волгоградан кӀоштера Школин Андрей Белгородан кӀоштахь гӀуллакх деш вара, 2023-чу шеран аьхка Украинан агӀорхьара минометаш тоьхна вийра иза. Ткъа Ростов кӀоштара Добродумский Артем вийра кху шеран марсхьокху-баттахь Украинан тӀеман ницкъаш Курскан кӀоштахь тIелетча. Верриг а Кавказ.Реалиин редакцина вевзаш Курскан кӀоштахь вийна Оьрсийчоьнан къилбан а, Къилбаседа Кавказан а регионашкара йалх эскархо.

Цул совнах, эскаре тӀекхайкхина волу Иркутскан кIоштара схьаваьлла, "Новороссийск" десантан кеман тӀехь гӀуллакх дина Сочера вахархо Корф Кирилл ву тӀепаза байначийн могIарехь. "Новороссийск" хIаллакдира 2023-чу шарахь гIуран-беттан 26-чу буса украинхоша динчу ракетийн тӀелатарца.

Ишта хийцадалаза ду тIамехь байъинчу зударийн терахь, шиъ йу и: Волгорадера ефрейтор Савицкая Анастасия а, Ростовн кIоштара тIеман лор Садкова Елена а.

ТIамехь беллачийн йуккъера хан йу 34 шо. Редацина хуучех итт эскархочун дара 18 шераш, 19 шераш долу- 49 стаг, 20 щаре ваьлла – 91 вара. 50-59 шераш долуш велла ву – 292 стаг, 60 шо долуш, кхин а воккха а – 34 стаг ву, уггар а воккхачун ду 69 шо.

Оьрсийчоьнан къилбера а, Къилбаседа Кавказера а белларш иштта дIанисбина, терахьалле хьаьжжина:

  • Краснодар-мохк – 2228 стаг;
  • Волгоградан кIошт – 1365 стаг;
  • Ростовн кIошт – 1345 стаг;
  • Дагестан – 1123 стаг;
  • Ставрополь-мохк – 805 стаг;
  • Къилбаседа ХIирийчоь – 598 стаг;
  • Астраханан кIошт – 598 стаг;
  • Нохчийчоь – 290 стаг;
  • ГIебарта-Балкхаройчоь – 179 стаг;
  • ГIалмакхойчоь – 155 чстаг;
  • Адыгей – 134 стаг;
  • Кхарачой-Чергазийчоь – 128 стаг;
  • ГIалгIайчоь – 98 стаг.

Регионан бахархойн терахье хьаьжжина, уггар дукха хууш ду белларш Къилбаседа ХӀирийчохь хилар, лаххара — ГӀалгӀайчохь, ткъа Къилбаседа ХӀирийчуьра бахархойн дакъа республикин бахархойн терахьел диъазза ах сов алсам ду. Иштта, Астраханан кӀоштахь а, ГӀалмакхойчохь а, Краснодаран махкахь а макрорегионан йуккъерчу барамел сов ду беллачу бахархойн терахь.

Билгалдаккха догIу, и хаамаш хаа а хууш, биллгал долчел а лахара хилла ца Iаш, цара гойтуш ца хила тарло бакъболу регионан барамаш. ХӀунда аьлча эшамех лаьцна информацина тIекхача Ӏаткъам бо, беллачех хаийта администрацеш кийча хиларо, белларш дӀабоьхкина меттигаш дӀайазъйеш болу волонтераш хиларо йа ца хиларо, меттигерчу зорбанан гӀирсийн а, телеграм-каналийн политико а.

"Кавказский узел" гIирсан лараршца, марсхьокху-беттан 21-чохь къилбан а, Къилбаседа Кавказан а регионийн Iедалша а, пачхьалкхан организацеша а тIечIагIдина 4752 стаг велла хилар.

"Кавказский узел" хьастан а, Кавказ.Реалии сайтан информаци йустаро аьтто бо "информацин тӀегӀанан" мах хадо. Вуьшта аьлча, мухха делахь а официалехь белла аьлла тIечIагIдинчу массо а хьостанашкара девзаш долу беллачеран терахь. Къилбаседа Оьрсийчоьнан а, Къилбаседа Кавказан а массо а регионийн йуккъера "хаамийн тӀегӀа" 52% йу, аьлча а, эханнал сов. Уггар лахара мах бу Краснодаран махкахь (24%), уггар лакхара бу ГӀебарта-Балкхаройчохь (88%).

2024-чу шеран марсхьокху-беттан 9-чохь долчу хьолаца, Оьрсийн "Би-би-си" сервисо а, "Медиазонас" динчу зерашца, Украинерчу тIамехь 63 154 Оьрсийчоьнан эскархо велла.

  • Кавказ.Реалиино хIоттийначу тептаро дерриг хьал ма-дарра ца гойту. Цкъа-делахь, Iедало ца лууш дуьйцу беллачех лаьцна, иштта хаамаш гулбан, цхьанатоха дуьхьало йо. ШолгIа-делахь, байъиначийн гергарчу наха массара ца лелайо социалан машанаш, йа вуьшта ца дуьйцу шайх лаьцна. КхозлагIа-делахь, арахецначу хаамаша аьтто ца ло вийнарг а, цуьнан статус а йовза, масала, и веха меттиг ца йуьйцу, йа цуьнан фамили дукха йаьржина хуьлу – тIаккха иза хьалхо тептарехь вазвина хила тарло, йа цунах лаьцна хаамаш чухIоттийначу кошера чурта тIехь гуш ца хуьлу. ДоьалгIа-делахь, тIемаш боьдучера схьадеана дерриг декъий билгалдаьхна дац.
  • Ма-дарра аьлча, Кавказ.Реалиино бечу талламо и нах байъина хиларх хаам ло, амма кIезга хIума хаа йиш йу эшамийн динамикех, структурех а. Иштта редакцино дийцира, тIамехь байъинчех муха дуьйцу хьаькамаша а, пачхьалкхан хьукматаша а, Iедалан куьгкIелахь йолчу зорбанаша а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG