ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лакхарчу кхело сацам бина, амма гӀодаюкъ яста хьалхе ду кхаа нохчочунна


Ражапов а (аьрро), вежарий ЦетиевгIара а Москох таламан изоляторна хьлха.
Ражапов а (аьрро), вежарий ЦетиевгIара а Москох таламан изоляторна хьлха.

ХIара истори йолаелира кхо шо сов хьалха. Оьрсийчоьнан президенто Iуналла дечу адамийн бакъонашкахула йолчу Кхеташоно шен сайта тIехь дуьйцу хилларг.

2014-чу шарахь Гезгмашин-беттан 21-чу дийнахь Москохна генадоцуш Iуьллучу Рассказовка юьртахь хиллачу некъахьовзамехь вовшахкехттера 3 жима машен. Цхьана машенан бак ятIор бахьана долуш бензин Iаьнера цIе ялахь а аьлла, полисхой боцурш цига кхайкхийна хилла цӀеяйархой.

Цьарца дар-дацар хилла некъахьвзамехь дакъалаьцначу цхьана машенна чохь хиллачу нохчийн. Буй-тIарий хуьлуш травматикан тапча кхиссина хилла церах цхьаммо цигахь.

Оццу дийнахь полисхоша лецна некъахьовзам хиллачехула чекхволуш волу кхо нохчо.

Эшам хиллачу цIеяйархошна а, тешашна а царах цхьа а ца вевзина. Цундела уьш дIахецна. Амма дукха хан ялале юха а лецна кхо жима стаг - Ражапов Хьамид а, вежарий ЦетиевгIар Сайд-Мохьмад а, Хьусайн".

Оцу дийнахь дуьйне бале лаьцна кхобуш бу и нах Оьрсийчоьнан низамаш лардечу системо.

Талламхоша чIагIдарехь, цара тIелатар динера орцаллан министраллан белхахошна, травматикан тапча а кхуьссуш.

2015-чу шарахь Марсхьокху-баттахь кхело сацам бира Цетиев Сайд-Мохьмад цIахь, ткъа Ражапов Хьамид а, Цетиев Хьусайн а талламан изоляторехь лаьцна латто.

Цу хенахь дуьйна и гIуллакх шен тидамехь латтош яра Оьрсийчоьнан президентан цIарах йолу адамийн бакъонашкахула йолу Кхеташо

Цуьнан куьйгалхо Федотов Михаил тешна вара полисхоша лецнарш бехке ца хиларх. Вежарий ЦетиевгIар а, Ражапов а цу кIоштахь Iаш хиларна а, нохчий хиларна а лецна бохуш, дIахьедарш дора цо. Церан алиби хиларх лаьцна а дийцара Федотовс.

Амма нохчий дIахеца дагахь цхьа а вацара.

Беламе истори хиллера травматикан тапчанца йоьзна. Ражаповн адвокато Окушко Татьянас дийцарехь, вежаршкахь ЦетиевгIаьргахь а, Ражаповгахь а, уьш бехачу хIусамехь а тапча ца карийча церан лулахошка хоьтташ хилла талламхоша тапча йолуш стаг вуй шуна юкъахь бохуш. И тайпаниг ваьлла.

Цуьнгара юхалург яьккхина тапча хилла талламхоша хIоразза а кхеле лелош ерг.

Амма гуттар доьхнарг дара, Ражаповн нана ПетIамат къар ца ялар бахьана долуш, цу дийнахь орацаллан министраллан белхахойх леттарш Дутаев Шайх а, Азиев Алихан а, Арцихаев Мохьмад а шаьш Iедалшна тIебахна хилар.

Царах цхьаммо Дутаевс дIаеллера цу дийнахь ша 18-зза кхоьссина тапча.

Амма иза дукха хенахь дуьйна талламхошна а хууш дара, бохуш дийцира Маршо Радионе вежарийн ЦетиевгIеран дас Цетиев Хож-Ахьмада. "Суна хууш дара и дIадоладелларг хьаннатIехула доладелла. Закриев Алхазур боху кIанттий, важа Дутаев Шайх боху тапча кхийсинарггий ...Иза суна хууш дара. Талламо къастор ду-кх иза бохуш, бехке боцурш чубоьхкина Iийр ма бац уьш бохуш Iийра".

Амма, иза дерриг а тидаме а ца оьцуш, суьдо юха а яхйира ЦитиевгIаьрна а, Ражаповна а лаьцна латто тоьхна йолу хан. Иза дара Федотовн адамийн бакъонашкахула йолчу Кхеташоно цу нахаца лелочу харцонах лаьцна Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире дийцинчул тIаьхьа.

2016-чу шарахь Дечкен-беттан 16-чу дийнахь Ражаповн а, вежарийн ЦетиевгIеран а адвокаташа латкъам бира Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле.

Ткъа Мангал-беттан 27-чу дийнахь тамашийна хIума хилира. Москох гIалин Щербинка кIоштан кхело сацам бира бехктакхаман гIуллакх Москох малхбузен административан гонан прокуратуре юхадерзо, иза толлуш кхачам бацарш хилла аьлла.

Цетиев Хож-Ахьмад цу хенахь а дIоггара тешаш вацара шен ши кIант а, церан накъост а дIахецнехь а, уьш цу баланах хьалхабевлла бохучух: "Уьш кхоъ Москох ву. Цигахь я "прописка" а, я хIусам а йолуш а бац уьш. ДIавсабевр бац аьлла куьг таIийна цара. Кхин дIа цара хIун лелор ду хууш дац. Цигахь бу-кх уьш".

Делахь а юха а дагахь доццург хилира. Прокуратуро аппеляци йира Москох гIалин кхеле.

Кхаарийн дийнахь Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхелан президиумо шен сацам бира вежарий ЦитиевгIаран а, Ражаповн гIуллакхехула. Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело бинчу сацамна тIе а тевжина, уьш набахьтехь латтор харц лерина суьдхоша. Цуьнах лаьцна иштта элира Ражаповн адвокато Окушко Татьянас: "Листина хаттар дара уьш лецна латторца доьзна. Кхаа шарахь уьш чубоьхкина латтийна харцонца"

Окушкос дийцарехь, бехктакхаман гIуллакх дIадерзина дац. Кхуьа нохчо вуьсуш ву цу юкъахь.

Цу кепара, хьалхе ду цу гIуллакхехь тIадам хIотто.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG