Нагахь санна, карарчу хенахь „даималера тергамхо“ аьллачу хьесапехь цу къаьмний юкъараллин декъа йолчу Палестинин цIе „пачхьалкхе-тергамхо“ бохучунна хийцахь, иза вуно боккха кхиам хир цу дуккхаъ шерашкахь шен бакъонашкахь къуьйсуш йолчу Малхбалерачу пачхьалкхан арахьарчу политикехь.
Аналисташа дийцарехь, и статус хийцаро Палестинина бакъо лур ю, уггаре а хьалха, дуьненаюкъарчу институцешкахь Израило шен лаьттанашна йина оккупаци сацайе боху хаттар айдан а, цу некъа тIехь аьттоне гIулчаш яха а. Цул совнаха а, вуно мехала ду иштта цу хиламо палестинхошна Цхьанакхетачу къаьмнийн Юкъараллин Дуьненаюкъарчу Зуламийн Кхеле Израилан леламашна латкъамаш бан бакъо луш хилар.
“Пачхьалкхе-тергамхо“ цIе йолчу статусо Палестинина шен бакъонашкахь а, аьттонашкахь а алсамох а, шуьйрох а къийса гIо дийр ду, иштта цуьнан дуьненан юкъараллин накъосталле догдаха йиш хир ю, нагахь санна шена дуьхьала арахьара цхьа агресси йича“, - элира цу хьокъехь Палестинин дипломата Арикат Халида.
Дукхаъчу Европерачу пачхьалкхаша шаьш Палестинин лехам къобалбийр бу, аьлла дIахьедар дина.
Ишттачарна юккъехь ю Франци а, Британи а, Австри а, Норвеги а, Швейцари а, Испани а, цхьа могIа кхин а. Ма-дарра аьлча, Европерачу нуьцкъалчу пачхьалкхашна юккъехь ша Палеститинин статус лакхаяккхарна дуьхьала кхаж тоссур бу аьлла гаррехь дIахьедар динарг цхьа Германи бен яц.
Иза кхеташ а ду, хIунда аьлча наци заманчохь 6 миллион жуьгти верна бехке еш йолчу Германис ШозлагIа Дуьненан тIом дIабаьллачул тIаьхьа даима чIогIа экама ларйо шен Израилца йолу юкъаметтигаш, Холокост а, антисемитизм а шена юхьа тIе ца тохийтархьама.
Тергамхошна хетарехь, Инарла Ассамблеин декъа йолчу дукхахчу пачхьалкхаша Палестинехьа гIо доккхур долуш ду. Кху деношкахь палестинхойн президента Iаббас Махьмуда дIахьедар дира, цу хаттарна тIехь шен махкана белшаш гIортон кийча шаьш хилар Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Юкъараллина декъа йолчу 193 пачхьалкхенах 132 хаийтина шега, аьлла. Ткъа статус хийцархьама цу юккъе йогIуш йолчу пачкхьалкхийн доккхачу декъо, ур-аталла цхьана озана хилла а, сов кхаж тессича а тоуьш ду.
ДуьнентIехь Палестинин статус хийцаяларна уггаре а чIогIа резайоцуш ши пачхьалкхе ю- Iамеркин Цхьанатоьхна Штаташий, Израилий. Израило дуьненан юкъаралло и сацам тIеэцахь, ша I993 шарахь Палестиница цуьнан къоман автономи кхолларах бина барт дIабохор бу ша, бохуш, кхерамаш туьйсу.
Ткъа Iамеркерачу сенатхоша кху деношкахь Палестинин куьйгалле кехат хьажийнера, нагахь санна, цо шен Инарла Ассамблее дина долу статус хийцарх дехар юха ца даккхахь, Iамеркано Палестинина деш долу гIо сацор ду, аьлла. Ткъа и гIо карарчу хенахь 192 миллион доллар шарахь ду.
Ала догIу, шен Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Юкъараллехь йолу меттиг гIолехьчу кепе яккха аьлла долу официала дехар Палестинан автономин куьйгалло 20II шарахь гIарадаьккхинера, ткъа цу хьокъехь дагадовларш цуо дIахьош долу ворхI шо а дара.
Палестинин куьйгалло дийцарехь, карарчу хенахь хIинцале а 118 пачхьалкхено къобалдина цуьнан йозуш цахилар.