ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Муьлш дукха бу Нохчийчохь: нохчий я китайхой?


Нохчийчоь - Оьрсийчоьн Де даздечу Соьлж-ГIаларчу гуламехь 100 эзар стаг хилла, гарехь дерриг а дика ду оцу нехан, 12Ман2012
Нохчийчоь - Оьрсийчоьн Де даздечу Соьлж-ГIаларчу гуламехь 100 эзар стаг хилла, гарехь дерриг а дика ду оцу нехан, 12Ман2012

Нохчийчоьнан Ιедалша, къам тΙеман кΙуьрлара а дадале, дозаллаш деш дуьйцу мохк дарех ден а белла, дахарца а, нехан таронашца а тоьллачу регионийн могΙара а баьлла, бохуш. Иза бакъдоцийла гойту статистика, тоьшаллаш дацахьара дара вуно дика...


Iедалан лаккхарчу хIусамашкахь кхайкхош лаьтташ ду, юккъерчу тIегIан бизнес махкахь когаяхийта, шорьян гIо дан а деза, цхьа гIуллакх доло гIертачу йохка-эцархошна некъ маьрша бита а беза, бохуш. Официало дечу дIахьедаршца цу декъехь, Iедалан структураша гIо дахь бен, цхьана а кепара дуьхьало еш яц Нохчийчохь. Базарахь цхьа хIума йохкарх болх-некъ биначара а, туьканийн долахоша а, хила ма-деззара шайн кехат-бакъонаш лартIа ялийчхьана, боху ял йоккхучу урхаллин говзанчаша, йохка-эцархошка цхьана дас бохуш хIума дац. Масала, ишта хьажам болчех ву цу урхаллин юккъерчу тIегIан хьаькам волу Муса. Кехаташ лартIа дац,аьлла, кху сохьта а къевлина лаьттачу туьканех цо элира.

Муса: «Цкъа кехаташ кечдичхьана, цаьрга цхьаммо а бохуш хIумма а дац тхан урхаллехь. ПаргIат шайн болх бийр бу-кх цара. Оха цаьрга низамо ма-хьоьхху кехаташ лартIадаладе боху, кхин хIумма а ца боху».

Iедалан векало дечу къамелаца нийсса бIоста ца нислахь а, морзах долуш ду, Iер-дахарехь оьшу, бахаман гIирс-коьчалла юхкучу туьканан долахочо Новр-кIоштарчу Мусайпа дуьйцург. Iедална ял дIаялар ша ду, бохура цо,амма и елча а вуьтуш вац кхузахь гIоза-декъала болх бан а, чу са дан а. СагIадоьхургаш санна, схьахIуьттуш болу зерахой кIорда а бина, дIакъевлина ша шен туька бохуш дуьйцу Мусайпа.

Мусайп: «Бахамехь оьшу коьчал йолуш туька яра сайниг, ас и дIакъевлина ши бутт кхочуш боллу. Iедална ял ялар-м новкъа а дацара, и елча вуьтуш велахьара. Хьенехан ваийтина, олий, цхьаъ вогIу - 3 эзар дIало, тIаккха кхин вогIу - 5 эзар дIало. Стенна бо а ца хууш, токхамаш бойту. И кIорда а дина, дIакъевлина-кх ас».

Бахка а баьхкина, хьоьга ахча деха а дехха, ахь ца лахь, бохура Мусайпа, кхин дIа а бахьанаш а хIиттош, цара садаккха а, садола а ца вуьтуш, хьйизаво. Цо дийцарехь, и лан а ловш, массо тайпа дуьхьалонаш эша а еш, болх беш бу цхьаберш, ткъа кхинарш, и гIуллакх кIорда а дина, мукъабевлла, туьканаш дIа а къевлина.

БIеннашкахь туьканаш дIакъийлар бахьана долуш, мелла а алсамбевлла Нохчийчохь болх-некъ боцчийн могIарш. Ткъа кху тIаьхьарчу шерашкахь и могIарш хаъал букъбинарш, цара шаьш дийцарехь, кхин бакъдерг а ду - махкахь, массо гIаланашкахь, ярташкахь Iаьржа белхалой - азиаташ баржар. Цу декъехь хьалханчех ю Вьетнам,тIаккха - Китай. Карарчу хенахь нохчийн юкъараллехь шуьйра дийцаре дечех цхьаъ ду, цIоз санна, тIелеттачу цара белхан меттигаш дIалецар а, Iедалехь берш, вон-диканна и хаттар хьаха а ца деш, хIумма а ца хуурш а, я бала ца кхочурш а хилла IадIар а.

Цхьа ханна, йохъелча ницкъала белхаш беш, катухуш болчу эзарнаш вайнахана чIогIа эшам бина Азера баьхкинчу "хьешаша". Церан кхин некъ лаха дезна шайн доьзалшна напха латто. ХIуучара дийцарехь, вьетнамхой а, кхиберш а, кхуза баржар бахьана ду, Iедалехь болучара, дозанаш а ца детташ, царна маршо ялар а, Оьрсийчохь даьккхина сом-доллар церан цIахь, Вьетнамехь, лелачу ахчанца дуьстича 50-60 сов хилар а. Бахархоша кхеторехь, цундела тIелоцу цара лахара мехаш а хIиттош, муьлхха а болх.
XS
SM
MD
LG