ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЧIепалгаш деш шайн говзалла гайтира Венерчу мехкаршна


ЧIепалгаш.
ЧIепалгаш.

Аренца кхуьучу нохчийн зудберашна къоман кхачанаш кечбар а, и кхачанаш хьешашна хIитторан гIиллакхаш а Iамош вовшахкхеттера Венехь нохчийн зударий а, мехкарий а. "Австрерчу нохчийн нанойн цхьаьнакхетаралла" цIе йолчу юкъаралло вовшахтоьхначу суьйрене гулйеллера, гергарчу хьесапехь, 50 итт нана шайн доьзалерчу пхийттара девллачу зудберашца. Цхьаццаберш кегийчу берашца а баьхкинера.

Кхуьуш догIуш долу нохчийн зудбераш вовшашна довзийта а, царна къоман кхача кечбаран Iадаташ хьеха а Iалашонца гулбеллачу зударша зудберашца-кхиазхошца цхьаьна кечдира чIепалгаш а, жижиг а, хастоьмаш а чубоьхкина галнаш а, гIаймакхаш а, цхьа могIа кхин кхачанаш а. И кхачанаш кечбина бевллачул тIаьхьа уьш шуьне муха хIиттон беза а, хьеший муха Iалашбан беза а гайтира.

Цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш яра Маршо Радиохь нохчийн кхачанаш кечбаран говзалла видеоклипашца гайтарца евзаш йолу Исханова Айзан.

Нохчийн даарш говза кечдан хууш йолчу цо лакхара мах хадийра 15-17 шераш долчу кхиазхоша кечдинчу чIепалгийн: "Тахана кху зудбераш кхузахь дина чIепалгш боккъал а чIогIа дика чам болуш дар. ХIокху мехкаршна баккхийчарна хьалах муха лела деза а, кхача мухIа кечбан беза а, иза дIа муха хIоттон беза а гойтуш вовшахкхеттера вай. Пайдехьа дуккха а хIума дара кхузахь, тIаьхьа а иштта цхьаьнакхетарш дIадахьа а деза. Дала тIаьхье беркате йойла вайн цу тIехь!".

Шаьш цу суьйренан коьрта турпалхой хилла нохчийн къона мехкарий вуно резахилира цу кепарчу цхьаьнакхетарна. Цхьаьна гIалахь кхуьуш белахь а, церан дукхахчийн наной вовшашна бевзаш белахь а, амма кхиазхойн шаьш шайна юккъехь довзар а, юкъаметтигаш лелор а атта ца нисло миллионаш нах бехачу гIалахь. Уьш массо а доьшуш хилча муххале а. Ткъа ишттачу цхьаьнакхетаршкахь вовше довза а, тIейогIучу хенахь гергарло лелон а бух буьллу.

16 шо долчу Мубаракс дийцира, хIинцачул тIаьхьа чIепалгаш дан хуур ду шена, бохуш: "Тхо тхайн хеннара долу нохчийн зудбераш довза а, юург ян Iама а гулделлера. ЧIепалгаш дан Iемира тхуна. ЧIепалгаш дуьткъа хила дезийла а, кIеда хила безийла а".

18 шо долчу Дианас дийцарехь, цунна уггаре а тайнарг шен хенара долу Венера нохчийн зудбераш довзар а, цаьрца зIе кхоллаялар а ду: "Кхин дIа а зIенехь хир ду тхо, цхьаьна а кхеташ. Тахана оха Iамийнарг чIепалгаш дар ду, ткъа юха вовшахкхеттча оха хингалш дан Iамор ду".

14 шо долчу Милана шуьнахь гулбеллачарна Iуналла деш яра, юург схьахIоттош а, дIайоккхуш а: "ЧIогIа хазхийтира суна кхузахь. Со гIуллакх дечарна юккъехь яра, юург охьахIоттош а, пхьегIаш юьлуш а".

16 шо долчу Амната дийцарехь, шен хеннара сел дукха нохчийн зудбераш довзарх самукъадаьллачу цунна хаалуш а дацара, шаьш ген-генахь Iаш хилар а, шаьш тайп-тайпана хилар а: "Суна тахана дуккхаъ сайн хенара зудбераш девзира. Дукха хазхеттачу тхан тидам а ца хилира, тхо тайп-тайпанчу Венин кIошташкахь дехаш хиларна а, тхо бен-бен интересаш йолуш хиларна а. Кеста кхин а гур долуш барт хилла тхан".

Цхьаьнакхетарехь, шеко а йоцуш, уггаре а каде хьийзаш хилларг кхо шо долу Мадина яра. Ша шершош йолу горгам цхьаьна мIаьргонна саца а йина, цIахь а ша иштта хьуьнаре гIуллакхаш деш хилар хаийтира цо: "Со ю гIуллакхаш деш. ЦIахь даима а гIуллакх до ас мамина гIо деш. Соьга мамас сан ловзоргаш схьагулъе олий, тIаккха ас дика ду аьлла схьагулйийр ю. Схьагулйича ас мамига со парке, Макдоналдсе а, массо а метте а йига эр ду".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG