Селхана Соьлж-ГIалана юккъерчу майданахь дуккха а лоьрийн машенаш яра гулъелла. ДIатоьхна четарш дара. Арахь дуккха а нах бара лоьрийн духар дуьйхина. Иштта рентген йоккху машенаш а яра нах мехаза а цу чухула чекхбоккхуш.
Иштта билгалдаьккхира Нохчийчохь туберкулезца къийсаман дуьненаюккъера де. Луучун аьтто бара шен могашалла талла. Масийтта говзаллин лоьраш бара цигахь. Амма къаьсттина терго яра пехийн цамгар йолчарна. Иза тахана уггаре а кхераме цамгарх лоруш ю, иза цхьаьна стагера кхечунна тIейолу олу дела.
Оцу цамгарх дийцира лоьро-фтизиатро Сайдулаев Iаьрби-Хьаьжас: «Оцу цамгарца долу хьал чIогIа чолхе ду. Де дийне мел долу аьлча, цхьана цамгархочо шарахь 6-нна тIера 30-нна тIекхаччалц, дIалуш ю цамгар могаш болчу нахана. Цундела, яьржаш ю ала мегар долуш ю и цамгар».
Пехийн цамгарца къийсам латто чIогIа новкъарло йо наха шайн могашалла ларйина а ца Iаш, шайх иза кхечарна тIеяларх цакхетарх. Стохка, масала и цамгаран кхераме барам болу 11 стаг лоьраша шайна тIевола аьлча, кхин тIе а ца веана, кхиэлан сацамца нуьцкъалха дарба дан охьавижийнера леррина дарбанан хIусаме.
Нехан кхетам цу тIехь цахиларх дийцира лоьро Сайдулаевс: «Бахьана хIун ду? И лазарш кIаддалийтар ду. Шен хенахь лоьрашна тIе ца боьлху нах. Вай масийтта эзар бахьана ма лохий, лоьран тIе ца ваха. Туберкулез, диспансер вон хеташ, и цамгар даго тIе ца лоцуш лела. Амма и цамгарх вала кхин меттиг яц вайн тахана».
Туберкулезо иссолгIа меттиг дIалоцу адам уггаре а дукха лечу цамгаршна юккъахь. Оьрсийчохь и цамгар лахлуш ду бохуш дуьйцу могашаллин министралло. Амма 2016-чу шарахь, масала, 11 эзар ах эзар ца кхоччуш стаг велла цуьнах.