ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Ваха лаам бу сан": Эрмалойчоьно Нохчийчуьра вахархо дIа цаваларх


Мукаев Салман
Мукаев Салман

Нохчийчуьра вахархо Мукаев Салман Оьрсийчоьне дIалур вац Эрмалойчоьно – иштта сацам тIеэцна Ереванера административан кхело. Мукаевс дIахьедира 2020-чу шарахь Нохчийчохь гомосексуал ву аьлла, харц цIе а кхоьллина, шегахь латтиийначу баланех. Оьрсийчуьра Эрмалойчу дIавахара иза, цигара дIа Европе дехьавала дагахь, амма федералан лехамашка а велла, пачхьалкхера дIаваха ницкъ ца кхечира цуьнан. ТIаккха ша тIевоьсинчу махке ша Iалашвахьара аьлла, дехар дира цо. Эххар а, 2024-чу шеран дечкен-беттан 30-чохь мухIажаран статус йелира цунна, даймахкхаь кхерам лаьттачу стагана санна.

Диъ шо хьалха йохка-эцар лелош хилла Соьлжа-ГIалара Мукаев Салман сацийна, Ленинскан кIоштара полицин декъа дIавигира. Цигахь гей ву аьлла, бехкаш дехкира цунна. Бахьана дара, гергарло тосучу сайтехь цхьана йоIаца цо дина йоза, и дешначу оперативан белхахочо хьесап динера, Мукаев ЛГБТ-комьюнитица воьзна ву аьлла.

И бакъ дац бохуш, Мукаев харцдан воьлча, йиттинера цунна, са дукъийнера, цул тIаьхьа ток йеттийтинера. ТIехь ницкъбина, камерана хьалха дIа а хIоттийна, йоцу цIе тIеэцийтинера цуьнга, мукIарло дина аьлла, цIеначу кехаташна куьйгаш йаздойтуш. Цул тIаьхьа ши де даьлча дIахийцира лаьцнарг, шайца йукъахь "болх бийриг": интернетехь божаршца гергарлонаш туьйсуш, царна мотт бетта декхаре вара иза.

Шен ка ма йелли Мукаев вада гIоьртира Эрмалойчухула Европе, амма дозанхойн постехь сацийра иза. ТIаккха къаьстина хиллера, иза Оьрсийчоьно федералан лехамашка велла хилар. Полицира аравалийтинчул тIаьхьа ши кIира хан йаьлча, цунна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх айдина хиллера, бакъо йоцуш герз латтийна аьлла. Мукаев кхийтира, Эрмалойчоьне шена тховкIело йехар бен шен кхин некъ цахиларх

Цуьнан аьтто хилира шен дегIа тIера чевнаш дIайазйайта жимачу пIелгIашна тIехь цIока йацара, корта бара лазийна, йаьIна йистина йара. ХIетте а Талламан комитето дуьхьало йира цуьнан дIахьедарца бехктакхаман гIуллакх доло.

Шайн вахархо Оьрсийчоьно схьавоьхура Эрмалойчоьне, амма ша Мукаев а, цуьнан адвокат а тешна вара: даймахкахь цунна вен кхерам латтарх. Оцу йоллу заманчохь мухIажар Эрмалойчохь вара официалан статус а йоцуш, кхело масийттазза дIатеттира цунна Оьрсийчу эустрдици йарх хаттар листар. Кху деношкахь Ереванан административан кхело эххар а йели Мукаев Салманна официалехь мухIажаран статус.

Кхелан сацамехь билгалдаьккхина, ЛГБТК+ йукъараллин векалшна Оьрсийчоьнан муьлххачу декъехь а тIаьхьабевр хилар

Кхелан сацамехь билгалдаьккхина, ЛГБТК+ йукъараллин векалшна Оьрсийчоьнан муьлххачу декъехь а тIаьхьабевр хилар. Нохчийчу-м стенна дуьйцура, Оьрсийчоьнан муьлххачу регионе Мукаев кхачахь а, цуьнан маршонна а, цуьнан дахарна кхерам бу.

Кхело къастош билгалдаьккхина Оьрсийчоьнан керла низам, цуьнца а догIуш, боцуш болу "дуьненайукъара ЛГБТ болам" экстремистийн лерина. Мукаев ЛГБТК+йукъараллица вацахь а, кхузахь маьIне дац, хIунда аьлча, йуьхьанца дуьйна а Соьлжа-ГIалара полицино оцу "зуламна" бехкевора иза.

Оьрсийчу шена экстрадици йан дуьхьало йарх лаьцна дуьйцучу Мукаевс билгалдаьккхира, кхин дIа ваха а, эрмалойн мотт Iамо а, балха ваха а лаам бу шен аьлла. ХIинццалц схьа бакъоларйаран организацеш бахьана долуш хене вийлина иза, хIунда аьлча, балха ваха бакъо йацара цуьнан.

"Соьца зIене а бевлла, бакъдира, кхело соьгахьа сацам тIеэцна аьлла. ХIара хила йиш йара иштта, суна са гатдина нах а, хаамийн гIирсаш а бахьана долуш, царна бен-башха дацара сох хиндерг", - аьлла цо Свобода Радмион эрмалойн сервисе.

Мукаев лаьцна, ца ваьллачу денна иза махкара дIавахча буьйхира цуьнан доьзал: итт шарахь цуьнан цIартIехь хилла хIусамнана шайн йолчара дIайигира. Цунна хетарехь, даймахкарчу цуьнан гергарчу нахана кхераме хила ца деза, амма хIетте а, цаьрца йолу зIенаш хедийна цо, нохчийн полисхой коча ца эхийта царна.

Оьрсийчоьно Iаткъам бан там бара аьлла ца Iаш, кхело сацам бина

Бакъоларйаран "СК SOS" тобанан пресс-секретаро Мирошникова Александрас Кавказ.Реалиина йеллачу комментарихь элира, кхелан сацам нийса а бу, цуьнга сатуьйсуш а дара шаьш аьлла.

"Дуьненайукъарчу бакъонца а, Эрмалойчоьнан низамашца а, Оьрсийчоьно Iаткъам бан там бара бохуш, йуха а ца хьоьжуш, кхело шайн говзаллица сацам бина. ЧIогIа ларамца, баркаллица хьуьйсу тхо, Эрмалойчоьнан кхелан оцу гIуллакхе хьежаре", - билгалдаьккхира редакцица къамелдечо.

Цунна хетарехь, Оьрсийчуьра адамаш а, организацеш а, журналисташ а мел а човхийна бу таханалерачу Оьрсийчоьнан зеделлачо, адекватехь болу кхелан сацам тIеэцар а цхьа лартIахь доцург санна тIеоьцу. Цо бахарехь, сацам дуьхьало йеш хила там бу бохуш Iара уьш, Эрмалойчоьнан а, Оьрсийчоьнан а уьйраш хилар тергоне эцча. Амма бакъоларйархоша йуьхьанца дуьйна билгалдоккхура, кхелахойн оцу гIуллакхца бала хилар а, суьдхой шайн говзаллица болх беш хилар а.

"Йеххачу заманчохь адвокаташа а, организацеша а оцу гIуллакхехула собаре болх баран тIаьхье йу хIара", - дерзийра Мирошниковас.

  • 2023-чу шеран оханан-баттахь цхьа могIа Оьрсийчоьнан бакъоларйаран организацеша ООН-е рапорт хьажийра, Къилбаседа Кавказехь адамийн бакъонаш даим а хьоьшуш хиларх дIахоуьйтуш. Рапортан авторшлахь йу Оьрсийчоьнан "Правовая инициатива" организацица, адамийн бакъонаш Iалашйен "Мемориал" Центр а, Кризисан "CК SOS" тоба а.
  • Нохчийчуьра кхайлахчу набахтехь гIелонаш хьегийтарх хаамаш кхочу бакъоларйархошка, дукха хьолахь цу чу кхочу ЛГБТК+йукъараллин векалш, йа кадыровхошна гейш бу аьлла хета нах. "Бахархойн бакъонашкахьа Комитет" организаци а, кхинболчу бакъоларйархоша а масийттазза хаамаш бира, Нохчийчуьра къайлахчу набахтешкахь ницкъахоша лечкъийна махкара бахархой латтабо бохуш.
  • Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана чIагIдо, республикехь къайлах набахтеш йац бохуш. Доккхачу декъанна цо дIахьедира, шен цIийнан дозана тIехь бакъо йоцуш лецна нах латтон лармаш йац аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG