Гезгмашин-беттан 18-гIа дерриге дуьненахь лоруш ду хин дикалла юстаран де санна. ХIокху цхьана дийнахь талам бо цунна. ТIаккха къастадо и гIуллакх меттадалоран некъаш.
Къилбаседа Кавказ даима Iалам цIена хиларца гIараяьлла хилла ю. Лекха лаьмнаш, хьаннаш, хIорданаш, шера аренаш хестош йийцина ширачу иллешкахь. ХIинца хьал хьалха санна дац. Цунна бехке адам ду. Къаьсттина хица долу хьал чолхе лаьтташ ду аьлла, дийцира хин говзанчас Головко Александра.
Головко: «Къилбаседа Кавказера хиш телхаш схьадогIуш ду. Цунна шен бахьанаш ду. Коьртаниг ду адам. Халахеташ далахь а, саяьккха гIерташ а, техникица юкъаралла кхиийта гIерташ а Iаламца йолу уьйр хадийна вай. Хи вайн хьашташна доладерзо гIерта вай.
Иза бохамца доьрзу вайна. Къилбаседа Кавказехь хиш гамхалуш ду. Лаьтта бухара хиш дIадоьлху мехкандаьтта схьадаьккхина ясса еллачу меттигашка. Лаьмнашкара охьадогIу хиш гамхало. Хин биргIанийн система а ширъелла,ткъа иза хийца ахча тоьаш дац».
Нохчаша даима лоруш хилла хи а, Iалам а. Магош ца хилла иза бехдан. Хьехамаш бан а оьшуш ца хилла хьалха, амма тахана массанхьа иза дуьйцуш далахь а, охьадогIучу хин чу а йохий машенаш юьлуш а, оццу хиш чу нехаш кхуьссуш а нах хуьлу. Цу кепара шеца ларам ца хилар Iаламо жоп ца луш ца буьту, дийцира ТIехьа-Мартан кIоштара вахархочо Авдаев Мохьмада.
Авдаев: «Хи чIогIа бехделла вай. Вайна чIогIа дика ма дара иза. ЦIерпоштийн хи олуш цхьа хи дара вай. Ломан хи санна шийла а долуш, цхьа дика дара-кх иза. Соьлж-ГIала-СемаIашка олучу хин буру тоьхна даьккхина дара иза. ХIинца изза хи цхьа кира санна кIай а долуш, чам а боцуш ду. Хьалха лардеш дара лаьттан бухара хиш. ХIинца оцу хи тIехь хьаштагI а йоккху, нехаш а гулйо, даьхний а леладо».
Головко Александра бахарехь, экологин лоручу кху 2017 шарахь Нохчийчохь хин дуьненаюкъара конфереци дIаяхьча дика хир дапа. Хиш хьалха санна хилийта оьшург адамалла ю, боху цо.