ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Вермахтан нохчийн салтий


Къилбаседа Кавказан легион, Баталов - тIехьа аьрру агIора
Къилбаседа Кавказан легион, Баталов - тIехьа аьрру агIора

1980-гIа шераш чекхдолу зама яра иза. Реформашка кхойкхуш Горбачев Михаил а волуш, шен болар лах ца деш болх беш яра коммунистийн идеологин машен. Цхьана дийнахь тхан кIоштан газетан редакце кехаташ эцна веара КГБ-н меттигерчу декъан векал.

Цуьнан дехарца тхан белхан накъосто зорбане яьккхира Германица тIом боьдуш йийсарехь а хилла, цул тIаьхьа Советан Iедалша Сибрех Гулагехь кIиза валлийначу стеган кхолламах лаьцна материал.

Иза ямартло хилла бохуш язйина яра. Иза юха а цу стагана таIзар дар санна хIума дара, вен а вийна юха тIе урс деттар. Арарчу замане хьажча, советан пропагандо човхийна нах кхета хала дара цу стеган баланах.

И артикл зорбане яьлла шолагIчу дийнахь, редакце а веана, "кхун йозанан автор мила ву" аьлла хаьттира цу стага. Жимма корта охьатаIийна а Iийна, «ас яздина иза, хIунда бахар ахьа?" аьлла хаьттира тхан белхан накъосто.

Таккха цуьнан бIаьргаш чу а хьажна, «цкъа а ма гойла хьуна, ас лайнарг» аьлла, юха а вирзина, дIавахара иза. И стаг дагавогIу суна тахана ШолагIа Дуьненан тIамехь дакъалоцуш даймохк ямарт хилла, Iазап лайна, дерриг а дуьненехула лелла вайн махкахой дагабаьхкича.

Германехь йийсарехь хиллачу нахаца йоьзна материалаш вуно лачкъийна яра советан заманахь. Амма тахана уьш тIекхача аьто болуш а, луучунна талла йиш йолуш а ю бохуш, дуьйцу цу нехан кхоллам толлуш волчу историн Iилманчо Вачагаев Майрбека.

Вачагаев: - И материалаш архивашкахь йолуш ю. Цхьаннах а лачкъийна яц уьш. Хьайна лаахь, меллаша чувахана царца болх бан йиш йолуш ву хьо. Цхьаммо а кехат а, паспорт а гайта а цаолу. И архиваш йолуш ю Германехь.

Вермахтан (Германин тIеман министраллан) Малхбалера олучу легионийн истори толлучу Iилманчо Гилязов Искандера Маршо Радион оьрсийн редакцина еллачу интервьюхь иштта дийцира уьш кхолларх лаьцна.

Гилязов: - Дуьххьара кхоьллина хилла 4 легион – Туркестанан а, Кавказера бусулбанийн а, Гуьржийн а, Эрмалойн а. Кавказера бусулба нехан легион тIаьхьо шина декъе екъна Къилбаседа Кавказан а, Азербайджанан а легионашка. Цу кепара кхоьллина хилла 5 легион. Уьш цхьа дакъа а хилла дIахIиттина Германин тIеман ницкъийн структурехь.

Цара вуно чIогIа лардийриг дара герз лелон бакъо немцойн бен хир яц бохург. Немцоша, немцойн герзаца, немцойн куьйгашца баккха безаш бара толам. Нацистийн антропологин расистийн теорица а догIуш, кхин долу къаьмнаш шайн иерархи, шайн классификаци йолуш хилла.

Цундела немцой, цу теорица а догIуш, цу къаьмнашка цатешарца хьоьжуш хилла. Хилла дера цигахь царна шайна уллера хета къаьмнаш а, масала, Скандинавера къаьмнаш, амма цуьнца цхьаьна хилла Untermensch олу адамашка цакхочу къаьмнаш: славянаш а, цигонаш а, жуьгтий а, иштта дIа кхин а.

Гилязов дийцарехь, Советан пачхьалкхаца тIом болабеллачул тIаьхьа немцоша сацам бина цу махкахь дехачу къаьмнех тIеман тобанаш вовшахтоха.

Гилязов: 1941-чу шеран Марсхьокху-бутт чекхболуш йийсаре лецначу эскархошна юкъахь болх бан юьйлаелла Розенберган Малхбалерчу министраллан леррина комиссеш. Цара литта болийна и нах, къаьмнашка бекъа а боькъуш, царан леррина четар-гIаланаш а кхуллуш. И четар-гIаланаш хилла йийсаре лецна нах латтон, амма цигахь гулбеш хилла цхьана къомах болу нах.

Кхузахь масийтта бахьана хилла хилар тидаме эца деза, малхбален легионаш кхолларна Iаткъам бина долу. Цара цхьаъ ду дагахь а доцуш дукха йийсаре лецна салтий а, эпсарш а хилла хилар.

Кхеташ дацара царна хIун дан деза. 1941-чу шеран аьхка уьш вуно дукха IаьIнера. Вуно инзаре терахьаш ду далош. ТIом чекхболуш немцойн карахь хилла 6 миллион йийсаре лаьцна Советан пачхьалкхара стаг. Иза ирча хьал ду, инзаре боккха бохам бу.

Ткъа хьенах лаьтташ хилла Къилбаседа Кавказера легион, хIун Iалашо хилла немцойн и нах цхьаьнатухуш, Вачагаев Майрбек?

Вачагаев: - Къилбаседа Кавказерчу бахархойх кхоьллина ши батальон хилла. Цигахь цу регионехь дехачу массо а къаьмнийн векалш цхьаьанатоьхча ша верг а масийтта бIаь стаг а бен цахилла. Немцоша хьалхадаьккхинарг хилла шаьш дIалаьцна йолчу меттигашкахь и нах урхалла дан дIахIиттор кечдар.

Маса стаг хилла аьлла хета хьуна, Майрбек, царна юкъахь нохчийн къомах?

Вачагаев: -Ас цабоху уьш суна хетачул а алсам цахила мега. Амма тахана суна билггал хууш дерг ду уьш 37 стаг хилар. И нах бу суна гучубевлларш. Царал кIезиг лакцаш бу - 2 стаг, цхьа табасаранец а ву.

Майрбек, дуккха а эладиттанаш а, харц дерг а, хила мегара бохург а ду цу нахана гонаха дуьйцуш. Бакъдерг хааийта Iалашо юй хьан?

Вачагаев: - Цхьана шина-кхаа шарахь цигахь болх бан дагахь ву со. ТIаккха я книга ялахаь а, я кхин формат ялахь а цу документех лаьцна болх арахоьцур бу ас. Амма цхьаъ эр ду ас. Нохчех 29 стаг чевнаш хилла а волуш каравахана хилла Германин эскархошна. Кхетамчохь боцуш карабахана нах бу царна юкъахь.

Хууш ду, цу нахах цхьаберш Кавказе тIаме хьовсийна хилар.

Вачагаев: -Цхьаболу нохчий Кавказе десантаца чукхиссина хилла. Уьш тешна шаьш сихха шаьш цига муха кхаьчна бохург хаийтича шех советен Iедалш кхетар а ду, тешар а ду. Амма уьш байина. Цхьаберш (40 гергга стаг) Францехь шаьш латточу меттигашкара бевдда цу мехкан Дуьхьалонан боламах дIакхетта фашисташна духьал тIом беш хилла. Церан цIераш а хууш ю.

Журналист, меттан говзанча Межедов СаьIид Iамеркехь веха 20 шо хир ду. Хууш ма-хиллара, цхьаболу нохчий даймахке берза некъ цакарорна Iамерке а кхаьчна, цигахь яьккхина бу шайн дахаран йисина хан.

Межедов: - Суна Салавди (Гугаев) а, https://ru.wikipedia.org/wiki/%D0%93%D1%83%D0%B3%D0%B0%D0%B5%D0%B2,_%D0%A1%D0%B0%D0%BB%D0%B0%D0%B2%D0%B4%D0%B8 Хьамид а вовзара (Умаров). Ши-кхо шо хьалха дIаваьлла иза. ТIаьхьарчу хенахь, Iамеркехь вехаш хиллехь а, баш Германехь шаьш лелийнарг дийца лууш вацара иза. Амма цо дийцара бохуш дийцира соьга цуьнан гергарчу наха Хьамидан кхолламах лаьцна.

Йийсарехь волуш цхьана стага, гарехь гIалгIай хилла иза, вайнах буй аьлла схьа а гулбина, хаам бина хилла вайн къам махках даккхарх лаьцна, чIир эца луучуьнан аьтто хир бу иза дан аьлла.

Вуно луьрча хьелашкахь болу вайнах дийна биса а, шайн гергарнаш схьакаро а дагахь болу реза хилла, цу стага КIуран тIехь дуй биича, нохчий а, гIалгIай махках баьхна аьлла хезча, керлачу тIеман декъах дIакхета.

Мухачу ойнанашца баьхна и нах генарчу махкахь?

Межедов: - ТIом чекхбаьлча цхьанне а оьшуш цахилла уьш. ЦIабаха аьтто а цахилла, Iамерке кхаьчна уьш. ДIоггара тIом бина а цахилла цара, коьртачу декъана цхьацца гIарол а, ха а деш хан яьккхина. Даар-малар вуно ледар хилла. Немцошна луург хIун ду бохучух а дIоггара кхеташ а цахилла вайнах. Гугаев Салавди воцург царах кхин цIакхаьчна стаг вац. Лууш-м вара Хьамид Нохчийчу ваха.

Шена Iамеркехь дуьххьара гинчу нохчочуьнга олура цо "кхузахь ма Iелахь, цIа гIолахь, доь довр ду хьан кху махкахь" олий...

XS
SM
MD
LG