ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Вийначу Дагестанера вахархочун гIуллакх Нохчийчохь дити – керлачу кхело луьстур ду иза


Кардашов Алексей
Кардашов Алексей

Дагестанан Хасав-Юьртара аптекан долахо Кардашов Алексей верца доьзна гIуллакх Нохчийчуьра Нажин-Юьртан кхеле листа дIаделла. Зуламна бехкево Соьлжа-ГIалара вахархо Омаров Сайд-Мохьмад, амма вийначун гергарчара а, бакъоларйархоша а дIахьедо, ницкъахоша тIелацийтина цуьнга бехк аьлла.

ГIуллакх листа керла меттиг билгалбаккхар доьзна ду, Гуьмсан кIоштан кхелехь хьалхо и толлуш хилла суьдхой кхачийна хиларца, хаамбина Кавказ.Реалиин редакцига вийначун ненан интересаш хьалхайаьхначу "Iазапашна дуьхьал Командин" юристо Гусев Константина.

"ГIуллакх луьстучу юкъанна иза Нохчийчуьра прокуратуре дIало аьлла, дехар дан дагахь ду тхо. Цигахь дитина шога цхьаьнацадараш нис ца дахь – Коьртачу прокуратуре а. Къилбаседа-Кавказан федералан гонашкарчу талламан урхалле гIуллакх юхаталлийта гIерта тхо", - дIахьедина Гусевс.

Дагестанера Хасав-Юьртара аптекахо Кардашов Алексей вайра 2017-чу шарахь. Оцу гIуллакхан коьрта теш – Соьлжа-ГIалара таксхо Омаров Сайд-Мохьмад ву, цо дийцинера дагестанхойн талламчашка, аптекахо нохчийн ницкъахоша лачкъийна аьлла.

Кардашовн дакъа схьакарийна дац хIинца а. Материалаш Нохчийчуьра талламан урхалле дIакхачийча, Омаровс цIеххьана хийцира ша хьалхо дина мукIарло, цо дIахьедира, ша вийна аптекахо аьлла. Шозза таIзар дира цунна, амма Нохчийчоьнан Лакхарчу кхело юхабаьккхира шоззе а сацам. ХIинца кхозлагIа толлуш ду гIуллакх.

Лачкъийначун нана массо а инстанцешка йаьлла: президент Путин Владимирна а, Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанн а тIера Москварчу раввинате кхаччалц (Кардашов ломара жуьгти ву. – Редакцин билгалдаккхар.), делахь а, Iедалхошкара цхьана а кепара реакци йац.

  • 2022-чу шеран гезгамашин-баттахь"Арифметика пыток" рапорт зорбане даьккхира"Iазапашна дуьхьал Командо" (КПП) Къилбаседа Кавказехь полисхоша латточу Iазапах лаьцна. Бакъоларйархойн зерашца, 87 процент меттигашкахь Талламан комитето дуьхьало йо церан хьокъехь бехкзуламан гIуллакхаш делла.
  • Дуьххьара бехкзуламан гIуллакх Гуьмсан кхеле кхачийра 2019-гIа шо довш. Стаг верна а, къола дарна а Омаровна колонихь йаккха тоьхна хан йара исс шо. 2021-чу шеран зазадокху-баттахь Нохчийчоьнан Лакхарчу кхело юхабаьккхира сацам, гIуллакх кхин цкъа а талла дIа а хьажош.
  • Цуьнца цхьаьна луьстуш ду Росгвардин белхахойн Дукаевн а, Абдурашидовн а гIуллакх, талламан версица, йоццачу ханна саца а вина, цунах талалам а бина, хIуммаъ а ца карийча, дIахецнера цу шиммо Кардашов. Бакъо йоцуш иза лацарна 3,5 шо арахь йаккха хан кхайкхийра ницкъахошна, амма таIзар апелляцино юхадаьккхина, иштта зен хиллачун векалан латкъамца а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG