ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Вайлдберрис" маркетплейсца бартбар вовшахтоьхнарг сенатор Керимов Сулейман ву – "Дождь"


Керимов Сулейман
Керимов Сулейман

Оьрсийчоьнан уггаре а йаккхийчех цхьаъ йолу Wildberries маркетплейс арахьарчу рекламан операторца Russ-ца цхьаьнатоха барт бинарг ву Дагестанера сенатор а, миллиардер а Керимов Сулейман. Цо вовшахтоьхнера Wildberries компанин долахочун Бакальчук Татьянин а, Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран а цхьаьнакхетар.

Цунах лаьцна хаам бина "Дождь" ресурсан журналисте Таратута Юлига Кремлана гергарчу йеа хьасто. Цара бахарехь, Керимовн интересашца ду бартбар.

Хьостанаша чӀагӀдо, Керимовс шега "ма-дарра аьлча, безам бахийтина" Бакальчук цкъа хьалха президентан администрацин куьйгалхочуьнца Вайно Антонца цхьаьнакхетар хилийтира, цул тӀаьхьа иза Путинна тӀейалийнера бохуш.

Цхьана версица, Керимов дагахь ву Бакальчукан интересашна дуьхьал а волуш, Wildberries компанина тӀехь Ӏуналла дар шен караэца. "Да воцу компани йара иза, хӀинца Сулеймана маьхза схьаоьцуш йу иза", - элира "Дождь" телеканалаца къамелдинчо.

Хьалхо "Коммерсантан" а, "ВЧК-ОГПУ" телеграм-каналан а хаамашца, уьш цхьанатухуш барт бар оьшуш хиллачух тера ду Дагестанан цIарах сенатор волчу, миллиардерна Керимов Сулейманна а, ГIалгIайчоьнан цIарах Оьрсийчоьнан парламетехь депутат волчу Барахоев Бекханна а. Хьалхо иза вузуш вара Russ компаница.

Мангал-баттахь Forbes журнало хаам бира, Ӏедало къобалдина Wildberries а, Russ а цхьаьнатохар, и барт тӀечӀагӀбина Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира а аьлла. Цо шен администрацин куьйгалхочун гӀовс волчу, экономикан министр хиллачу Орешкин Максимна тӀедиллира иза шен тергонехь латтор. Цуьнца йогӀу резолюци Путина хӀоттийра Бакальчук Татьяне а, Мирзоян Роберте а йаздинчу кехат тӀехь, цу тӀехь цара чӀагӀдора, цхьаьнатохарца Оьрсийчоьнан ВВП шарахь I,5% совйоккхур йу аьлла.

Де хьалха Нохчийчоьнан куьйгалхо йукъагӀоьртира Вайлдберрис компани арахьара реклама йечу Russ Outdoor операторца цхьаьнатохарца кхолладеллачу хьолана. Кадыров Рамзана дош делира бизнесменан Бакальчук Владиславан шен хӀусамненаца, Вайлдберрисан компанин долахочуьнца Бакальчук Татьяница хиллачу девнехь цуьнан интересаш ларйарехь "йист йаллалц" тийсалур ву ша аьлла.

Кадыровс дIахьедира, Бакальчук Татьяна "рейдерша цIийндех а, ворхI берах а херйина" аьлла, ткъа и хилла барт "эхь доцуш рейдерийн дIайаккхар" ду аьлла. Цо цунна бехкебина Russ тобнан куьйгалхой, ши ваша Мирзоян Роберт а, Леван а, "масех кавказхо" а.

Рейдерийн дIайаккхар ду бохураг бакъ ца до Бакальчук Татьянас, иштта цо дIакхайкхийна хIусамдеца ша кхаьсташ хилар а.

Вайлдберрисан гонахарчу гIуллакха йукъа гIертар йац Кремль хIунда аьлча, уьш доьзалан а, бизнесан а йукъаметтигаш хиларе терра, аьлла Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретаро Песков Дмитрийс.

  • Керимов Дербентера схьаваьлла ву, совдегар а, Федерацин Кхеташонан декъашхо а ву иза, ишта цхьана хенахь Пачхьалкхан Думан депутат а вара иза. Оьрсийчохь уггаре а хьалдолчу нахалахь 9-гӀа меттиг дӀалоцу цо, цуьнан бахам Forbes-н зерашца – 14,5 миллиард долларшкахь бу. Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн а, Евробертан а, Британин а, Керлачу Зеландин а санкцеш йу цунна дуьхьал йаьхна. Керимовн йоӀана Гульнарина а, ХIинжа-ГIалин аэропорт долахь йолчу цуьнан кӀантана СаӀидна а, сенаторан коьрта финансийн юкъаралхо ву олучу йишин кӀантана Гаджиев Нариманна а дуьхьал санкцеш йаьхна Британино а, Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа а. Ишта Керимовн хӀусамнана а, Керимовн кхин цхьа йоӀ а санкцийн тептаре йаьккхина Америко.
  • Бакальчук Татьяна – Оьрсийчьура уггар а хьал долу стаг йу, Forbes-о хIоттийначу пачхьалкхера уггар а хьал долчу нахах тептарехь 22-гIа меттиг дIалоцу цо. Цуьнан бахам – 7,4 миллиард долларшкахь бу. Бакальчук йу шеггара Wildberries маркетплейс а , "Вайлдберриз Банк" а схьайиллинарг. РБК тIетовжучу ЕГРЮЛ-н реестран зерашца, маркетплейсан 99 процент цуьнан йу, ткъа цуьнан хIусамдена кхочу 1%. Бакальчук Татьянина а, Владиславна а Украино санкцеш тоьхна тIом а балале хьалха, цул тIаьхьа Польшин Iедалхоша а йехира царна дуьхьал санкцеш.
  • Дагестанан цIарах Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан думин депутат лаьттина Гаджиев Магомед цуьнан махкахочун, бизнесан накъостан, Дагестанан цIарах Федерацин Кхеташонан декъашхо волчу Керимов Сулейманан дехарца "арахьарчу агентийн" тептаре йазвина. Иштта Гаджиевна дуьхьал бехктакхаман гӀуллакх доладайтина цо, къастийра "Проектан" журналисташа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG