Укрианера тIом дIабирзича, Польшина денацификаци а, демилитаризаци а йан ойла хиларх дийцина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Ишта реакци йина цо, Польше америкхойн герз кхача мега бохчу хаамна.
Шен телеграмерчу каналехь Кадыровс критика йина Польшо Американ Цхьанатоьхначу Штаташкара орца дехарна, дIахьедина цо, Оьрсийчоьно "йерриг Европехула сатанизмаца тIом бан беза кхин дIа а" аьлла. ТIаккха Силезскан автономехь референдум йар къадийна Нохчийчоьнан куьйгалхочо (1945-чу шарахь дуьйна шен доккха дакъа Польшан дозане дирзина регион йу иза – Билг.), оцу гIуллакхехь Оьрсийчоьно "кечамашца гIо дан мега" аьлла цо.
Хьалхо Польшан президентан дуьненайукъарчу политикан канцелярин куьйгалхочо Пшидач Марчина дийцина журналисташка, Американ президент Джо Байден варе хьоьжуш ду шаьш аьлла. Цо бахарехь, Польшина америкхойн герз оьшу, Украине дахьийтина герз меттахIотторхьама.
- Украинхойн Донецкан кIоштара Пески эвла схьаяьккхина аьлла, дIахьедира Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, бархI де хьалха Оьрсийчоьнан тIеман министралло цунах лаьцна хаам бинчул тIаьхьа. Хьалхо хаамийн гIирсашна гучуделира, Кадыровн дIахьедарш Оьрсийчоьнан эскаран официалан зерашца догIуш цахилар. Масала, Украинехь шуьйра тIом болийначу хьалхарчу баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо 26-зза шен телеграм-каналехь дIахьедира, Мариуполь кеста схьайоккхург хиларх.
- ТIом болабелчхьана Кадыровс чIагIдора, "Оьрсийчоьнан эскаро Украинерчу маьршачу бахархошна тIелетарш ца до", "украинхошка уггар комаьрша йукъаметтигаш йу" бохуш. Амма цхьа бутт баьлча луларчу пачхьалкхана зарратан герзаца кхерамаш тийса хIоьттира иза, тIаккха йуха а элира цо и дешнаш.
- Кадыровн тобанашна бIаьста дуьйна интернетехь цIе тиллира "тикток-эскарш" аьлла – уьш юкъахь болуш Украинехь яьхна дуккха а видеош арахецарна. ХIетте а Нохчийчоьнан куьйгалхочо хIинца а тIамтIе хьийсош бу йолахой, уьш вовшахтуху йоллу Оьрсийчухула. Дийна биссинчара латкъамаш бо, шайна хьалхара дайа тийсара шьаш, ткъа юхадирзинчул тIаьхьа лур ду аьлла ахчанаш а ца лора бохуш.
- RA-73417 номерца долу Кадыров Рамзанан долара кема эха шарахь дуьххьара радашна тIехь гучудаьлла – мел кIезга а Мальдивашкахь кхо де даьккхина цо.