ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинхойн лерринчу сервисийн гIоьнца Чехера шен говр лачкъийна ша аьлла Кадыровс


Зазу говр йу Чехерчу божал чохь, 2012 шо
Зазу говр йу Чехерчу божал чохь, 2012 шо

Зазу цIе йолу Чехерчу божал чохь латтош хилла йолу шен говр украинхойн лерринчу сервисийн гIоьнца лачкъийна ша, аьлла дIахьедина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Шен дешнашна тоьшаллаш цо ца далийна.

Чехерчу полицехь дуьхьал хилира цуьнан дIахьедарна комментари йала, амма элира, говр лачкъорна тIехула долийна гIуллакх толлуш ду. Кадыровн дешнашна карарчу хенахь Украинехь а ца йина комментари.

"Шо долалуш украинхойн лерринчу сервисийн белхахой соьца зIене бевлира кхечу нахехула – Зазу эцар хьийхира цара суна. Царна хаьара, мел чIогIа хьоме йу суна и говр – дера со реза-м хилира… Лерринчу сервисийн вуно чIогIа план йара – цара иза Чехерчу полисхошца барт бина, божал чуьра лачкъийра", – йаздира Нохчийчоьнан куьйгалхочо шен телеграмерчу каналехь.

Цо бахарехь, говрах 18 эзар доллар охьадиллина ша, ткъа хIинца Зазу "цIа йалош йу".

Дагадоуьйту, 400 эзар чехийн кронаш мах бу бохура Чехерчу полицино оцу 16 шо долчу говран, аьлча а, 18 400 доллар. Амма зазадоккху-баттахь говр лачкъийна аьлла болчу хаамна реакци йеш Кадыровс дIахьедира, цуьнан мах мел кIезга а 10 млн доллар бу аьлла.

Чехийн Jezdci.cz сайто йаздарехь, Зазу лачкъо гIиртира 2022-чу шеран дечкен-баттахь а, Оьрсийчоь Украине чугIорта кIезга хан йиссале – хIетахь оьрсийн мотт буьйцу ши стаг гIоьртина хиллера говр Польше дIайига, амма божалан долахочо дуьхьало йина царна.

Зазу - иза Кадыровн долара даьхнийн дакъа ду, 2014-чу шарахь ГIирмана Оьрсийчоьно аннекси йиначул тIаьхьа Iедало схьайаьккхина йу иза. Масала, говр Евробертан дозанера дIайига ца мега, ткъа говраш уьдуш болчу къийсамашкахь даьккхина ахча Кадыровн чоьташка даккха ца мега. Шена, шен доьзална, "командина" а дуьхьал йаьхначу санкцийн хьалара ижу йу элира Кадыровс Зазу. Цо бахарехь, "говр лачкъийнарш вуно хIилла долуш бу: санкцешкахь йолу говр лачкъо Iовдал бу, амма полицина и гучу ца далийта говза бу".

  • Зазу цIе йолчу говран баккъалла болчу мехах лаьцна хIумма а хууш дацара. 2015-чу шарахь Кадыровн говранийн Чехерчу тренеро Шавуев Арслангирейс дийцира Радио Свободе, божал чохь латтош нохчийн политикан пхи говр йу, шайлахь лачкъийна йолу Зазу а йолуш – цуьнан баккъалла болу мах Шавуевс ца элира, "вуно дукха ахча доьхура цунах", аьлла билгалдоккхуш. Цо бахарехь, кхинйолчу цуьнан говранийн мехаш 15 тIера 140 эзар евро кхачалц бу (таханалерачу курсаца, 15,8 а, 147,5 эзар а долларш). Амма 2017-чу шарахь Чехерчу 420on.cz сайто оцу акхаройн мах 6 млн доллар бу элира – муьлхачу хаамаш тIехь бинера и сацам, хууш дац. Шавуевс бахарехь, уьш лелорна хIора баттахь 3-4 эзар евро деза.
  • Зазу цIе йолу говр хьалха а нислора хаамийн гIирсийн агIонашкахь - 2014 шарахь Немцойн махкахь даьккхина 2 эзар евро схьа ца делира Кадыровна, санкцеш бахьана долуш. 2015-чу шарахь Кадыров Рамзанна ца магийра говранийн идаршкахь ахча даккха а, шен говраш дIайига а – уьш Чехехь йиссира (шайна тIе дойъу ахча цара даьккхинчу ахчана тIера схьа а оьцуш).
  • Коррупцина дуьхьало латточу талламийн а, инициативийн а "Трансперенси Интернешнл – Россия" проекто дийцира, 2014-2018 шерашкахь Чехехь хиллачу говрийн идаршкахь Кадыровн говраша даьккхинарг 110,5 млн сом дара, Немцойн махкахь - 1 млн сов сом (2014-чу шеран Централан Банкан курсаца), амма Американ а, Европан а санкцеш бахьана долуш и ахчанаш Кадыров Рамзанна дIаделла дац.
  • Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан долахь йолчу говраша 2019-чу а, 2020-чу а шерашкахь говрашхахкарехь даьккхира 33 миллион 724 эзар сом, хаамбира МБХ медиа" гIирсо. Немцойн Turf-times портало дийцарехь, 2019-чу шарахь Кадыровн говраша дакъалецира Дубайхь хилла кхаа говрашхахкарехь, цара даьккхира 236, 182, 29 эзар евро.
  • 2021 шеран лахьан-баттахь Кадыровн говр лелош волу Самара Сатиша лицензих ваьккхира Iарбойн Эмираташкарчу Iедало. Американ санкцеш йара и новкъарло йинарш.
  • Нохчийчоьнан куьйгаллхеь ву Кадыров 2007-чу шарера схьа дуьйна. ХIетахь дуьйна масийттазза бехкевора иза адамийн бакъонаш талхорна, цунна луьйш берш лечкъорна а, байарна а жоьпалла политикна тIе а дуьллуш. Нохчийчоьнан куьйгалхочунна дуьхьал санкцеш йаьхна Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа а, Евроберто а. Оьрсийчоь шуьйрачу тIамца Украине чугIоьртинчу тIаьхьа Кадыровх уггар а коьрта тIеман пропагандист хилира,регионан урхалхочо кест-кеста дIахьедо йолахой тIамтIе хьийсорах, кхерамаш туьйсу президентана Зеленский Владимирна. Цул совнах, Оьрсийчоьно зарратан герзах пайдаэца тардаларх а хьахийра цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG