ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Вийначу гIалгIайн "Э" центран куьйгалхочун вашас 300 млн сом компенсаци дехна


Эльджаркиев ИбрахIим
Эльджаркиев ИбрахIим

2019-чу шарахь вийначу МВД-н экстремизмана дуьхьалло йечу Центран куьйгалхочун Эльджаркиев ИбрахIиман вашас Эльджаркиев ИсмаьIила бехкечаьрга 300 млн сом ахча дехна, синна хиллачу ницкъана дуьхьал. Цунах дерг, латкъамна тIетовжарца дуьйцу "Фортанга" гIирсо. И кехат хилар бакъдира жоьпе озийначарех цхьаннан гергарчо.

Лахьан-баттахь Москвахь герз тоьхна вийра Эльджаркиев ИбрахIим. Цуьнца цхьаьна валар нисделира цуьнан вешин Iабдулахьмадан а. ШоллагIчух лаьцна Эльджаркиев ИсмаьIалан иск тIехь хIумма дац.

"Сан ваша Эльджаркиев ИбрахIим кхалхар бахьана долуш со чIогIа гIайгIане ву, даима сагатдеш ву, цу хьоло сан синан могушаллина вуно боккха тIеIаткъам бо", - боху кехатехь.

Дечкен-беттан йуккъехь Iедалхо вер хьокъехь долийна гIуллакх Къилбехьарчу тIеман кхеле дIаделира. Талламна хетарехь, иза веран бахьана цуьнан даржаца доьзна ду, иштта гIалгIайн динан вежараллин хьалханча Белхароев ИбрахIим вийна аьлла иза шеконашкахь хиларца а.

Жоьпе озийнарг 11 стаг ву: Арапиев Ахьмад, Белхароев Алихан, Картоев Iела, Костоев Гелани, Накастхоев Iийса, Оздоев Алихан, Полонкоев Аслан, Закри, Хьасан а, Хадриев Беслан а, Хидриев Алихан а. "Белхороев БатIал-Хьаьжин лархойн тIеман тIам" тоба вовшахтоьхнарш уьш бу аьлла хета Iедалхошна. И тоба кху шеран чиллан-баттахь терроран йукъаралла лерина йу. Иза вовшахтохарна бехке вийриг Полонкоев Хьасан ву боху Iедало.

  • БатIалхьажхойн хьалханча Белхороев Якъуб 2020-чу шарахь товбецан-беттан 10-хь дIалецира. Цул тIаьхьа цуьнгара ГIалгIайчоьнан къоман Кхеташонан депутатан мандат дIайаьккхира. Йуха "Единая Россия" парти йукъара а араваьккхира.
  • Кху шарахь Белхороев Якъубна набахтехь йаккха исс шо хан тоьхна: социалан страхованин фондан куьйгаллехь волуш бюджетан ахчанаш лечкъорна бехке лерина иза кхело, иштта бакъо йоцуш герз чохь латторна а. Товбецан-баттахь йуха а доладелира вежараллин декъашхойн цIийнех Iедалхой хьежар, кхо стаг дIалецира. Царах цхьаъ - ГIалгIайчоьнан Зерийн палатин куьйгалхо Белхороев Мустафа, Къоман гуламан экс-депутат Алиев Микаил а. Iедалхой церан цIийнех хьевсина бевлллачул тIаьхьа, батIалхьажхошна тIехIоьттира Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан. ДIалаьцначех цхьаберш бехке бац бохуш чIагIонаш йора цо.
  • Украинаца болийначу тIамехь дакъалоцуш бу батIалхьажой кадыровхойн "Ахмат" спецназан декъехь. Церан БОБР тоба – сихо йен батIалхьажойн отряд- 31 стагах лаьтташ ю. Гуьмсерчу "Оьрсийчоьнан спецназан университетан" базехь кечбина бу уьш берриш а, цул тIаьхьа тIамтIе бахана. Иштта гIалгIайн "Э" Центран хьаькам вийначул тIаьхьа ницкъахошца Iоттайеллачу конфликтах бовда гIерта батIалхьажойн декъашхой, аьлла хета Кавказ.Реалиино хеттарш динчу эксперташна.
  • БатIалхьажойн вежараллина юкъахь 20 эзар гергга стаг ву. XIX–XX бIешерашкахь ваьхначу гIалгIайн шайхан Белхароев БатIал-Хьаьжин тIаьхье лору цара шаьш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG