ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Италехь чувоьллина нохчийн мухIажир


Бомбаталиев Iела лаьцна Италехь.
Бомбаталиев Iела лаьцна Италехь.

Цхьа шо гергга хан яра Италехь дIалаьцна, цу махкахь тховкIело лоьхуш волу Нохчийчуьра вахархо Бомбаталиев Iела.

Цу пачхьалкхарчу Бари гIаларчу кхело оршотан дийнахь пхи шо хан тоьхна цунна, набахтехь яккха. Нохчочунна бехке диллинарг ду дуьненаюкъара терроризман декъашхо хилар. Цу стага кхин нах меттах бохуш хилла, герзаца джихад дан, бохучунна реза хилла кхел.

Бомбаталиев лецира Фоджа гIалахь 2017-чу шарахь Товбеца-баттахь, Бари гIаларчу леррина зуламаш дечу тобанашца къийсам дIахьочу урхаллан дехарца. Талламхоша дийцарехь, 38 шо долу нохчо хилла вуно чIогIа цIий Iанош теракт ян кечлуш.

Иза кхочуш ян кхин болу нах, ша аьлча, цу хенахь Неаполехь ехаш йолу шен хIусамнана Качмазова Марьям, юкъаозо дагахь хилла иза. Ша Качмазовас и дерриг а харц до. Цунна хетарехь, цуьнан хIусамден гIуллакх харц бух тIехь вовшахтоьхна ду.

Бомбаталиев Iела цIера Гелдаганара ву. Нохчийчохь тIом марсабаьча цIераваьлла Малхбузерчу Европе кхаьчнера иза. Цкъа дуьххьара Бомбаталиев ваха хиънера Белгехь. Цигара дехьа велира жима стаг Италерчу Фоджа гIала. Керлачу меттигехь балха хIоьттинера нохчийн мухIажир меттигерчу културан центре. Цигахь иза накъосталла деш вара бусалба юкъараллан имамана.

Качмазова Марьяма "Кавказ.Реалиица" къамел деш элира, шен хIусамден цIе цIанъян а, цунна дехкина бехкаш юхатохаза Iийр яц ша аьлла.

Кхузахь кхин цъхьа хIума а ду. Оьрсийчуьрчу зорбанан гIирсашкахь къасттина дуьйцуш ду цу стагана бехке дуьллуш ду 2014-чу шарахь Соьлж-ГIалахь "Зорбанан цIенна" тIелатар деш дакъалацар а, Кавказан Имаратан декъашхо хилар а, Шемахь тIом бина хилар а бохуш. И дерриг а Бомбаталиев дан кхиина 2014-2016-чу шерашкахь.

Делахь а, нохчийн мухIажир вевзаш а, цуьнца накъстлла лелийна а болчу наха тоьшаллаш дарехь, иза цхьа а юкъаметтигаш хилла вац дуьненаюкъарчу террорхошца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG