Нохчийчохь 2004-2005-чу шерашкахь шена тIехь Iазапаш лелорах а, мехкан урхалхочун кхерамзаллин сервисехь болх беш хилла шен кIант Исмаилов Iумар (Алихан) верах а дIахьединчу Исмаилов Шарпуддин бакъонаш хьешна хилар тIечIагIдина Европера адамийн бакъонашкахула йолчу кхело. Латкъамбинера 2009-2010-чу шерашкахь, амма хIинцца бен листина дац гIуллакх.
ЕСПЧ-кхелехь бакъдарца, 2001-чу шарахь Шела-кIоштара Мескер-Эвлахь куп тоьхна хиллачу гIаттамхойх дIакхеттера Исраилов Iумар. 2003-чу шеран оханан-беттахь иза лаьцнера "нефтеполкан" (2000-чу шерийн йуьххьехь Нохчийчохь къайлах лелочу мехкадаьттан бизнесца къийсам латтон вовшахтоьхна и, Росгвардин оцу декъаца боьзна бу нах лечкъорах, къизаллаш лелорах бен хаамаш. - Билгалдаккхар) белхахоша. Кхаа баттахь лаьцна а латтийна, цунна тIехь Iазапаш лелийначул тIаьхьа Исраилов реза хиллера Кадыров Рамзана кхайкхича цуьнан кхерамзаллин сервисехь болх бан. Йуха а шена тIехь гIело хьегарна кхоьрура лачкъийнарг, амма масех бутт баьлча цуьнан ка йелира шен доьзалца Польше дIаваха.
2004-чу шарахь Исраилов Iумаран телефона тIе телефон тоьхнера Кадыровчух тера аз долчу цхьаммо – цо кхерамаш тийсинера веддачун гергарнаш бойур бу бохуш, нагахь санна, иза Нохчийчу йуха ца вагIахь. Кхо дуьхьало йича кадыровхоша цуьнан да а, кхинболу гергарнаш а лаьцнера, ЦIоьнтара (КадыровгIеран дай баьхна йурт, 2019 –чу шарахь Ахмат-Йурт аьлла, хийцина цуьнан цIе. – Билгалдаккхар) кхерамзаллин сервисан базе дIабигинера. Цигахь лечкъийна бигинчарна йиттинера, ток йеттийтинера. Иштта доьзалера дуккха а ахча а дIадаьккхинера. Исраилов Шарпуддис бахарехь, 2005-чу шеран гIадужу-баттахь маьрша витира иза, дуьхьал куьг йаздайтира, ша лачкъийна вацара, цхьана ханна цIера ваьллера аьлла. 2006-чу шарахь Оьрсийчуьра дIавахара иза.
Ша лачкъорах а, шена тIехь гIело хьегийтарх а кхо чуделлачу кехаташца гIуллакх доло дуьхьал хилира Оьрсийчоьнан бакъоларйаран органаш. 2009-чу шеран дечкен-баттахь Исраилов Iумарна тапча туьйхира Венера цуьнан цIенна уллорчу урамехь. 2017-чу шарахь украинхойн зорбанаша йаздира, Исраилов вийначо дакъалаьцна Украинехьа тIемаш бечу нохчийн батальонан командирна Осмаев Адамна динчу тIелатарехь.
Оьрсийчоьнан Iедалхоша эвсара теллина дац Исраилов Шарпуддис ша лачкъорах а, шена тIехь Iазапаш хьегийтарх а чуделла дIахьедар аьлла, бакъдинчу ЕСПЧ-кхело 104 эзар евро компенсаци ло цунна аьлла тIедожийна Оьрсийчоьнна.
- Европан Кхеташонна йукъара йаьккхина Оьрсийчоь 2022-чу шеран зазадокху-беттан 16-чохь Украинана тIелатарна. Дуьхьал жоп лучу Москвано цул тIаьхьа дуьйна ЕСПЧ-н сацамаш кхочушбийр бац шаьш элира. Цу кепарчу омрана куьгйаздира Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира мангал-беттан 11-чохь.
- Стигалкъекъа-беттан 25-чохь ЕСПЧ-кхело листина цхьа могIа жигархойн а, иштта Навальный Алексейгахьа Ставрополехь а, Волгоградехь а, Краснодарехь а, Ростовехь а хIиттийначу акцешкахь лецначийн а латкъамаш.
- Гезгамашин-баттахь адамийн бакъонашкахула йолчу Европан кхело 26 эзар евро кхачийра журналистана Анохина Светланина а, Килясханова Майсартна а, Смирнова Ираидина а, доьзалехь ницкъбен нах къайлабохучу ХIинжа-ГIалара кризисан петарна дагестанхойн а, нохчийн а ницкъахоша тIелатар дарехула долчу гIуллакхца доьзна.