ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровхоша талламаш бечу хенахь Устрада-гIалара  заьIапхо лачкъийна - "Мемориал"


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Бакъонашларъяран "Мемориал" центро хаам бира, гIадужу-беттан 26-чохь Оьрсийчоьнан къоман гвардин ши эскархо а вуьйш, церан коврана тӀелатар динчул тӀаьхьа, Нохчийчохь дуккха а меттигашкахь талламаш дӀабахьарх. Кадыровхоша лачкъийначех цхьаъ ву Устрада-гIалара заьӀапхо Батыров Ризван.

"Мемориал" организацига республикера "бӀеннаш" бахархой ницкъахоша дӀабигина хиларх хаамаш кхаьчна, амма дукха хьолехь, лачкъийначу нехан гергарчара, церан хьал кхин тIе а талхарна кхоьруш, хиллачух ца хоуьйту. Батыров лачкъорх лаьцна информаци тӀечӀагӀйина волонтерийн гӀоьнца.

Батыров Ризван корта лазийна хилар бахьана долуш заьIапхо висина ву, цуьнан хьокъехь таллам бинера гIадужу-беттан 31-чохь. Ши де даьлча, Ризван а, цуьнан 82 шо долу нана а полице дӀадигинера, цуьнан телефон а, паспорт а схьа а даьккхина, дӀахецнера, шозлагIчу дийнахь сйуха а тIеван веза аьлла. Батыров шозлагIчу дийнахь полице ца ваханера. Лахьан-беттан 3-чу дийнахь кадыровхоша йуха а Батыровн цӀа а баьхкина, йиттина, полицин декъе дӀавигира иза.

Бакъонашларъярхоша дийцарехь, Батыровна тӀеӀаткъам бан мегаш бу, иза Украине тӀаме вахийта, йа цунна дуьхьал бехкзуламан гӀуллакх доло тарло – гергарчаьрга хаам бира, цуьнан телефон чохь нохчашна "магийна йоцу" материалаш карийна аьлла, масала, Кадыров Рамзанан Ӏедална луьйш болчийн сайташка хьежар.

Хьалхо оппозицин нохчийн NIYSO, 1АДАТ телеграм-каналаша а хаам бира, ницкъахоша Нохчийчуьра бахархой дӀабигарх лаьцна.

  • Оьрсийчоьнел арахьарчу NIYSO боламера нохчийн оппозиционераша дIахьедина, гIадужу-беттан 24-чохь делкъал тӀаьхьа ницкъахошна тIелатар дарх. Церан хаамашца, Соьлжа-ГIалана уллорчу Петропавловская станицехь муьлш бу цахуучу наха герзаш диттинера тIеман "Урал" машенна; оцу хаамийн тоьшаллаш кхин дац кхечу хьасташкара. "Вийна, дийцарехь, кхоъ белхахо, тIелеттарш бевдда бевлла", - дIахьедира NIYSO-н жигархоша, карарчу хенахь Петропавловская станицана а, Беркат-Йуьртана а йуккъера меттиг толлуш бу полисхой.
  • ГIадужу-беттан йуьххьехь нохчийн оппозицин 1АДАТ боламан жигархоша дIахьедира, Гуьмсехь рейдаш хилла, ГИБДД-н постана тӀелатар динчул тӀаьхьа аьлла. Цу хаамна комментарий ца йира республикерчу Ӏедалша.
  • Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана лаххара а 2010-чу шарахь дуьйна терроризмна тӀехь "толам баккхарх" лаьцна дӀахьедарш деш ду. Оцу йукъанна регионехь тахана а тIелетарш до полисхошна.
  • 2019-чу шарера 2021-чу шаре кхаччалц Нохчийчохь тIепаза вайна 4 984 стаг. Шен барамашца йаккхийчу Москвахь а, Москван кIоштахь а долчу терахьашца дуьстича, дукха лахара дац иза. Байна нах наггахь бен ца карочу регионашлахь а иштта "лидер" йу Нохчийчоь. Республикехь хIора шарахь бовш болчу 1 700 нахалахь схьакараво 20-30. Къилбаседа ХIирийчохь а, Кхарачой-Чергазийчохь а хьал дика ду, делахь а, цигахь карош вац хIора иттолгIа бен. И зераш 2021-ра шо довш зорбане дехира пачхьалкхан РИА "Новости" агенталло, Оьрсийчоьнан МВД-н диллинчу хьасташна тIетевжина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG