ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинхойн йийсархой оьцу нохчийн эскархоша шайн накъосташца хийца


RUSSIA, GROZNY
RUSSIA, GROZNY

Оьрсийчоьнан кеп-кепарчу дакъошкара йийсаре эцна украинхойн салтий нохчийн эскархоша мехах схьа а оьцуш, Соьлжа-ГIала дIа а буьгий, цул тIаьхьа шайн накъостех дIасахуьйцу. Ингалсан The Times хьостаца хиллачу къамелехь цунах лаьцна дийцина тIеман йийсархойн гIуллакхашкахула йолчу украинхойн координацин штабан векало Яценко Петра. ГIирсо ишта дуьйцу цхьана воьхкинчу салтичун кхолламах.

Украинан 41 шо долчу вахархочо Левицкий Вячеслава дIахьедина, Оьрсийчоьнан эскаршна йийсаре вахнера ша стохка чиллан-баттахь, Украинан Донецкан кIоштара Авдеевка эвлана гергахь рейдаш йечу хенахь ший а ког лазош. Цо бахарехь, Оьрсийчоьнан эскархоша лоьралла а дира цунна, масех де даьлча нохчийн дакъошка дIавелира иза.

Соьлжа-ГIала дIавигина Левицкий, дарбан цIийне охьавиллира – дарба ца деш витарна а, шелонна а куьйгаш, когаш дIадаьхнера цуьнан. Жимма цунна гIоле хилча, украинхо ларми чу воьллира, цигахь вара 60 гергга цуьнан махкахо. Стохка мангал-баттахь цхьаберш дIасахийцира кадыровхошца, чIагIдо Левицкийс.

2023-чу шеран товбеца-баттахь Левицкийн истори йийцира иштта украинхойн ТНС телеканало а. Сюжетехь дийцарехь, шозза ларми чохь латтийна хилла украинхо – йуьхьанца оккупаци йинчу Донецкехь, цул тIаьхьа Соьлжа-ГIалахь а. Цул совнах, Левицкийца цхьана йийсарехь хиллачу шолгIачу тIемалочун цIе а йаьккхина – Потремай Сергей.

Потремайс бахарехь, сепаратистийн ДНР-н ларми чохь цхьа бутт ахбутт баьккхина цо – цунна йеттара, электрошокер йиттира, тоьпаш тухур йу бохуш, кхерамаш туьйсура, мацаллин бала а хьегийтира. Цул тIаьхьа тобанан декъехь кадыровхошка дIавелира иза. Потремайс чIагIдо, Соьлжа-ГIаларчу лармаш чохь 39 украинхойн тIемалой бара, 60 вацара бохуш. 2023-чу шеран мангал-баттахь царех исс стаг хийцира.

Билггал маса украинхойн йийсархо Нохчийчу дIавигина, хоуьйтуш дац. Иштта къаьстина дац, карарчу хенахь а цаьрца йохка-эцарш лелош ду йа дац, мел даьржина хIума и ду а. Оцу хьолах лаьцна комментарий йина йац йа тIеман министраллин куьйгалло а, йа Нохчийчохь а.

  • Карара шо долалуш Кадыров Рамзана дIахьедира украинхойн йийсархой хуьйцур бу ша Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа цуьнан доьзална тоьхна санкцеш йухайахахь аьлла. Оцу хаамо эргIадбахийтира Оьрсийчоьнан милитаристийн блогерш а цхьаьна – Нохчийчоьнан куьйгалхо бехкевира "адамаш дохкарна". Цул тIаьхьа шен дIахьедар "троллинг" йара элира цо, амма Кавказ.Реалиино хеттарш динчу политологашна хетарехь, йуьхьанца дуьйна а цо аьлларг боккъал а дара, и бохург ду Малхбузено Оьрсийчоьнан элитина дуьхьалйаьхна санкцеш болх беш йу.
  • Украинехь йийсаре лецна кадыровхой маса хьуйцу, Оьрсийчоьнан армин кхечу дакъошкара эскархойл а. Цунах лаьцна дIахьедира украинхойн "Ищи своих" телеграм-каналан авторо Золкин Владимира а, Украинин агIо лаьцна тIом беш волчу Гуьржийн легионерчу буьйранчас Мамулашвили Мамукас а.
  • Бахмутана гергахь йийсаре лаьцначу "Ахматан" тобанхочо дIахьедира, кадырохвоша "шайнаш ларбо", штурме хьийсадо Нохчийчуьра бахархой йукъахь боцу дакъош. Кавказ.Реалиин редакцино теллира тоххара йийсаре эцначу "Ахматан" эскархойн видеош, уьш берриш а аьлча санна цхьана а агIор боьзна бацара республикаца, кадыровхойх а ларамза дIакхетта хиллера уьш. Дукхахболчара дIахьедо цхьана кепара проблемех – тIеман гIирс цатоар, буьйраллица зIе ца хилар, нохчех болчу эскархойн йолу бакъонаш цахилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG