ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Волгоградера колонихь закъалтхой лецначул тIаьхьа Оьрсийчохь мигрантех талламаш бар чIагIдийр ду


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Йуккъерчу Азера виъ вахархо йукъахь а волуш, закъалтхой лоьцуш Суровикино гIалара номер 19 йолчу колонихь тIелатар динчул тIаьхьа, ницкъахоша йуха а чIагIдина белхан мигрантех талламбар. Хаамбина "Настоящее время" телеканало. Подмосковьера "Крокус Сити Холлехь" теракт йинчул тIаьхьа а болийра талламаш, цу терактана бехкейеш йу Таджикистанера бахархойн тоба.

Москвара ГАИ-н посташкахь дуккха а ницкъахой лаьтта, уьш муьлхачу хьукматера бу а хууш дац, ду цаьрца Iамийна жIаьлеш а. Мигрантийн кехаташ толлу цара – таксхойн машенех хьуьйсу, ишта жIаьлешца а цхьаьна.

Лецначу Казахстанан бахархошна гIо латточу адвокато Шекеев Мейрмана дийцира Волгоградан кIоштахь волчу цхьахволчун дешнашца, набахтешкахь а кхерамзаллин барамаш чIагIбина хиларх.

Йукъараллехь ксенофоби йаьржина, социалан машанашкахь питанаш лелочу йукъанна диаспорийн векалша кхайкхамбо мигранташка ларлуш хила бохуш.

  • Марсхьокху-беттан 23-чохь Волгоградан кIоштара Суровикино гIаларчу номер 19 йолчу колонера веа тутмакхо закъалте лецира 12 стаг. Йолийначу штурмехь тIелеттарш байъира: уьш хиллера Волгоградехь вехаш хилла Узбекистанера Тошев Рамзидин (28 шо), Таджикистанера Наврузи Рустамчон (23 шо), Тошов Назирчон (28 шо) а, Хусинов Темур (29 шо) а. Терроризмаца йоьзна йоцчу артиклехула дехкинчу бехкашца хан токхуш хиллера уьш.
  • ТIелатале хьалха масех ролик дIайазйан кхиънера уьш, цу тIехь цара дIахьединера, шаьш дуьненайукъарчу террорхойн "Исламан пачхьалкх" организацихь лаьтташ ду аьлла. Билгалдаьккхира, шаьш бекхам бо, иштта колонешкахь бусалба нахана тIехь сийсазаллаш лелорна а аьлла.
  • Талламо Йуккъерчу Азера масех мигрант бехкевен, "Крокус Сити Холлехь" теракт йинчул тIаьхьа, марсадаьккхира полисхоша белхан мигранташна тIаьхьабийлар, ткъа Оьрсийчоьнан Iедалхоша цIеххьана чIагIдира миграцин низамаш. Оьшу кехаташ шайгахь ца хилла арахьарчу мехкийн бахархой тIетаьIIина Оьрсийчуьра арабохура: Кубанера йалх баттахь даймахка дIахьажийра стохка цхьана шарахь чуьра арабаьхна хиллачул а алсам мигранташ. Оьрсийчоьнан регионийн кхоалгIа декъехь дозанаш диттина мигрантийн белхашна. Дукха хьолахь царна доьхку такси тIехь болх бан а, кафешкахь, ресторанашкахь къахьега а, дешаран сферехь болх бан а. Арахьара пачхьалкхашкара тIебаьхкинчу бахархошна тIехь контроль латтор чIагIдан деза аьлла Оьрсийчоьнан парламентехь 25 низаман проект йу чуйелла, царех цхьайерш хIинцале а тIеэцна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG