Нохчийчохь таIзар дина Мусаева Зарема, оппозиционерийн-вежарийн ЯнгулбаевгIеран нана Устрада-ГIаларчу колонихь йуьсуш йу. КIира хьалха адвокате Савин Александре аьллера, иза цхьана колони дехьайоккхуш йу аьлла – и хаам бакъ ца хилла.
Карарчу хенахь Пятигорскера ПхоьалгIа кассацин кхело луьстуш ду Мусаева полисхочунна тIелетта аьлла, цунна динчу таIзарна дина арз. Хьалхо хила йеза кхеташо дIатеттира, видеозIене йалийта таро йолчу кхечухьа хантоьхнарг дIайигина аьлла.
Мусаева Заремина тIекхача таро хилла адвокатан Савинан, Устрада-ГIалахь шайн хиллачу цхьанакхетарх лаьцна кхин сов даьккхина дийцина дац цо. Делахь а, иза Iалашйечун дешнашца, оппозиционерийн нана дехьайаккха там бу федералан таIзар кхочушдечу урхаллин цхьана колони, зазадокху-беттан 5-чохь рогIера кхеташо хилале видеозIенехула йистхила аьтто боккхуш. Савинна хетарехь, Соьлжа-ГIалара СИЗО йига там бу иза.
- 2022-чу шеран дечкен-баттахь Нижний Новгородерчу петар чу а лилхина, нуьцкъаха Мусаева Соьлжа-ГIала дIийигира кадыровхоша. Мусаева Заремина полисхо сийсазварна, лазорна бехкейина, чохь даккха I5 де-буьйсий туьйхира кхело. Цул тIаьхьа цунна дуьхьала бехктакхаман гIуллакх гIаттийра – дийцарехь, протокол хIотточу юкъанна полисхочунна тIелеттера иза. Кадыров Рамзана бахарехь, "цхьана мIаьргонна цуьнан бIаьрг боккхуш" хиллера цо. ТIаьхьо хьарамлонаш лелорна бехке а йира и. Дуьххьара, теше санна хеттарш дан, цу бахьанца Нохчийчу дIайигна а йара.
- 2023 шеран товбеца-беттан 4-хь набахтехь даккха пхи шо, ахшо туьйхира Мусаевана. Апелляци йича таIзар малдира - йукъарчу хьелашкара колнихь йаккха тоьхна хан хийцира маьршачу хьелашкахь йолчу колонихь токхуьйтуш, ахшо тIера а доккхуш. Гезгамашин-бутт бовш Мусаева Устрада-гIалара колони- поселени дIайигира. Лахьан-баттахь адвокато латкъам бира сацамна кассацин кхелехь.
- Цунна таIзар кхайкхочу дийнахь кхелехь дакъалаца доьдучу "Новая газетин" журналистана Милашина Еленина а, адвокатна Немов Александрна а тIелетар дира.
- Мусаева Зарема инсулинах йоьзна йу, диабет а, кхин а лазарш шен дегIаца долуш йу иза. Лаьцна латточу йукъанна могушалла кхин тIе а эшнера цуьнан.