ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тера лелча а, хилча а цхьаъ ду...


Австрера нохчийн мухIажарш пачхьалкхера арабахар алсамдаларо гIайгIа латтайо цу махкахь бехачу вайнахехь. ХIора дийнахь аьлча санна даьржа диаспорехь рогIерчу нохчийн доьзална я Полше, я Оьрсийчу депортаци йина я депортаци йийр йолуш хиларх хаам кхаьчна боху коста.

Иза стенца доьзна ду, ткъа иштта Австрехь шерашкахь дIа а тарбелла бехаш болу вайнах махках бахар муха сацор дара-те боху хаттар дара Венерчу нохчийн-гIалгIайн кхеташонан кхерчахь дийцаре деш.

Цу кхеташонехь зударшца болх баран декъахой гулбеллера, тIаьхьарчу масех кIирнахь иттанашкахь нисделлачу депортацийн хьокъехь дагабовла.

Гулбеллачарна юккъехь бара тайп-тайпанчу пачхьалкхан хьукматашкахь а, урхаллера йоцучу цхьаьнакхетараллашкахь белхаш беш болу зударий, шайна юккъехь социалан белхахой а, хьехархой а, гочдархой а, юкъараллин жигархой а болуш.

Коьртачу декъахь уггаре а хьалха цаьрга кхочу цу махкахь бехачу нохчашца йоьзна йолу информаци, хIунда аьлча церан клиенташна юккъехь дукха нохчийн доьзалш хиларна а, шайн балхан башхалла бахьана долуш Iедалерчу информацин хьостанашца боьзна уьш хиларна а.

Цул совнаха, Iедалца я пачхьалкхан векалшца шайн цхьа проблема нисйелча цу зударшна тIе боьлху Венера нохчий шайна гIо деха а – консультацица хуьлда иза, Iедалхошка кехаташ яздар хуьлда, я кхелан сацамашна дуьхьал латкъам бар хуьлда иза.

Гулбеллачара дийцаре дира карарчу хенахь Австрерчу нохчийн диаспорина хьалха лаьтташ йолчу коьртачу проблемашца доьзна дерг конкретечу масалшца.

ХьастагIа ша чохь бехачу петарх беттанашкахь мах дIа ца баларна петаран долахочуьнца дар-дацар а хилла, цу чуьра арабаккха кечбинера цхьа нохчийн доьзал. И доьзал кегийчу берашца урамехь буьсуш хилар хиинчу берашна Iуналла даран хьукмат цаьргара бераш дIа а даьхна, Iедало кечйинчу леричну кхерча дIадала хьевзинера.

Бераш дIадахаре гIуллакх ца далийта орцах бевллачу кхеташонан декъашхоша и проблема цу буссехь къастийнера, Iедалний, цу доьзалний юккъе а хIоьттина. И санна дерг Венерчу нохчашца масийта нисделла хиларна, цу гIалара нохчийн доьзалш ишттачу гIалатах муха ларбан йиш ю, петарех ахча дIа а ца луш декхаре бахана болчу дай-нанойн жоьпаллех а, шаьш лелочун тIаьхьалонаш шайн берашна бале евр хиларх уьш муха кхето беза бохург дийцаре дира Кхеташонерчу зударша.

Цул совнаха, цара теллира, сел дукха нохчийн доьзалшкара тховкIелонах болу позитиве Iедалан сацамаш дIа а бохуш, и доьзалш я махках бохуш, я царна позитивана меттан визанаш ялар стенца доьзна ду. Цу махках дахарийн бахьанаш тайп-тайпана ду.

Кегирхой радикале санна Iедална гIарбевлла хилар дийцира цхьаьнакхеттачара цу хиламан бахьанех цхьаъ санна. Иштта джихадхойн идеологи яржош я криминалечу леламашкахь гIарбевлларш бу депортацин кхерам шайх хьакхабелларчарна юккъехь алсам.

Ибрагимова Маликина хетарехь, и дерриге а хууш а хилча, кегирхой а, церан дай-наной а шайн самалла алсамъяккха езаш бу, нагахь санна шайн берийн хиндерг шайна мехала делахь.

Ибрагимова: „Iедал и вайн Шема оьхуш болу кегирхой шайн тидамехь латтош ду. Цундела ала лаьа: тера лелча а, хилча а цхьаъ ду, шайгара цхьаццадолу ца далийтича а хIуммаъ доцу хIумнаш ма далийта, вай чIогIа нах дуйла вайна хууш ду, кхарна иза иштта гайта ца гIиртича а хIуммаъ дац шуна, хIорш шайн култура а, Iадаташ долуш нах бу, вайна а оьшучунна тIехь массо хIуманна тIехь гIо а деш. Кхарна-м хIуммаъ дац шуна, вайна ваьшна дикох хир ду-кх вай жимма ларлуш хилча“.

Нохчийн-гIалгIайн кхеташонан зударийн дакъа кхоьллина цхьа шо хан ю. Австрерчу Iер-дахаран тайп-тайпанчу гарашкахь белхашкахь болу и зударий гIо оьшучунна шайн зеделлачуьнца а, хааршца а орцах бовлу. Баттахь цкъа Кхеташонан кхерчахь вовшахкхета уьш диаспорна хьалха лаьтташ долчу актуалечу хеттарийн хьокъехь дагабовла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG