ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Урдунера кавказхой: Ӏарбойн йаьссачу аренгахь нохчийн гӀайре


Урдунера Сувейлера бахархой
Урдунера Сувейлера бахархой

Муха нисбелла нохчий Урдунан латтанаш тӀехь? Шайн дай баьхначу махка юхабоьрзий уьш? ХIорш а, кхин долу а хаттарш дийцаре дира "Кавказан Хроника" подкаст дӀахьочу Вачагаев Майрбека Урдунан парламентан депутат лаьттинчу, мехкан нохчийн йукъараллехь жигархойх цхьаъ волчу Арслан Мохьаммадца

— Муха нисделла нохчий Урдунан мехкашка баха дIабахар? Османан Ӏедалан сацам бара иза, йа юкъаралло бина сацам бара?

Мухьаммад Арслан
Мухьаммад Арслан

- 1902-чу шарера 1905-чу шаре кхаччалц шайн дай баьхна латтанаш дIатийсинчех хилла бу тхан дай. Уьш катоьхна цIеххьана дIабахна бацара, кеп-кепарчу шерашкахь кегийчу тобанашкахь арабевлла бу. Амма цара йуьхьарлаьцна некъ цхьаъ бара. Цхьаберш [шаьш дӀабоьлхучу метте] шайн гIийла, миска сал-пал а эцна, ворданаш тӀехь дIабахана, цхьаберш хӀордаца, хинкеманца Бейруте дӀабоьлхура, вуьйш, Истамбуле кхаьчна, цу шерашкахь беш хиллачу цӀерпоштнекъан новкъахула кхин дӀа а дӀабоьлхура. Шемара а, Иракъера а кхуза баьхкинарш а бара.

ДӀавахаран коьрта бахьана дара вайн даймахкана керла бохам тӀебогӀуш бу, дин дита дезар ду бохуш, даьржина эладита. Вайн дайшна динах хадар - даймохк валарал а деза хилла.

Османан империн Ӏедалша и латтанаш нохчашна а, чергазашна а аьлла хӀунда хаьржиний? Гой хьуна, оцу муьрехь кхузахь дӀадоладелира Истамбулера Макка кхаччалц цӀерпоштнекъ бар, иза ларбан дезаш хилла бедуинех, шайн латтанаш иштта лелош хиларна реза боцчу. Цундела, цӀерпоштан некъ ларбархьама, ма-дарра аьлча, нохчий а, чергазий а хӀетахьлерчу Османан империн оцу меттигашка дӀатарбеш хилла. Ткъа ах бӀешо даьлча, цу территорех хир йара Хашимитийн Урдунан пачхьалкх.

Нохчий охьаховшон билгалъяьккхина кхо юрт хилла – Сувейла, Заркъеа, Сухне, цигахь хьелаш вон ца хилла – шовданаш а, кегий хиш а дара цигахь. Аьлча а, иза йанне а йаьсса аре яц. Юьхьанца масех бӀе нохчийн мигранташ хилла, ткъа тахана Урдунехь вехаш ву 25 эар стаг.

— Муха яра шун меттигерчу бахархошца юкъаметтигаш, девнаш хиларий шун?

- Вайа хууш хиле деза, нохчий а, чергазий а охьахевшина доза цу хенахь кхин башха доккха а дацара, жимма меттигера Ӏарбой хилла цигахь, йа кхузахь олуш ма-хиллара аьр вай, бедуинаш. Йуьхьанца нохчашна йа туркойн мотт а, йа Ӏарбойн мотт а ца хаьара, амма уьш Ӏаьрбашца динехь хиларо аттачу доккхура церан дахар хьалхарчу шерашкахь.

Дуьххьара бедуинаш бехачу йарташкахь охьаховшийна нохчий. Цара хийра нах гамонца тӀеэцар цецвала хӀума дацара: кест-кеста хи а, даьхни дажош долу дежийлаш а бахьана долуш девнаш довлура. Делахь а, шераш мел дели, вайн дайшна юкъара мостагӀалла дӀадолуш, юкъаметтигаш дикачу лулахойн санна дIанисйелира. Шаьш Ӏарбой а чӀогӀа хьаша-да везаш нах бу, и бахьана долуш вайн дайшна ца ийшира шерашкахь меттигерчу бахархошца мостагIаллаш лелон.

Хьалхара тӀом дӀабаьллачул тӀаьхьа Османан импери йоха йолайаларца и латтанаш ингалсхойн Ӏуналлехь хилира. Туркошца санна, меттигерчу бахархошца дика юкъаметтигаш лело гӀертачу ингалсхошца а проблемаш йацара нохчийн.

Дуьххьарлера паччахь ӀабдаллахӀ волу Хашимитийн династи цу кӀоштан урхалла дан йолайелча, цуьнан сийлахьчу гӀаролехь жигара хьалхабовла буьйлабелира чергазий а, нохчий а. Паччахьан даггара ларам хуьлура нохчашца а, чергазашца а. Тахана, Урдунан паччахьан сийлаллин гӀарол гича, хаалахь, уьш берриш а чергазий хилар.

- Кхечу Кавказерчу къаьмнийн векалш дIакхийтирий нохчийн юкъараллех?

Урдунера нохчий
Урдунера нохчий

- ХӀинцалера Урдунан латтанаш тӀе нохчий дӀатарбеллачу хенахь, царна йуккъахь цхьа наггахь бара дагестанхойн а, гӀалгӀайн а доьзалаш. Амма хенан йохалла уьш берриш а нохчий лорура. ХӀаъ, гӀалгӀайн схьабовлар хууш ду вай, амма, масала, кхузарчу Ӏарбошна уьш нохчий бу аьлла бевза. Нохчел а хьалха кхаьчна дагестанхой а бара, амма уьш дIаийра меттигерчу Ӏарбошна йукъахь. Хууш ма-хиллара, масех юрт йу чергазий бехаш. Йуьхьанца вайна, нохчашна, жимма генахь охьахевшира уьш. Амма тхан юкъаметтигаш даима а дика хилла. ТӀаьххьарчу шерашкахь уьш чӀагӀлуш, вайн къаьмнашна юкъахь захалонаш деш ду.

— Муха ду шун гӀуллакхаш ненан маттаца? Бераша школашкахь Ӏамош буй иза?

- ДӀатарбеллачу хьалхарчу шерашкахь дуьйна, меттигерчу бахархойн меттанаш ца хууш, нохчийн декхаре хилла йеккъа цхьана шайн ненан маттахь къамел дан. Мотт доьзалехь бисира: иттаннаш шераш даьлча а, сан бераллехь доьзалехь Ӏарбойн мотт бийцар оьзда доцург лоруш дара. Оха, вежарша, вовшашца къамелехь Ӏарбойн дешнаш леладора, тхан дас бехк боккхура тхоьгара, цӀахь нохчийн мотт бен ма бийца бохуш

Дагадаийта догӀу, Урдуна пачхьалкх санна гучуйалале хьалха (1946 шеран стигалкъекъа-беттан 25-гIа де. – Редакцин билгалдаккхар), мелла а кIезиг бара бахархой кхузахь, нохчашна йукъара йерриг зӀе коьртачу декъана шайна йукъахь хилла. 1947-49-чу шерашкахь Ӏарбойн-израилхойн тӀом, 1967-чу шарахь Йалх дийнан тIом а хиллачул тӀаьхьа махкахь дукха бара Палестинера мухӀажарш. Тахана Урдунан бахархойн терахь ду - 11,5 миллион сов стаг. Дукхахберш бу Палестинера а, Шемара а, Иракъера а мухӀажарш.

11 миллион Ӏарбошца дуьстича, нохчийн терахь кӀезиг ду. Цундела кхин а хала хуьлу ишттачу гонехь ненан мотт Ӏалашбан. ХӀетте а, тахана массо а бохург санна Урдунерчу нохчаша шайн ненан мотт буьйцу: ас тешам боллуш эр дара, 98 проценто буьйцу иза цхьа а новкъарло а йоцуш.

Со суо вехаш ву Амманехь (Иорданин коьрта шахьар.-Редакцин билгалдаккхар), тхан кхузахь нохчийн лулахой бац, гонаха цхьа Ӏарбойн бахархой бен бац. ХIетте а, суна мехала ду, урамехь лелла хIусаме дирзинчу бераша шайн ненан мотт бийцар. Кхин цхьа хӀума а ду. Оха нохчийн мотт буьйцу, амма оцу маттахь йоьшуш хIума йац, йаздеш а дац, хIунда аьлча, Советан Iедал дохале хьалха тхан уьйраш хилла йац дай баьхначу махкаца. Тхан берашна йозанан мотт Ӏамош школаш йац. Иза тхан ледарло йу. Делахь а, таханалера вайн кегийрхой йоза шаьш карадерзо а, иза кхечарна Ӏамо а гӀерташ го суна.

- Цхьана латтанаш тӀехь иттаннаш шерашкахь цхьаьна бехачу нохчаша а, Ӏарбоша а вовшашкара хӀун тӀеэцна?

Урдунера нохчийн маьждиган момсар
Урдунера нохчийн маьждиган момсар

- Нохчий дӀатарбечу хенахь, уггаре а актуале йара йаьссачу аренан латтанаш хи детташ, уьш гӀум-аренах лардеш каналаш йахкарца йоьзна технологеш.

Ӏарбошна интересе йара архашца лело транспорт, иза цу кӀоштахь марзбелла хIума дацара. Иштта тамашийна дара царна кавказхойн кепехь цӀенош дар а - царна шайна гӀоле хетара четарш чохь Ӏар.

Нохчийчуьра схьабаьхкинчу , йа Туркойчуьра дӀабаханчу нохчаша шайца керла ялтин буьртигаш деанера. Шайн дахар тодан, иза нисдан гӀертара нах. Ӏарбоша а, Къилбаседа Кавказера тӀебаьхкинчара а – нохчаша а, чергазаша а – вовшийн дахар цхьанадогIуш хаздора. Тхо Ӏарбойн дуьненахь даьхна а, тахана а дехаш а ду, цундела цецвала хӀума дац, вай а цаьргара дуккха а хӀума тӀеэцарна. Масала, духаран цхьа кеп йу кхузахь - Кавказехьчул а синтеме йу иза. Хан-зама дӀайаларца оха йуучу хӀуманна йукъа а Ӏарбойн цхьадолу кухни йуккъера даарш схьаийцира, нохчийн къоман кхачанашна цкъа а цхьаммо а дуьхьало йийр яцахь а.

- Урдунера нохчий кхечу дуьненан пачхьалкхашка дӀаоьхий? Мел дукха нах дIаоьху?

- Хууш ма-хиллара, тахана дуккха а аттачу даьлла кхечу пачхьалкхашка вахар-вар. Кегийрхой леста кхечу мехкашцка Малхбузехь деша лууш. Бу иштта, тайп-тайпанчу дахаран бахьанашца оццу луларчу Туркойчу, йа кхечу пачхьалкхашка дӀабаханарш а. Масала, цхьана шина-кхаа шарахь Урдунера дIабахана 40–45 эзар Ӏарбойн кегийрхой. Махкал арахьа лелачу нохчийн дакъа оццул доккха дац. Дуккха а вайн махкахой цкъа мацца а Урдуне йухабоьрзу.

— Ткъа шайн дай баьхначу махка цӀаберза сацам биначеран, йа тӀейогӀучу хенахь иза дан луучийн хьолах лаьцна хӀун эр дара ахь?

- Тидаме эца догӀу, кхузахь дехачу 120 шарахь вайн менталитетехь а цхьацца хийцамаш хилла хилар. Вайна гонаха болчу Ӏарбойн Ӏер-дахаран доккха дакъа вайна девзина, Нохчийчохь шалха тӀеэца а тарло и.

Уггаре а коьртаниг: оьрсийн мотт буьйцучу гонехь вай нисделча, вайна ваьш цхьа сапаргIат ца хета. Нохчийчуьра вайн махкахой а санна, Ӏарбойн йукъаралле кхочуш. Иза а хуьлуш хIума ду. Муьлхха а репатриант шен къанвеллачу хенахь гонаха мел волчо буьйцу керла мотт Ӏамо безаш хилар санна.

Цуьнца цхьаьна ца ала йиш яц, кхузара Нохчийчу дӀавахча а, вуно дика тӀеоьцу уьш цигахь. Шайца вон бара цигахь аьлла, кхуза йухавирзина цхьа а вац. Вон ду, Урдунера нохчий Нохчийчуьрчу университеташкахь кечбарца доьзна хаттар хӀинца а дӀа ца дерзийна хилар. ХӀинца Москвахь а, кхечу гӀаланашкахь а доьшийлашка дӀахьийсош бу уьш, амма тхуна лууш дерг, цара Нохчийчохь дешар. Цу гӀуллакхо аьтто бийр бара церан шайн мотт шарбан а, шайн даймахкахь долчу дахарца нисбала а.

- Урдуне дIабаьхкинчара шайца дIайеана хилла халкъан говзаллаш тахана а кхиош йуй цигахь?

Урдунера нохчийн кегийрхой
Урдунера нохчийн кегийрхой

- Халахеташ делахь а, цунах дерг кӀезиг Iалашдан, лардан таро хилла. Хийрачу махкахь дахаран хьелаш цӀахьчул башха дара, керлачу меттехь дӀатарвала кхин говзаллаш ошура. Дуккхаъчу мухIажарша шайца схьайеанера шаьлтанаш, цхьаболчара ларйина уьш. Амма кӀезиг нах бу таханлерчу дийне кхаччалц истангаш Iалашдан аьтто хилларш.

Цхьаболчара гулйо шаьлтанаш, амма вайн пхьерашна йукъахь, суна хууш цхьа дилетант бен вац уьш деш – шаьлтанаш а, тарраш а. Цо йеш йу чергазийн эткаш а. Цкъацкъа шен болх гойтуш цо, дуккха а наха хазахеташ жоьпаш ло цунна. Делахь а, ас ма-аллара, корматалла лаккхара йолуш хIума дац иза, шена дезарна леладо цо и.

- Нохчийн "Кавказ" клубах лаьцна дуьйцур дарий ахь?

Нохчийн "Кавказ" клуб, ХХ-чу бIешерийн 4-гIа шераш
Нохчийн "Кавказ" клуб, ХХ-чу бIешерийн 4-гIа шераш

- ХӀара дуьххьарлера къоман клуб йу, Урдунерчу нохчаша 1932-чу шарахь Сувейл юьртахь вовшахтоьхна йолу. Меттигера нохчий вовшах а кхетий, шайн проблемаш цхьаьна йерзош школа а йара цигахь. Жимма тӀаьхьа цуьнан филиал схьайиллира нохчийн Заркъа эвлахь а, тӀаьхьо Сухнахь а. Бераш хилла а ца Ӏара тайп-тайпанчу спортан кепашца дакъалоцуш оцу школехь. Футбол а, волейбол а чӀогӀа гIарайаьлла йара цигахь. Клуб Iаламат дика тIеийцира, цхьана кепара органикан кепехь шоръйелира, нохчийн юкъараллин цхьа шатайпа центр хилла дӀахӀоьттира иза.

ХӀора баттахь вовшахтухура оха нохчийн культуран суьйренаш а, вайн диаспора цхьаьнатухуш чӀагӀъйен кхинболу барамаш а. Цу цхьаьнакхетаршкахь дакъалоцуш хуьлура цхьана хенахь масех бӀе стаг. Клуб, нийса аьлча, тахана а йолуш йу, цул сов, цунна лерина йоккха гӀишло хьалайан дагахь а бу. Иза хӀинца а йийцаре йеш йу, хIунда аьлча, проект механа чӀогӀа йеза йу, цундела вайн диаспоро ахча ду гулдеш, цхьана агIор Ӏедало а цхьацца кепара гӀо дина оцу гӀуллакхна.

— Урдунехь урхалла дечу монархино муха тIеоьцу нохчийн йукъаралла?

— Нохчел хьалха оцу мехкашкахь охьахевшина хилла чергазий, уьш дукхазза алсам бу тхол а. Церан Ӏедалца тешаме йукъаметтигаш дIанисйелла, тайп-тайпанчу сийлаллин гӀаролан барамашкахь дакъалоцурш чергазий бу. Церан доьзалийн уьйраш кхиъна паччахьан доьзалца.

Урдунна муьтӀахь хиларх нохчаша цу кӀоштахь хиллачу тӀемашкахь тоьшалла дира. Ас эр дара, таханлерачу мехкан Ӏедало нохчий а, чергазий а Урдунан паччахьан Шен сийлаллин муьтӀахь болчу цхьана юкъараллин нах санна тӀеоьцу. Нохчий Урдунан буьззина бахархой санна ларар гойтуш ду массо а тӀегӀанашкахь. Ишта хилийта цара къа а хьегна, пачхьалкхана гIаролехь лаьттина.

Тхоьга шатайпа хьежамаш хиларан тоьшалла ду мехкан парламентехь тхуна аьлла билгалйаьккхина кхо меттиг хилар а. Миллионашкахь бахархой бехачу пачхьалкхехь хала хир дара харжамашкахула шен нах парламенте бахийта, цундела и тайпа эксклюзиван низам хьакхалуш ду нохчех а, чергазех а. И кхо меттиг йерриге а цхьана принципца дӀалаца йиш ю чергазаша, йа нохчаша. Йа тахана санна цхьа вариант хила мегаш йу: парламентан ши гIант чергазашна, цхьаъ нохчашна, оха тхаьшна йукъахь барт бо.

- Урдунан исторехь гӀарабевллачу нохчех лаций дийцахьа?

- И тайпа нах дукха бу: тӀемашкахь Урдуна ларйина къонахий чӀогӀа лоруш бу кхузахь. Тхо жима халкъ ду, тхуна хӀора эшам - меттахӀотталур боцу эшам бу. Урдуно латтийначу тайп-тайпанчу тӀемашкахь тхан масех махкахо кхелхина. Уьш дӀакхалхар къонахаллин а, шайн махкана доггах хиларан а масал дуьсуш ду тахана дуккхаъчу Урдунерчу бахархошна гергахь. Йалх дийнахь хиллачу тӀамехь виъ нохчо велира, цул тӀаьхьа кхин цхьа вайн махкахо велира Голанан лакхенашкахь.

Эскарехь гӀуллакх деш а, полисхоша болх беш а хилла кхо-виъ кӀант вийра Палестинин мухӀажаршна а, Ӏедалехь болчу Хашимийн доьзална а йукъахь хиллачу тасадаларшкахь. Верриг а, суна хетарехь, тӀемашкахь дакъалоцуш велла 16 гергга вайн махкахо: цара массара а дахар дӀаделла шайн мехкан хьашташ лардеш. Уьш къонахий санна дӀабахана, Урдунехь уьш бевзаш а, церан иэсан сий деш а бу.

Ала деза, нохчаша шаьш тӀемашкахь гайтина ца Ӏа. Цара политикан дахарехь а лакхенаш йаьхна. Дуккха а шерашкахь гуттаренна а министр вара шайх Ӏабдул Бакъи Джамо, йа изза Самихь Бено, Мохьмад Башир, кхиберш а. Тхуна йукъара Урдунан парламентехь 6 декъашхо вара: Бено Самихь, Бено Тамер, Камел Набил, Бено Ӏусман. Дипломатийн гонашкахь а болх беш бу вайн нах: масех стаг вара официалан векалийн статусехь, шайлахь зударий а болуш.

Дуккха а вайн нах Ӏилмане а, дешаре а кхаьчна: дуккха а академикаш, профессорш, Ӏилманан докторш бу. Царех цхьаберш Малхбузерчу мехкашкахь дешна, амма кхуза йуха а бирзина, шайн махкана пайда беш бу.

- Дуьйненан тайп-тайпанчу мехкашкахь бехачу нохчашна хӀун тӀедуьлур дара ахь, шайн мотт а, къоман башхалла а ларйарехь?

- Даймохк а битина, хийрачу махкахь ваха атта дац. Цу харжаман шен дика а, вон а агIонаш йу. Дешар карадо, керла культура йевза, керла зеделларг карадо. Малхбузен Европерчу паччахьалкхашкахь спортехь хьовха, Ӏилманехь а, политикехь а, культурехь а вайн махкахоша бохучу кхиамашна тIехь терго латтайо ас. Нохчи миччахь велахь а, иза кхеташ хила веза, шен Iалашо – даймахкана пайден хилар йуй.

Подкастехь дуьйцучу хеттарех лаьцна кIорггера довза луучарна хьоьху хIара болх: Гарсаев Леча. "Урдунан историхь а, культурехь а нохчийн мухIаджираш а, церан тIаьхье а". Соьлжа-ГIала. 2019 шо

Йазло "Кавказская хроника с Вачагаевым" подкасте, ладогIа Apple Podcasts Spotify - YANDEX MUSICYOUTUBE а, кхечу дуккхаъчу аудиоплатформашкахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG