Болх боцчу пачхьалкхашлахь хьалхара ю Ботсвана, Свезиленд, ГΙажарийчоь, Палестина. Лаамза мукъа бехачу нахалахь гΙеметтахΙиттинчел кхузза алсам бу кегийрхой. Ткъа балхахь ларалучу нехан массеран а дац белхан де дуьззина, къинхьегамхошлахь 18 процент бу и нах.
Болх болчарна юкъахь хΙора кхоалгΙа борша стаг ву шен балхана реза. Ткъа зударшлахь ах-дакъа реза дац ша бечу балханна.
Шатайпа ду белхан меттигаш чоьте эцарца а, болх бен нах багарбарца а Оьрсийчуьра хьал. Пачхьалкхахь социалан хьал толлучу Росстат-хьукмато хΙоттаде сурт догΙуш дац, деношкахь Москохарчу «Риком-Траст» цΙе йолчу инвестицийн капанин зерахочо Жуковский Владислава чΙагΙдарехь. Стохка хиллачул лах а делла, болх боцчийн терахь 6,5 процента тΙехь ду, Ιедало бахарехь. Ткъа бакъдолу терахь кхузза дукха ду, боху аналитика.
Белхан меттигашца долу хьал пачхьалкхан экомикера сурт гойтуш ду. Кхуьуш бу пачхьалкхан юкъара бахам Ιедало а бохуш, хиллачул а эшна догΙу белхалочун хьал, яздо Жуковский Владислава.
Дуьненаюкъара белхан хьал зуьйчу «Геллапо», я оьрсийн аналитика Жуковскийс далхочу хьелел а эшна хьал ду белхашца Къилбаседа Кавказехь.
Интернетца гергарлонехь хиларца билгалъяьлла яцахь а Нохчийчоь, дукха бу интернетехула болх лоьху нохчий. Ишттачех ву Соьлж-ГΙалара Мансур. Цо ца догΙучу дагца, цхьа а дахарх воккхавер а доцуш довзийтира Маршо Радиона шегара хьал. Шен 21 шо ду, шена компьютер а дика евза, телефонаш тоян а хаьа, бохуш дийцра Мансура.
Мансур: « Суна Фотошоп а, кхийолу дизайнаца йоьзна йолу программаш дика евза. Ас болх иштта лелаш а лехна, дукха хан яц интернетехула леха ваьлла. Хилича-м бийр бара ас болх. Шаверг а дΙанисвелла ву, белхан меттигаш мукъа яц. Накъосташлахь болх лоьхурш а кΙезиг бац».
Мансуранчул башха аз кхин самукъне дацара Цоцин-Юьртарчу Мохьмадан а.
Иза а ву болх лохуш интернетехула.
Мохьмад: «Ас хьалха, советан заманахь, линолеум дечу заводехь болх бина. Дикка евза суна компьютер. Цуьнца бозуш лоьху ас болх а. Организацешкахула лехна, хΙинца интернетехула кароре сатуьйсуш ву со. Сан накъосташлахь а бу болх лоьхурш дуккха а. Цкъачунна со оьшу олуш стаг ваьлла-м вац»
Халахеташ делахь а. Карор бу я бац Соьлж-ГΙаларчу Мансурна я Цоци-Эвларчу Мохьмадна болх, хууш дац. Бакъду, вуно дукха бу махкахь цушинна конкуренташ, аьлча а, бΙаьрга сара кхетча санна болх лоьхурш.
Хьелаш дуьззина дуьстича дузанза дитича санна хетало дуьненаюкъарчу «Геллап» -хьукмато белхан хьелаш зуьйш хΙоттийна сурт. Цо белхан меттигаш яцарца уггаре хьалха яьккхина юьйцучу Африкерчу Ботсванехь кхаа вахархочух шиъ болуш ву. Ткъа болх бан луучу хΙора кхаа нохчочух шиъ ву и ца карош.