ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Вийначу кисточун гIуллакх таллар йухадоладе аьлла кхайкхамбина Гуьржийчуьра бакъоларйархоша


Вийначу Мачаликашвили Темирланан да Малхаз
Вийначу Мачаликашвили Темирланан да Малхаз

Паьнказан чIожехь леррина операци дIахьочу хенахь вийначу нохчочун Мачаликашвили Темирланан гIуллакх таллар йухадоло декхаре бу Гуьржийчоьнан Iедалхой, дIахьедина бакъоларйаран "Социалан бакъонан Центр" организацино.

Талламбар дIадаьхьнера пачхьалкхан кхерамзаллин сервисо, цуьнан белхахоша леррина операци дIахьочу заманчохь лазийра Мачаликашвили, билгалдаьккхина организацихь. ГIуллакх талла а, Европера адамийн бакъонашкахула йолчу кхелана сацам тIеэца а гIуллакх чолхе даьккхина талламо а, прокуратуро а дуккха а кхачамбацарш дитина хиларна, аьлла организацихь.

Бакъоларйархоша дIахьедина, шаьш Лерринчу талламан сервисе дехар дина къоман тIегIана тIехь и гIуллакх йуха талла аьлла, делахь а, урхалло жоп "даьржина" делла.

"Оцу кепара гIуллакхе хьовсаро гойту Европан кхелан сацамаш кхочушбаран процедурех кхеташ цахилар, цо вон Iаткъам бо урхаллех болчу тешамна", - билгалдаьккхина йукъаралхоша.

Европан Кхеташонан министрийн Комитето контроль латтабо ЕСПЧ-н сацамаш кхочушбарна тIехь. Нагахь санна, талламбар дахлахь, коьрта талламан барамаш кхочушбина хир бац оьшуш ма-хиллара, дерзийна цара.

19 шо долу Мачаликашвили Темирлан чIогIа лазийра шен цIахь спецназхоша 2017-чу шеран гIуран-бутт бовш. Цунах шеконаш йара нохчийн тIемалочунна Чатаев Ахьмадна цо гIо латтийна бохуш. Ши кIира даьлча дарбанан цIийнехь кхелхира Мачаликашвили. Ницкъахойн версица, граната эккхийта гIоьртинера иза. Вийначун гергарчара чIагIдо, вижина Iачу хенахь герз тоьхнера цунна бохуш.

Европан кхело хьесап дира, Гуьржийчоьнан Iедалхоша йовзийтина хиламийн верси "бакъ йолчух тера ду, ткъа пачхьалкханан тIехь жоьпалла ду Мачаликашвили валарна аьлла жамIаш дан тарлу тоьшаллаш, тоаме дац".

Оцу заманчохь, кхелана хетарехь, пачхьалкхан аьтто ца хилла эвсара, леррина Мачаликашвилин кхалхар талла, цуьнца доьзна Гуьржийчоьнан Iедалхой декхаре бу кхаа беттачохь 10 эзар евро компенсаци а, цара йинчу харжана 15 эзар евро а дIатакха.

Европан кхелан сацам "бух бу къоман тIегIанехь гIуллакх йуха доло а, талла а", аьллачу Мачаликашвилин интересаш йовзуьйтучу Iедалца йоьзна йоцчу "Социалан нийсонан Центр" организацин дешнаш далийна гуьржийн Civil Georgia сайто.

Кхелан сацамехь коьртаниг ду – дахаран бакъо йохийна цахилар ладам боллуш, билгалдаьккхина Гуьржийчоьнан юстицин министран гIовсо Дзамашвили Бекас. Цо къастийна, куьйга оьккхуьйту граната Мачаликашвилина тесна йара боху верси кхело йукъара йаьккхина хилар.

  • Шен кIант кхелхинчул тIаьхьа, цуьнан дас Мачаликашвили Малхаза хиллачунна эвсара таллам бар доьхура, бехке мел верг жоьпалле озаве бохура, простесташка араволура. 2020-чу шарахь Гуьржийчоьнан Коьртачу прокуратуро тIечIагIдира, Мачаликашвилина герз тоьхна волчу спецназхочун лелар низамца догIуш дара аьлла.
  • ПIаьнказарчу бахархоша а, цигарчу туркхийн кхеташонан декъашхоша 2021-чу шарахь амнисти йар дийхира 2017-чу шарахь терроризмана бехкебинчу наханна – Мачаликашвили Темирланна чолхе чов йина хан йу иза. 10-12 шераш диттира царна набахтехь даккха.
  • 2019-чу шарахь Тбилисерчу парламентан гIишлонна хьалха простесташ йоьлхучу йукъанна полисхошна тIелатар дарна бехке лерира Мачаликашвили Малхазан гергара стаг Морис.
  • 2022-чу шеран стигалкъекъа-баттахь Тбилиссерчу гIалин кхело бехке лерира терроризмана шеконашка лаьцна болу пхи ПIаьнказара бахархой, 2021-чу шарахь Дуиси, Корети эвлашкахь дIалийцира уьш. Церан бехк бац бохуш чIагIдора церан гергарчу наха.
  • 20I7-чу шеран лахьан-баттахь Тбилисехь леррина операци дIахьош вийра Чатаев Ахьмад. 2000-гIа шо тIекхачале нохчийн гIаттамхойн декъехь тIемаш бина цо. 2016-чу шарахь Истанбулерчу аэропортехь эккхийтарш дарна бехке лорура и стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG