ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинхоша йийсаре лацарна бекх баьккхина Кадыровс нохчашкара


Кадыров Рамзан. Архивера сурт
Кадыров Рамзан. Архивера сурт

Украинехь йийсаре кхаьчна хилла болчу нохчийн эскархошца цхьаьнакхета дуьхьал хилла Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан – тоъал кечам ца бинера аьлла бехк баьккхина цо цаьргара, иштта дIахьедина, "шайн лаамехь карабахна цахиларан тоьшалла деш", йуханехьа фронте баха беза уьш аьлла.

ТАСС зорбано йаздина ма-хиллара, буьйцурш бу "Север-Ахмат" полкан эскархой: Исмаилов Зелим, Юнуев Жабраил, Тасуев Апти, Гайтамиров Салахь, Хамидов Тамирлан а. Йийсарехь биъ бутт баьккхина боху цара.

Маьршабаьхначаьрца нохчийн парламентан спикер Даудов Мохьмад цхьанакхийтира. Амма республикан куьйгалхочо критика йинехь а, цо царах "стогаллехь а, шен даймохк ларбарехь а масала гайтина" болу "бакъболу нохчий" аьлла. Амма уьш кIелхьарабахар Даудовс Кадыровна тIейаздина.

Шен телеграмерчу каналехь масалина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Мусиханов Киргиз валийна – шена чов йича, йийсаре а кхаьчна, республике йуха ша верзийча, йуханехьа тIом бан вахана иза. Амма иза шаьш кIелхьараваьккхина бохура Ичкерин агIончаша а, Нохчийчоьнан Iедало а. Масала, Нохчийн республика Ичкерин арахьара премьер-министр волчу Закаев Ахьмадца цхьанакхетча, ша шен лаамехь йийсаре кхаьчна олу Мусихановс, амма Закаевс нисво иза, массарна а хууш ду, цо дуьхьало йина хилар, олий билгалдоккхуш.

  • Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана ша тIаьхьаваьлла лелар ву аннекси йинчу ГIирман бусулбачу нехан динан Урхаллин куьйгалхочунна Рустемов Айдерна – ишта реакци йина цо йийсаре лаьцна болчу нохчийн эскархошца цо къамелдарна. Политико дIахьедина, йийсархой Оьрсийчу кхачахь, уьш оцу сохьтехь тIаме йухаберза беза, Рустемовна дIадекъархьама.
  • Кавказ.Реалиина еллачу интервьюхь украинхойн блогеро Золкин Владимира дийцира, шен роликийн турпалхойх хиллачух, кадыровхойх уггар лакхара мах стенна хIоттийна а, Оьрсийчоьнан салташца Украинера муфтий цхьаьна хIунда кхеттера а.​

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG