Ульяновскерчу набахтехь хенаш токхуш болчу Нохчийчуьра, Дагестанера виъ тутмакхо, Узбекистанерчу цхьамма а дIахьедина, набахтин белхахоша шайна тIехь ницкъбарх, динца доьзна сийсазаллаш шайца лелорах а. Цунах лаьцна Кавказ.Реалиин сайте дийцина бакъоларйаран "Гражданское содействие" проектехь – оцу нехан гергарчу наха орца дехна хиллера цаьрга.
Ницкъбарца кхерамаш туьйсуш, коьртара месаш йахийтарх, йерриг маж дIайаккхийтарх дийцина кхаа тутмакхо. Шайн дино ма-бохху, мажан цхьа дакъа а цаьрга ца дитийта, цигарчу белхахоша месаш йохучу гIирсана тIейохкурш кегйина хиллера. Цхьаволу тутмакх йерриг месаш дIайаха дуьхьал хилча, ФСИН-н белхахочо цунна йиттина хиллера. Цо лелочунна дуьхьало йеш, шогачу кепехь ирбина сара Iоьттина хиллера цо шена пIендаршна йукъа. Операци йан дийзира цунна.
Дарбан цIийнера йухавирзича тутмакхна йуха а йиттира, цуьнан хIуманаш схьайехира, цо лелочу динна тIехула маьттаза къамелаш дира, бехктакхаман гIуллакх тIекхолларца кхерамаш тийсира.
Цигарчу УФСИН-н хьукматана хьалха а бора латкъамаш, дуьйцу Къилбаседа Кавказерчу тутмакхашна гIо латточу программин координатор волчу Титиев Оюба. Чохь латточу наха дийцарехь, цаьргара ламазан кузнаш, КъурIанаш схьадохура, леррина церан кхачана йукъа хьакхин жижиг тоссура, мацаллица цаьрга дин лелор сацадайта гIерташ.
"Оха цига адвокат хьажийра, Къилбаседа Кавказерчу тутмакхашка хеттарш дира цо. Оцу хаамашна тIехула прокуратуре латкъамаш хьажийна", – тIетоьхна бакъоларйахочо.
Товбеца-баттахь омонхоша талламаш бира Подмосковьера Котельникашкара маьждигехь: ламаз йукъахдаьккхира цара, мачашца кузаш тIехула а лелаш, ткъа и кеп бусулбанашлахь магийна йац. Инциденто эргIадбахийтира Кавказера хьаькамаш, ницкъахошна таIзар дар тIедожийра цара. Амма оцу реакцино цхьана а агIор Iаткъам бийр бац полисхоша пачхьалкхера маьждигашкахь рейдаш латторна, аьлла хета эксперташна.
- Оьрсийчоьнан набахтешкахь нахана таIзараш муха до хьалхо Кавказ.Реалии редакцига дийцира Gulagu.net проект йолийначу Осечкин Владимира а, Гарвардан университетан белхалочо, докторо Миронова Верас а.
- 2021-чу шарахь девнаш цахилийтаран, анализан Центро "Къилбаседа Кавказера бусулбанаш Оьрсийчоьнан набахтешкахь" цIе йолу тептар кечдира. Бакъоларйархойн хаамашца, ислам дин лелориш набахтешкахь уггаре чIогIа хьийзош бу. Царна таIзараш до, царна йетта йетта, кхечу тутмакхашка гIелонаш йойту.