ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Францехь карийна ши кIира хьалха вайна хилла нохчийн кIант


Архивера сурт.
Архивера сурт.

Чиллан-беттан 23-чохь Марселе йоьдучу цIерпошта хиъначул тIаьхьа лар йоцуш вайнера Францера "Loir et Cher" олучу департаментера 15 шо кхаьчна кхиазхо Умаров Iабдул-Малик. Полисхошка а хаийтира, Ватсапехула орца а даржийра гергарчу наха шайн кIентан сурт а гойтуш, телефонан номерш а юьтуш, и хаавеллачара шайга хаам бахьара аьлла.

Зазадоккху-беттан 7-чохь Маршо-радио зIене елира Iабдул-Маликан ненаца кIант каравиний аьлла. Шаьш кIант лохуш массанхьа хьаладиттина долу сарташ дIадохуш яра телефон схьаэцначу хенахь кIентан нана Умарова Фатима. Хаза кхаъ баьккхира цо Маршо-Радиога: Шен кIант Марселерчу нохчашна сурта тIехь гина хиларна вовза а вевзина, цигахь цара чу а вигна, хIинца тIаьхьабахначара цIавалош ву, ша и схьакхачаре хьоьжуш а ю, аьлла.

Хууш ма хиллара, бер кхуьучу заманчохь, цуьнан амал хIотталуш болу мур хала мур лоруш бу психологаша а, хьехархоша а, беран герчарчара а. Амма Фатимас шен кIантах аьлларг дерриг диканиг бен дацара, шен диъ берах жимахволу Iабдул-Малик футболе лелаш а ву, ламаз-марха долуш а ву, хьасене а, догдика а ву, аьлла.

Шен бер хастош товш дацара, бехк ма билла ша цуьнан амалш йийцарна, элира Фатимас тIаьххьара тIе.

Амма шина кIиранахь мичахь ву ца хууш кIант лехначу ненан дагах кхета хала дацара, хIунда аьлча иштта чуьра бераш дIа а дахна, уьш цIадерзон аьтто ца хилларш а болуш бу, хууш ма-хиллара...

Умарова Фатим иштта элира: "Со оцу вайна хиллачу кIентан нана ю. КIант тхуна схьакаравина Делан пурбанца а, наха динчу доIанийн бахьанца а. Вайн нохчий гIо-накъосталла деш хиларна чIогIа гIуллакх хилла тхан. Делан къинхетам боккха бу. Массарна, доIа динчарна а, сагатдинчарна а, дакъа мел лаьцначарна Дела реза хуьлийла ала лаьара суна.

ХIара кIант спорт еш а вара тхан, ламаз-марха долуш а... Могуш-маьрша хIара караварна Далла хастам бу. ЧIогIа наха гIо дира тхуна. Дела реза хуьлийла массарна а."

Цхьадолу хеттарш жоьпаш доцуш диснехь а, "каравиний", бохучу коьртачу хаттарна хилла долчу "каравина могуш-маьрша а волуш", бохучу жоьпо кхиндIадерг дерриге а асаран суьртехь а гойтуш, туьйранахь санна хаза чакхе йолуш дирзина Францерчу УмаровгIеран доьзалах Iоттаделларг.

Амма чохь бераш долчу дайшна-наношна шортта ойланаш ян бахьана даьккхира оцу хиллачо...

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG