Наггахь бен нислуш дац нохчочо гарехь ша шена со моттбеттархо, я айкханча, я шпион ву аьлла мукIарло дар. Кхин а кIеззиг нисло нохчочо юккъера оьрсийн къайлахчу сервисашна мотт бетташ вара ша бохуш чIагIдар.
Амма хIинцалц цкъа а хилла дацара нохчочо ша оьрсийн къайлахчу сервисашна мотт а тоьхна, масех нохчийн кIант вейтира бохуш, ша шена тIекхайкхар.
И. элп хьалха долуш фамили а йолуш, Мохьмад бохучу, ша шена Абу-Хьамза аьлла Iарбойн хьесапехь тIемалойн цIе тиллина волчу, цу цIарца Имарат Кавказан тIемло санна Австрехь жигара леллачу 38 шо долчу стаго. Масех де ду и процесс дIайолаелла, амма цуьнан йилбазмохь хIинца а тийна бац.
Бехкевечо кхелехь вуно жигарчу кепехь дуккха а кхечу нахах хьакхалуш долу хIуманаш дуьйцуш хиларна а, Австрехь а, кхечу меттигашкахь а цо хьенан цIераш йоху-те бохуш ладоьгIуш дуккха а нах хиларна а ду иза.
Бакъду, кхеле озийна Мохьмад И. (Абу-Хьамз) цкъачунна ларлуш ву цIераш яхарх. Цо ша санна Австрехь тховкIело йолуш Iийна волу, Давид Майер аьлла шен цIе хийцина хилла волу Чатаев Ахьмад ву цкъачунна вуьйцург, шега 2012-чу шарахь Гуьржехахула Нохчийчу дIабахийта кечбинчу кегийчу нехан тобан командир хуьлий хьо аьлла тIевеанера иза бохуш. Чатаевх цавешаш Абу-Хьамза вистхилча, кхелахочо хаьттира цуьнга, ахь шаьшшиъ ши ваша санна ву ма бохура, аьлла.
- Вай, ас цуьнга эр ма даций со шпион ву аьлла! Со ловзуш ма вара цуьнца. Ой, со боккъал а царех верг ву моттийтархьама ас-м, эшахь, „Имарат Кавказ“ боху дешнаш тIеяздина долу коч а юхур яра. Со-м цунах лаьцна информаци дIалуш варий“, - элира хиллачу Чатаевх лаьцна Абу-Хьамзас.
Иштта лаьцначо дийцира ша Лопота чIоже ваххане а вахаран бахьана и операци йохон а, цу операцехь дакъалоцуш болу нохчийн кегирхой оьрсашна богIий хаийтина, дIабала а вахана вара, аьлла.
И санна долчун тIехь шен доккха зеделларг дара элира цо, ша хьалха а йохийнера нохчийн тIемалойн планаш, аьлла. „ 2010-чу шарахь Азербайджанехула цара ян кечйина хилла операци а йохийра аса-м иштта-м“, - элира Мохьмад И., кхелахо цец а воккхуш.
Австрехь Абу-Хьамза Мохьмадна тIехь кхел йолаелча дуьйна схьа социалан машанашкахь цуьнан агIо лаьцначу цхьаццаболчу наха чIагIдо, цо кхелехь ша оьрсийн моттбеттархо вара бохуш дуьйцург лерина кхелах кIелхьарвалархьамма ша шена деш харц айкхалла ду, бохуш. Бакъдолчехь цхьа а тоьшаллаш дац Абу-Хьамза оьрсийн къайлахчу сервисашна болх беш хиларан бохуш, чIагIдеш берш а бу.
Бакъду, ша Абу-Хьамзас и тайпа тоьшаллаш шен долуш ду боху. Иштта цо рогIера ша ФСБ олучу оьрсийн сервисна болх беш хилар хьахийча, кхелахочо хаьттира цуьнга: „Хьоьгахь тоьшалла дуй ахь царна баккъал а болх бар тIечIагIдеш?“-аьлла.
Абу-Хьамзас жоп делира: „Ду. Со ФСБ-на болх беш ву аьлла кехат а ду, цул сов, цара суна схьадаийтина долу сан паспорташ а ду цуьнан тоьшалла“, аьлла. „Мичахь ду и кехат, хьоьгахь дуй иза хIинца?“ - хаьттира кхелахочо. „Сан адвокатехь ду иза“, - элира Абу-Хьамзас, куьг аьрроагIор Iачу шен адвокатана агIор корта а ластош.
Абу-Хьамзин адвоката Блашнитц Вольфганга кхелан балха юккъехь пауза яьлча жоьпаш делира Маршо радион хеттаршна. Баккъал а хIун тоьшаллаш ду иза оьрсийн къайлахчу сервисашна болх беш хиларан бохучунна иштта жоп делира адвокато.
Блашнитц: „Сан клиент оьрсаша цу тобанна юкъавахийтина вара, и операци йохон а, иза чекх ца ялийта а. Иза цо дан а ма дина! Бовла ма ца бовлабелла и тIемлой Оьрсийчу дехьа. Ша прокуратурано а дацаре деш ма дац, цу тобанна юккъерчу цхьаммо Оьрсийчу мотт тохаран хабар дахьийтина хилар. Прокуроре, бакъдерг аьлча, ца алало, и мотт тоьхарг мила вара. Ткъа ас билггал дIа боху хьоьга – иза тоьхнарг сан клиент вара“.
Хьан клиент массийтаза ша дуьйцург хуьйцуш схьавогIуш ву, полицин хеттамашкахь аьлларг кхелехь дацаре деш, кхелан хьалхарчу дийнахь ша дийцинарг кхечу деношкахь дацаре деш. Стенца доьзна ду цуьнан иштта лелар, иза кхелахой кегон лууш цхьа стратеги ю цуьнан? - аьлла Маршо радионо шега хьаьттича, Блашница иштта жоп делира.
Блашниц Вольфганг: „И цуьнан лини билгалъяала йолаелла, дерриге а шена баккъалла а хиларе дала доладеллий иза кхетча. Иза нарциссийн амал йолуш ву, вуно чIогIа хIума тIедетташ дуьйцуш хазахеташ а ву, юьхьанца и ша мел дийцинарш башха баккъалла а долуш санна тIеоьцуш а ца хилла цо. Цо юьхьанца и дIахьедарш дечу хенахь со цуьнца вацара. Цуьнга тIаьххьара хеттамаш бечу хенахь вар со уллехь. Цигахь цо юьхьарлаьцна цхьа лини яра. Иза хIинца а цо дуьйцучуьнца цхьаьнайогIуш ю“.
-Цкъа хьалха ша Лопотахь тIом бечаьрца вара, шаьш цигахь кхоъ вийна ца Iаш, 20 сов гуьржи вийна баьхнера цо, хIинца ша тоххане а герз тоьхна а дац боху цо. Иза иштта дийцар стенца дузу ахь? - аьлла хаьттира Маршо радионо Абу-Хьамзан адвокате Блашнитце.
Блашнитц Вольфганг: „Нохчо ма ву иза! Шен йолчул а эзар процентан алсамо хета цунна шен мехалла. Эххар а волавелла иза ма дарра дийца. Кхелехь коьртачу хьесапехь лоруш дерг цо хIинца дуьйцург ду. Суна ца хаьа, цо кхин цкъа а цхьа кхиндерг дуьйцур дац аьлла ала, иштта шайхалла дан ца лаьа суна. Амма тамаш бу дийцахь“
Цу юкъанна Мохьмад Абу-Хьамзан тIехь кхело шен болх кхин дIа а хьур бу товбеца беттан 13-чохь. Цу дийнахь цунна хан кхайкхо мегаш ю.