Совет пачхьалкх йолчу заманехь, коммунистан идеологица а догIуш, дин лелор дихкинера цу пачхьалкхан Iедало бахархошна. Дихкина хиллехь а, дан луучо цIахь ламаз дора, йоьшчо мовлад йоьшура, дечо зуькар дора, велла стаг бусалба дина ма-бохху дIа а вуллура. Дукха нах бацара Нохчийчохь динх кIорга Iилма дерш а, цуьнан кIоргалле кхийдашберш а. Я лиъча, дин кIоргга Iамо меттиг а яцара Нохчийчохь.
Коммунистийн оьмарехь юкъараллехь дин хааро дарже кхача аьтто ца бора, я бахам вовшахтоха гIо а ца дора. Амма и пачхьалкх йоьхначул тIаьхьа, дерриг хийцаделира: маршо елира муьлхха а дин лело а, Iамо а. Динца яьлла маршо чIогIа эвсара хилира Нохчийчохь. Динх а лортIехь кхеташ боцчу нохчашна цIаьххьана бевзира салафиташ а, вахабиташ а олу нах. Церан могIаршка хIиттира дуккха а нохчий кегийнах. Царна реза берш, боцурш а бара Нохчийчохь, иштта уьш а бара нохчашлахь лела ламасташ а, цхьадолу гIиллакхаш а, динца догIуш дац бохуш, уьш емалдеш.
Нохчийчуьра шолгIа тIом болабеллачул тIаьхьа тайп-тайпа бусалба дин туьду а боламаш баржа буьйлира Нохчийчохь. Де дийне мел долу а церан терахь совдолчух терра ду махкахь.Ша аьлча, даханчу кIирнахь Таблихан боламан векалш бара Нохчийчуьрчу куьйгалхочуьнан Кадыров Рамзанан бIаьрг тIехIоьттинчех. Сектанташ бу боху цу нахера цо бехк баьккхира Нохчий къам декъарна а, харц дине болу хьежам баржорна, шайн вирд дIатасарна а. Цуьнца цхьана хиллачу Нохчийчоьнан муфтис Межиев Салахьс иштта мах хадийра Таблихийн:
“ Таблих боху стаг сектанкт ву, вайна хаа ма хаьа, вай къамел ма дира. ТIаккха Индехь а, хьо тешна волуш, оцо вуьйцучу волчу Мохьлана СаIадс таблих бохург сект ю шуна элира. Мовлана СаIадс ша устаз лаца олуш ца хезна суна. Ахь и устаз хIунда лаьцна ца хаьа, бакъдерг дийцича. Уьш хьадисан Iилманехь болуш, тIарикъаташкахь болуш нах бу, ткъа царна тIаьхьахIоьттина болчу цхьаболчу нах цхьа долу хIуманаш кегдо. Арахьара устазаш лоцуш, лела гIуллакх долуш дац вай. Вай гергарло лелор, беркат эцар, иза ша ду, вайн шайн устазаш бу.”
Индехь туп тоьхна Таблихашкара бехк баккхар кхин терго ца еш нохчаша дитнехь а, кхечу кепара тIеэцна цара кху деношкахь интернет машенашкахь яьржина касназаних видео. Цу тIехь масех нохчий ву шайна коьртах урс латадойтуш. Коьртачу декъана оьгIазлонца тIеоьцу хьовсархоша шатайпа и дин лелоран кеп.
Интернет аьхкча хаало цу нехан шен телегойтила а хилар а. интернетехь:
Цу телегойтиллехь дIахоуьйту цара шайна дахарх хетарг, шаьш бусалба дин лелоран кепах а.
Нохчашлахь шиIа динан кеп яржорехь го цхьа шиIа моллана терроризман дуьхьал дарба. Цу видеона бухара комменташ ешча Iорадолу, нохчаша цуьнан дешнаш аьттехь а къобал ца дар.
Массо а вончу хIуманех вай лардийр дерг салафизм ю, бохуш къуьйсу кхечу интернет пайдаэцархочо. Цо шатайпа туьду Нохчийчохь динца доьзна хIоьттина хьал.
Кхин а шина бусулбачу сектийн векалш дебаш бу нохчашлахь, бохуш юьзна интернет маша: караниташ а, хабашиташ а. Церан а ю кхечарех къаьсташ динх кхетаран кеп. Делахь а, тIаьхьарчу хенахь нохчашлахь бусалбачу дине болу хьежам билгалбоккху дешнаш, ша аьлча, - суфист, салафит, таблих, карамит, каранит, хабашит, - алсамдевллехь а, дино хьоьху къинхетам а, барт а алсамбаьлла ца хаало нохчашлахь.
“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832