ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Воскресеновскера вахархо вийнарг ву аьлла стаг лаьцна Нохчийчохь


Нохчийчуьра Воскресеновское эвлара вахархо вийнарг ву аьлла лаьцна стаг. Кадыров Рамзанан телеграм-каналера сурт
Нохчийчуьра Воскресеновское эвлара вахархо вийнарг ву аьлла лаьцна стаг. Кадыров Рамзанан телеграм-каналера сурт

Дечкен-беттан 14-чохь Воскресеновское эвлара вахархо вийнарг ву аьлла стаг лаьцна Нохчийчохь. Цунах лаьцна шен телеграм-каналехь хаамбина мехкан урхалхочо Кадыров Рамзана. ТIелеттачо ша йаьккхина хилла видео социалан машанашкахь йаржарца резонанс хиллера стаг верах – ролика тIехь гуш ву жима кIант а.

Кадыровс билгалдоккху, шеконашца лаьцначун 30 шо ду, цуьнан цIе ца йоккху цо. Хаамбарехь, лаьцнарг хьуьнхахь къайлавала гIоьртина. ХIун бахьана дара цунна тIелата, хууш дац цкъачунна. Оьрсийчоьнан бехкзуламан 105-чу кодексан 1-чу артиклехь бехкбиллина цунна – стаг вер.

Нохчийчуьра Талламан комитетан урхаллин хаамашца, вийначу Воскресеновское эвларчу вахархочун Гакаев Iабдурахьиман 54 шо хилла. Масийттазза уьрсаца йинчу чевнех оцу меттигехь кхелхина иза.

  • Кеп-кепарчу хаамашца, чIиран бахьанашца вийна хила тарло стаг. Социалан машанашкахь йаржийначу видео тIехь тIелеттачо олу цуьнга нохчийн маттахь: "Ас совгIат деана хьуна сайн вешигара".
  • Нохчийчуьра Iедалхоша кхайкхамбо мехкан бахархошка чIир йекхар дита бохуш: 20I0-чу шарера схьа дуьйна Динан урхалла коьртехь а йолуш Нохчийчохь вовшахтоьхна маслаIат ден леррина комисси. 2022-чу шарахь муфтиятехь дIахьедира 58 доьзална йукъахь барт барх, делахь а, маслаIат дечу декъашхойн тошаллашца, бертаза лелош хIума ду и.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG