ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Австрехь президентан харжамашкахь эшна националистийн кандидат


Австри -- Ван дер Беллен Александр, ГIура-бутт, 4, 2016
Австри -- Ван дер Беллен Александр, ГIура-бутт, 4, 2016

Австрехь кIирандийнахь дIабаьхьначу президентан харжамийн шозлагIчу гонехь  пачхьалкхан лакхара дарж къовсуш вара аьтто-радикалан партин векал Хофер Норбертий, возуш воцу кандидат Ван дер Беллен Александрий. Ван дер Белленс толам баккхаро сацийна Австрехь националистийн хьежамаш болу ницкъаш Iедале бахкар.

Президентан харжамаш Австрехь баханчу стигалкъекъа баттахь хилла бара. ХIетахь экономикан профессор а, дуккхаъчу шерашкахь Баьццарчу партин куьйгалхо а хилла, амма карарчу хенахь возуш воцу кандидат санна президентан дарж къовсуш хилла волу Ван Дер Беллен Александр тоьллера, националистийн хьежамаш болчу меттигерчу Маьршачу партин векал Хофер Норберт тIаьхьа а вуьтуш.

Бакъду, масех эзар стаго бен совнах ца теснера цунна кхаж, Австрин исторехь цкъа а ца хиллачу кепара ул-уллехь шина кандидатан жамIаш а нисдеш. 50 процентал жимма сов эккхаш кхаьжнаш гулийра цо хIетахь, ткъа Хоферо – 49 процентий, ах процентий.

Цунах Маьршачу партин векалшна тоаъалла бахьана хилира, аьзнаш нийса дагардина ду бохучух шаьш ца теша, керла харжамаш бан беза, аьлла кхеле бовла. Кхело тIаккха керла харжамаш шо довш дIабахьа сацам тIе а ийцира.

Кхузахь ала догIу, нагахь санна стигалкъекъа баттахь Ван Дер Беллен жимма бен ца ваьллехь а, хьалха ваьлла хиллехь, хIинца, карарчу муьрехь, аьтто-радикале хьежамаш болу ницкъаш, Хофер коьртехь а волуш, Iедале бахкарна кхерам вуно боккха бар.

ХIунда аьлча хьалхарчу харжамаш болуш хиллачул а хаъалла дерачу даьллера юкъараллерчу климатан хьал, къаьстина тIебаьхкинчу нахаца меттигерчу бахархойн болу хьежамаш а, радикалечу исламхоша даханчу аьхка Европехь цхьа могIа террорхойн тIелатарш дар бахьана долуш бусулбачаьрца махкахь гамо яржар а, мигрантийн могIаршкарчу наха деш долу зуламаш гIардийлар а бахьана долуш.

Цундела хIинца хIетахьчул алсамох харжамхоша Хоферна шайн аьзнаш дIадала там бу бохуш шайхаллаш дора тергамхоша а, хаамийн гIирсаша а.

Ткъа нагахь санна иза тоьллехь, цунах йоллучу Европехь а домино-ловзаран эффект хила там бара, Германехь а, Францехь а, Нидерландашкахь а аьтто-популисташна шайн ницкъашна мобилизаци ян сигнал а хуьлуш, цигахь а уьш Iедале бахка а тарлуш.

Амма оршот дийнахь арадаьллачу немцойн Зюддойче Цайтунго шен артиклан „Австрино ша ларйи ша аьтто-популистинй кхерамах“ аьлла тиллинчу цIаро вуно дика гойтуш ма-хиллара, кхиинчу юкъараллина националистийн а, аьтто-радикале а хьежамаш болчу нахаца боьзна болу кхерамаш кхеташ хиллачух тера ду.

Цкъа а ца хиллачу кепара дукха адам арадаьллера цундела кIирандийнахь кхаьжнаш тоссучу кепашка даха а, шайн мохк националисташ Iедале барах ларбан а.

Цу адамашна юккъехь иттанашкахь бара Австрехь бехаш болу, цу мехкан паспортийн долахой болу нохчи а, аьтто-радикалечу партин векал президент харжахь кхечу мигрантийн санна шайн хьал а оьшура дуйла кхеташ болу. Венин яхархочо Садулаева Беллас дийцира Маршо радионе ша а, шен доьзал а Ван Дер Беллен а харжа дахарх лаьцна.

Садулаева Белла: „Стигалкъекъа баттахь харжамаш нийса ца бина аьлла кху гIура баттахь кхин цкъа и харжамаш бан сацам бинера. Вуно дукха адам дара арадаьлла.

ЧIогIа къепенехь, дика дIахьош харжамаш а бара уьш, адам дукха латта а ца дезаш, рогIехь сихха чекх а долуш. Сарралца сагатдира оха мила вер ву-те бохуш, ткъа Ван Дер Беллен ваьллийла кхетча, чIогIа хаза кхаъ а хилира суна. ХIунда аьлча цо тIебаьхкинчу нахаца цхьа нийсоне политика лелор ю-кх аьлла айса сатийсарна“.

Австрерчу президентан харжамийн официале жамI иштта ду – Хофер Норберто 46, 7 процент каьжнаш даьхна, ткъа Ван Дер Белленс – 53,3 процент.

Ткъа мила ву Австрин керла президент? Оьрсийчуьрчу хаамийн гIирсаша иза оьрсийн эмигрантийн тIаьхьенах ву бохуш яздо. Амма бакъдолчехь Ван Дер Белленан дай, цуьнан фамилино ма-гайтара, Нидерландашкара хилла, оьрсийн эла волчу хенахь цу махкахь совдегаралла лелош, цигахь Iийна уьш. Ткъа революци яьллачул тIаьхьа болшевикех къаьхкина Эстони дIавахана Австрин президентан да.

Цул тIаьхьа Советан пачхьалкхено Эстонина аннекси йича Ван Дер БелленгIеран доьзал мухIажарш а бевлла, Австри бахана. Цигахь, Тирол латтахь вина ву Александр а. Цундела Австрин президент Оьрсийчуьра орамаш долуш ву бахар нийса дац, мелхо а, Оьрсийчуьра бовда безначу хIолландхойн тIаьхьенах ву иза.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG