ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Вен дIавала? Iазапех Нохчийчуьра веддарг Оьрсийчоьне дIавала тарло


Мовлаев Мансур Бишкекан кхелехь, ГIиргIазойчоь, 2023-чу шеран марсхьокху-беттан 21-ра
Мовлаев Мансур Бишкекан кхелехь, ГIиргIазойчоь, 2023-чу шеран марсхьокху-беттан 21-ра

ГIиргIазойчохь лаьцна, ша лачкъийна, шена тIехь Iазапаш хьегначул тIаьхьа Оьрсийчуьра ведда 28 шо долу Нохчийчуьра спортхо Мовлаев Мансур. Регионан Iедалхой тIаьхьабевллера цунна, Кадыров Рамзанна цо критика йарна. 2022-чу шарахь къайлахчу набахтера вада аьтто хиллера цуьнан, цу чохь ницкъахоша хьалха шайггара дуьхьал айдинчу гIуллакхца чохь валлийначул тIаьхьа. ГIиргIазойн бакъоларйархоша дуьйцу,"шина пачхьалкхан къайлахчу сервисийн йукъарлонаш хиларна" Оьрсийчу Мовлаев дIалур ву аьлла, боккха кхерам лаьтта бохуш

"Лаьцна волуш тешаме ду"

ГIиргIазойн Iедалхоша марсхьокху беттан 21-чохь Мовлаевна бехкаш дехкира бакъо йоцуш шайн доза хадорна – луларчу Казахстанехула чувеъна иза. Туркойчу дехьавала дагахь хиллера иза, цигара дIа Европе а ваха, шена тховкIело йеха, йаздо "Оьрсийн Би-Би-Си" телеканало, нохчийн оппозиционерашна тIетевжина.

Делахь а кхело Мовлаев къоман кхерамзаллин Пачхьалкхан комитето (ГКНБ) СИЗО хьажийна гIадужу-беттан 20-чу кхаччалц. Цуьнга кховдийначу артиклехь билгалдаьккхина ду, тховкIело йоьхучу арахьарчу мехкийн бахархойх а, махкалла доцчу нахах а и хьакхалуш йац аьлла.

СИЗО-хь шена латточу хьелашна латкъам ца бина Мовлаевс, цуьнгара хьал а вон дац, хаамбира Кавказ.Реалиин сайте адвокато Насыров Ильгиза – марсхьокху-беттан 21-чохь иза хиллера лаьцнарг волчахь.

"Шен дахарна, могушаллина саготта ву ша бохура Мансура, нагахь санна, ша Оьрсийчоьне дIалахь. Цуьнга кховдийначу артиклаца иза лаьцна вуьтийла дацара. Амма цуьнан Iен меттиг цахиларна а, гуттаренна регистраци йацарна а, кехаташ цахиларна а, кхел декхаре хилира и къепе цунна дуьхьал йаккха. Йуьхьанца дIасавалар а доьхкуш, вита ойла хиллера", - билгалдоккху адвокато.

Хьалхо кхечу адвокато Автандил Бакыта хаамбира Radio France Internationale гIирсе, лаьцнарг Бишкеке вуьгучу йукъанна, "хIора итт минот мел йолу" ницкъахоша цунна йеттара бохуш. Амма кхелехь арз ца дира цо, шеца шогалла лелийна аьлла, тIетуху адвокато.

ГIиргIазойчуьра Iазапашна дуьхьалойен Къоман центран векалш а хилира Мовлаев волчахь. Организацин директоро Рысбеков Бакыта Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь дIахьедира, лаьцначуьнгара цунна йеттарх, ницкъбарх шега бина хаам бац аьлла. "Шина пачхьалкхан къайлахчу сервисийн уьйраш хиларна" иза Оьрсийчоьне дIавала тарло аьлла хета Рысбековна. Оцу йукъанна цо хьахийра Мовлаевна дуьхьал йаьккхинчу кхин а цхьана артиклех.

"Дозанехула дехьваьлла иза, официалан информацица а догIуш, харц кехаташца, кхечу цIарца. Доза хадор доцург а, харц документаш лелорна а бехкевийр ву иза", - боху къамел дечо.

Хаамийн гIирсашкахь йаздора, Бишкекера "Манас" аэропортехь Мовлаев лаьцна бохуш. Делахь а, адвокатан Насыровн хаамашца, Иссык-Кульскан кIоштара Бостери эвлара Бишкеке дIавигина иза. Контртерроран операцин гурашкахь лаьцна ву иза, дIахьедира ГIиргIазойчоьнан Къоман кхерамзаллин Пачхьалкхан Комитетехь. Къайлахчу сервисийн хаамашца, стохка марсхьокху-баттера схьа дуьйна пачхьалкхашна йукъарчу лехамашкахь хиллера иза "радикалан идеологин хьежамаш" бу аьлла.

Мовлаевх шеконаш йу, "хьалхо таIзар текхначу террорхойн тобанера нахаца" хилла иза аьлла. ГКНБ-хь хетарехь, оцу тобанан декъашхой "Шемара дуьненайукъарчу террорхойн йукъараллийн эмиссараша тIедахкарца, ГIиргIазойчуьра хьал долчу нахана тIелатарш дан дагахь хилла. Цхьана террорхойн оршанизацешна ахчанаш латтон оьшуш хилла боху и.

Оьрсийчу дIалучул а, ГIиргIазойчохь лаьцна Iийча гIоле ду цунна

"Экстрадици йарх материалаш суна гина йац. Муьлхха а процессуалехь деш дерг, со йукъахь волуш дан дезаш ду, со адвокат хиларе терра, - боху Насыровс. – Терроризмана ахча латтийна бохучух суна хезна зорбанашкара. Цхьана а кепара официалан кехаташ суна гайтина дац талламо".

Оцу йукъанна иза дIавехаран а, цунна экстрадици йаран а кхерам буьссуш бу, хIунда аьлча, Оьрсийчохь экстремизман гIуллакхна тIехула федералан лехамашка велла ву Мовлаев.

YouTube-ра "Iадат жигархо" каналехь кху баттан 20-чохь Мовлаев Мансурера аудиохаам, цу тIехь цо хоуьйту ша лацарх, гIо а доьху цо.

"ХIинцца адвокат чохь а волуш мукIарло дина, куьгйаздира дийцинчунна, - боху аудио тIерачу озо.- Сан адвокат соьца зIене вер ву. Норгернаш а меттахбаха беза. Хьуна хьайна хаьа-кх хьал муха ду, шайн ницкъ ма-ббу со Оьрсийчоьне дIавала хьовзур бу уьш. Депортаци йахь, хьуна хаьа-кх хиндерг. Айса кхин дIа хIун дер ца хаьа суна. Резонансо гIо дан мега. Хан кIезиг йу".

"Наркотикийн" артиклехь шена дуьхьал шайггара гIуллакх даккхарх а дийцира лаьцначо адвокаташка: оцу тIехула Нохчийчуьра колонихь даккха 3 шо тоьхнера цунна. Кхелийн сайтехь цуьнан хьокъехь бина сацам ца карийра редакцина.

Оьрсийчоьнан нуьцкъаша лелар

Процессехь дакъалаьцначу адвокато Автандил Бакыта дийцира Кавказ.Реалиин сайте, ша Iалашван тIелаьцнарг чохь вуьтуш бинчу сацамна дуьххьара реза хилира ша.

"ГIиргIазойчохь лаьцна витича цунна гIоле ду аьлла хета тхуна, Оьрсийчу экстрадици йечул а. Процесс йолайалале лелаш информаци йара, цIахь лаьцна вита тарло, цул тIаьхьа къайлах пачхььалкхера ара а воккхуш бохуш, иза бакъ ца хиллера", - кхетийра цо.

Мовлаев жигархо вара боху бакъоларйархоша а, адвокаташа а, нохчийн оппозиционераша а, билгалдоккху, Нохчийчохь адамийн бакъонаш хьешарна а, политикан репрессешна а иза дуьхьал вара бохуш, цо гIо деш хилла Iедалхой тIаьхьабевллачу нахана а цхьаьна. Мовлаевс лелочу гIуллакхах лаьцна хIуммаъ ца карийра Кавказ.Реалиин сайтана. Социалан машанашкахь цуьнан цIарах лелош агIонаш а йац.

"Оьрсийчохь Iазапаш лайна ву иза, - билгалдаьккхира бакъоларйаран "Бир дуйно Кыргызстан" боламан куьйгалхочо Исмаилова Толекана. - Шен аларшкахь а, публикацешкахь а цо ийдора дешан маршонан хеттарш, бакъаоларйаран органаш шайн хеттарг лелорах, регионера кхечу проблемех а".

Украинехь тIом болабелчхьана Мовлаевс дуьйцура, Нохчийчохь а, Оьрсийчохь а довчу адамех, цул тIаьхьа уьш тIамтIехь нисдаларх а, далийна Исмаилован дешнаш Свобода Радионо: "Пачхьалкхехь стаг вуьйш делахь, цигахь Iазапаш хьоьгуьйтуш делахь, цигахь нийса кхел йеш йацахь, стаг цига дIахьажон мегар дац. Шуна шайна а хаьа, Оьрсийчохь, къаьсттина Нохчийчохь, хьал муха ду".

Кавказ.Реалиин сайтаца хиллачу къамелехь бакъоларйархочо билгалдоккху, Мовлаевна Оьрсийчу депортаци йахь, баккхий кхерамаш цунна бу бохуш. "Оьрсийчоьнехьа система" йолчу майданахь йу ГIиргIазойчоь, цундела жигархошна а, журналисташна а боккха кхерам лаьтта, боху цо: "Оцу бахьанаца ФСБ дера хийза, кхузахь бу уьш".

Терроризмана ахча латтийна бохург "кIадбоцург" ду боху цо. Вуьшта хиллехь а, шен ма-хуьллу катоьхна ГIиргIазойчуьра дIа а вахана, Европехь ша Iалашвар деха дагахь хир вацара иза, тIетуху Исмаиловас.

Оьрсийчоьнан форматехь нуьцкъаша лелар ду кхеран: "Тхуна омра дина, оцу тIехь чекхдолу" олу

"Милици, къайлаха сервисаш, прокуратура хIора шарахь бохург санна Оьрсийчохь дийррриг деш схьабогIу, - кхетадо къамел дечо. – Цхьана талламхошца къамел хиллера тхан, аса хеттарш дора, аша стенгахь дешна бохуш. Боллу кегийрхоша ФСБ-хь дешна хиллера. Бакъоларйаран кепехь оха хеттарш дича, Оьрсийчоьнан форматехь нуьцкъаллин методашца жоп лора: "Тхуна омра дина, оцу тIехь чекхдолу" олий.

Адамийн бакъонаш, дуьненайукъара декхарш, ГIиргIазойчоьнан республикан конституци шолгIачу метте йоккху паччхьалкхан ницкъаллин структурашна луучуьунга хьаьжча, боху Исмаиловас.

Ницкъаллин структурийн карахь

VC.RU сайтан информацица а догIуш, Мовлаев тхэквандон спортан мастер ву. Цунна лерина цуьнан шен суьрташца публикаци гучуйелира марсхьокху-беттан 11-чохь, иза ГIиргIазойчохь лаца итт де дисинчу хенахь. Бинчу хаамца, 2018-чу шарахь инженер болх беш вара иза "Чеченэнерго" компанихь.

Европехь куп тоьхначу бакъоларйаран "Вайфонд" ассоциацино хаамбира Кавказ.Реалиига, Йоккхачу АтагIахь бехаш болу Мовлаевн гергарнаш Iедалхоша лечкъина бигина аьлла. Цунах лаьцна иштта хаийтира марсхьокху-беттан 21-чохь кхинболчу цуьнан гергарчара а. Адвоката Насыровс лаьцначунна тIетевжина бакъдира, вуьйцург цуьнан ши ваша хилар. Нохчийн оппозиционерийн хаамашца, карарчу хенахь Шеларчу полицин декъехь латтош ду Мансуран да-нана а, йиша а.

Полицин декъехь Кавказ.Реалиин редакцина жоп делира, Мовлаевн гергарнаш цига балийна бац аьлла.

Оьрсийчоьнна а, ГIиргIазойчоьнна а, Казахстанна а йукъахь доьдучу шеран мангал-беттан 21-чохь дуьйна барт бу бина вовшашна бакъонан гIо латтон, кхетадо адвокато Автандил Бакыта. Документаца а догIуш, пачхьалкхаша дIасахоуьйтур ду махкалла долчех, адамийн бахамех, кхеле тIеозийна хиларх, оцу стеган документех а, кхинболу а хаамех.

Оьрсийчоьнан ницкъахоша хIинцале а дIахаийтина адамаш довзуьйтучу системина 85 эзар стагах лаьцна, йаздо "24.kg" сайто. Мангал-баттахь йукъайаьккхина йу и сервис. Цо болх бечу итт дийнахь пачхьалкхашна йукъарчу а, СНГ-н мехкашкахь а лехамашкахь хилла 57 стаг билгалваьккхина. Церан талламбина информационан базашкару хаамашкахула, чоьте а эцна и нах. Царех виъ лаьцна. Бу царлахь Оьрсийчоьнан а, Узбекистанан а бахархой.

Уьш берриш а лецна арахьа хIиттийначу камерашца, йаздо гIирсо. Хууш дац, Мовлаев Iедалхоша оцу системица лаьцна ву йа вац.

  • Хьалхо Оьрисийчу дIахьажийра анархист Рожков Алексей, Оьрсийчохь тIамна дуьхьал бевллачу жигархойх цхьаъ вара иза. 2022-чу шаран зазадокху-баттахь тIеман комендатурех цIе тесира цо тIамна дуьхьал протест йеш. Иштта ГIиргIазойчохь лецира "Аьрру дуьхьалойар" тобанан декъашхо Крылова Алена а, "Аьрру блокан" декъашхо Скорякин Лев а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG