Цхьаццачеран гергарниш адам дIакхалхийна, цIерпоштин вагонашкахь дуьгучохь белла, вукхеран гергарнаш дIакхаьчначул тIаьхьа мацаллина я шелонна белла. Цхьаберш шаьш а бу дIадохорехь бина, шаьш дуьненчу довларан тоьшаллашкахь вина меттиг санна билгалйаьккхина Казахстан а, Киргизи а йолуш.
Ткъа цхьаццаберш, хIинца вайн деношкахь кIеззиг бен ца биснарш, шаьш бу дIадохор шайн бIаьргашца гина а, шайн яIни тIехь лайна а.
Ишттачех, депортаци шаьшна гина а, лайна а чарех масийта стаг вара еари Iуьйранна Францерчу Страсбургехь дIаяьхьанчу митингехь вистхуьлуш.
Шен масех доьзалхо Нохчийчохь вийначул тIаьхьа, ткъа бухабисначарна а, ур-аталла къеначу шена а цу махкахь кхин дIа ваха меттиг ца битинчул тIаьхьа къанвеллачу дийнахь махках вала дезна, Францехь вехаш волу Асхабов Даналбек а вара, къам дохор лайна ца Iаш, кхин шиъ луьйра тIом а, шен когаирихIиттина болу доьзалхой баъинчул тIаьхьа ур-атталла мегарг дIабохкар а ца магдеш, церан декъий сийсаздар а лан дезна волу, цул тIаьхьа мухIажар ваьлла лела хан йоцучу хенахь махках вала дезна волу.
Вара цигахь иштта Европерчу нохчийн Къанойн Кхеташонан векал волу Докудаев Ахьмад а, Германехь вехаш волу, иштта депортаци гина а, лайна а волу.
Йоллучу Европера гулбеллера Страсбургехь Европарламантан гIишлонна хьалха дIаяьхьанчу митинге вайнах. И цхьаьнакхетар вовшахтухуш хиллачех цхьаъ ву Магомадов Рамзан, Ниццерчу нохчийн-гIалгIайн ассоциацин куьйгалхо волу. Цо дийцира, гергарчу хьесапехь цхьа эзар стаг гулвеллера нохчийн къоман бохам дагалаца, бохуш.
Магомадов Рамзан: „Эзар герга стаг вара цигахь гулвелла. Кегийнарш а, баккхийнарш а. Кхечу мехкашкара а, гIаланашкара а схьабаьхкина нах а бара. И де дагдогIуш болчу къаноша къамел дира, шайн дагалецамаш буьйцуш. Иштта баккхийчара вайн къомалахь барт оьшуш хилар дийцира, къестамаш а битина, иштта а кIеззиг долу вай вовшашца берта дахка дезаш хиларх лаьцна дийцира.
Цул совнаха, оха цигахь дийцира, хIара санна йолу митингаш бусалба динехь магийна дац боху къамелаш питанна даржош хилар а, хIара санна долу цхьаьнакхетарш шарIаца а, гIиллакх-гIуллакхца догIуш хилар а, кхин а тIейогIучу хенахь вай дIадахьа дезаш хиларх а“.
Къам дохор хIора шарахь дагалоцу Берлинехь бехачу нохчийн мухIажарша а. Цу гIалин юккъерчу Бранденбургийн Кевнашна хьалха дIахьон цара нохчийн, гIалгIайн дохор а, ткъа иштта тIаьхьарчу ткъех шарчохь оьрсийн Iедало нохчийн къомана тIехь латтийна къизаллаш а карлайохуш митингаш.
Кху шарахь а хилира Берлинехь беха нохчи цу шайн Iадатна тешаме. Митинг вовшахтоьхначех а, цигахь къамел динчех а цхьаъ ву цу гIалин вахархо Исмаилов Iумар. Цо дуьйцу.
Исмаилов Iумар: „ТIедогIуш догIа долшехь дуккхаъ адамаш даьхкира тахана митинге. Вайн къомана тIехь латтийна къизалла йиц ца ян гIерташ, вайн тIаьхьенашна а иза йиц ца ялийта Iалашонца вовшахкхеттера тхо. Адам хIинца самадолуш ду жим-жима, хьалхачул а алсамох богIу нах митинге. ХIара болх вай иштта кхин дIа а бан безаш ву, вайна тIехь латтийна харцо массарна а дIайовзийтархьама“.
Австрехь бехачу вайнаха цхьа могIа цхьаьнакхетарш ду къам дохорна лерина дIахьош. Еари дийнахь, хIора шарахь чиллан беттан 23-чохь санна, Венерчу ЦIечу салтечун хIолламна хьалха митинг дIаяхьира цу гIалин бахархоша.
Цул совнаха, шотадийнахь Венерчу Lenas-Donau цIе йолчу хьешийн цIийнахь дIахьур дIадохор дагалацаран суьйре. И цхьаьнакхетарш вовшахтухучех цхьаъ ву Венин вахархо Никархо ИбрахIим. БIе сов стаг гулвеллера бохуш дийцира цо Шварценбергплатц олучу майданехь, белхан де ца хиллехь кхин а дукха баьхкина хир бара.
ИбрахIим Никархо: „Вайн тIехь бина болу ши тIом а, тахана а вайн цIахь лаьтташ дерг а – и дерриге а цу 1944 -чу шарахь вайн къам дохорца доьзна ду, цхьа орам бу цу хиламийн, цхьана мостагIчо лелаш хIумнаш ду уьш.
Цундела тахана и де карладаьккхина ца Iаш вай декхарийлахь ду и саннарг кхин вайн тIехь дийр доцуш, цу хIуманна бехкеболчаьрга цуьнан бехк шайна тIеэцийтар а, дуьненан юкъараллехула вайна цхьа гарантеш яхар а. Беха а, боккха а болх бу иза, вай и болх кхин дIа а бийр а бу“.
Нохчийн къам дIадохор дагалоцуш митингаш а, цхьаьнакхетарш а цхьа могIа кхечу Европерчу шахьаршкахь а хилира, шайна юккъехь Брюссел а, Осло а, Хелсинки а йолуш. Цхьаццайолчу меттигашкахь къам дохочу хенахь а, цул тIаьхьа Сибрехахь а кхелхичарна тIера сагIанаш а дехира вайнаха. Цунах лаьцна Маршо радионо тIаьхьо дуьйцур ду.