ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Вайлдберрис-н а, Кадыровн а гIуллакха йукъа гIертар йац Кремль – Песков


Песков Дмитрий
Песков Дмитрий

Вайлдберрисан гонахарчу гIуллакха йукъа гIертар йац Кремль хIунда аьлча, уьш доьзалан а, бизнесан а йукъаметтигаш хиларе терра, аьлла Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретаро Песков Дмитрийс.

Де хьалха Нохчийчоьнан куьйгалхо йукъагӀоьртира Вайлдберрис компани арахьара реклама йечу Russ Outdoor операторца цхьаьнатохарца кхолладеллачу хьолана. Кадыров Рамзана дош делира бизнесменан Бакальчук Владиславан шен хӀусамненаца, Вайлдберрисан компанин долахочуьнца Бакальчук Татьяница хиллачу девнехь цуьнан интересаш ларйарехь "йист йаллалц" тийсалур ву ша аьлла. Хьалхо президенто Путин Владимира къобалбира ши бизнес вовшахтуху церан барт.

Бакальчук Владислава шега ма-дийццара, Нохчийчоьнан куьйгалхочо и хилла барт "эхь доцуш рейдерийн дIайаккхар" ду аьлла, цунна бехкебина цо Russ тобнан куьйгалхой, ши ваша Мирзоян Роберт а, Леван а, "масех кавказхо" а.

Зорбанийн хаамашца, уьш цхьанатухуш барт бар оьшуш хиллачух тера ду Дагестанан цIарах сенаторна, миллиардер волчу Керимов Сулейманна а, ГIалгIайчоьнан цIарах Оьрсийчоьнан парламетехь депутат волчу Барахоев Бекханна а. Хьалхо иза вузуш вара Russ компаница.

Бакальчук Татьянас шен майрачо динчу дӀахьедаршна реакци йира, Нохчийчоьнан куьйгалхочо дина дӀахьедарш тергал а ца деш. "ХӀара рейдерша дӀалацар дац, хӀара вай дIасакъастар ду", - РБК-но далийна Wildberries пресс-сервисан дешнаш. Бакальчука чӀагӀдо, Russ-ца барт бар Бакальчукца дийцаре дина а ду, цхьаьнатоьхначу компанин презентацихь а иза хилла ву бохуш.

  • Дагестанан цIарах Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан думин депутат лаьттина Гаджиев Магомед цуьнан махкахочун, бизнесан накъостан, Дагестанан цIарах Федерацин Кхеташонан декъашхо волчу Керимов Сулейманан дехарца "арахьарчу агентийн" тептаре йазвина. Иштта Гаджиевна дуьхьал бехктакхаман гӀуллакх доладайтина цо, къастийра "Проектан" журналисташа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG