ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн студенташна арз кхаьчна Буру-гIалара


Архивера сурт.
Архивера сурт.

ХIирийн махкарчу лоьрийн академехь доьшучу нохчийн студенташна арз кхаьчна кху деношкахь. Иза дохьуш веанера оцу доьшийлан проректор Бутаев Таймураз. Зорбанан цIийнахь цо студентийн дай-наношка дIахьебира уьш.

Нохчийчуьра 300 сов ву шаьш долчехь доьшуш, доккха дакъа дика кхиамаш болуш а бу, амма цхьаболчеран дешаран дикалла дика яц, аьлла дIадовзийта веънера ша аьллера цо гулбеллачаьрга. И гулам къевлина болун дела, цига журналистийн кхача аьтто ца белира. Иштта дай-наношна ца лиира цуьнах дийца.

ЮьхькIаме ца хуьлу бераш бахьанехь баккхийнарш. И юьхьIаьрже церан цхьана гергарчарна хилла Iаш яц. Иза дерриге а къомана тIехь хуьлу. Иштта, лергах мехий а догIуш, пачхьалкхан дозаналла арахьа дешна Соьлж-ГIалара вахархочо Дудаев Зураба.

Ша даима кхерра боху цо, нохчийн цIе ша йожорна: «Ас доьшучу хенахь цIера даима гIо хилла суна. Сан гергарчу наха, ас телефон моссуза туху соьга, ахь гойтург нохчочун сий ду, йоьхь ю, хьо Нохчийчура араваьлча, хьан цIе яц ахь ларъеш ерг, дерриге а къоман цIе ю, махкан ю, бохуш, суна даимма хьехар дора цIера чара. Суна со цигахь волчу хенахь, соьга хьаьжча, нохчийн нах гойла хаара. Нохчийн мохк гойла а хаар. Сайгара ледарло ца ялийта, далуш дерг дина ас».

Тахана Буру-гIалара нохчийн студенташна арз дар, уьш цIера ара а бевла, тIера Iуналла дIа а даьлла ца доьшуш Iаш бац, аьлла хета Дудаев Зурабан. ЦIерачеран мало ю иза. Цара кхеттош-кхиорехь далийтина гIалат ду аьлла хета цунна: «Арабевлачул тIаьхьа, ледар лелаш берш хила-м хуьлу. Шайн чуьра дIахьош ду цара иза.

Кегийчу хенахь цIерачара гIиллакхехь Iамийнехьарасцара арабевлча а гIилалкхехь чекхбевр бара. Уьш Нохчийчуьра арабевлча, гIиллакхах боьхна аьлча со ца теша. Церан гIиллакх Нохчийчохь а ца хилла. Шайн гергара нах Нохчийчохь болун дела жимма ларлуш лелла уьш. Ша, сий а, юьхькаме стаг араваьлча а хийца ца ло».

Нохчийн студенташна а, аренца вуьшта лелачарна а тIехь терго еш ю цIера Iедалан векалаташ. Хийла уьш тIе а кхойкхуш царна хьехамаш беш хуьлу. Амма Буру-гIалара арз дар санна дерг цкъа а хилла дац. Схьахетарехь, цуьнан кхин а цхьа тIаьхье хир ю. Ткъа, республикан лаккхарчу куьйгалле и гIуллакх далахь, уьш тийна таьIIина цигахь Iийра хиларх шеко яц.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG