ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Вуьйр ву аьлла кхерамаш тийсинчул тIаьхьа нохчийн юрист ларвар тIедожийна Iедалхошна бакъоларйархоша


Аламов Мохьмад
Аламов Мохьмад

Iедалхошка йукъахь кехат йаздина 13 бакъоларйаран организацеша а, бакъоларйархоша а, "Iазапашна дуьхьал Командин" белхахочунна Аламов Мохьмадна а, цуьнан доьзална а кхерамзалла латтор тIедожош. Хьалхо цунна вен кхерамаш тийсина доьзалехь латточу гIелонах ГIалгIайчуьра йеддачу Яндиева Маринин лаккхарчу даржашкахь болчу гергарчара.

Къаьсттина кхерам лаьтта Къилбаседа Кавказехь болх бечарна – республикашкахь даим а ницкъбо юристашна, журналисташна, адвокаташна дIахьедина бакъоларйархоша, хаамбо "Командо. Аламовна туьйсу кхерамаш кхочушбан йиш йолуш бу, цундела "катоьхна бакъоларйаран органаша терго йан йеза" аьлла, мах хадийна бакъоларйархоша. Царна кхерамзалла латтийна ца Iаш, кехатна куьйгаш йаздинчара тIедиллина Аламовна кхерамаш тийсинарш жоьпе озор а.

ДIахьедар Оьрсийчоьнан коьрта прокуроре Краснов Игоре а, Талламан комитетан куьйгалхочуьнга Бастрыкин Александре а, чоьхьарчу гIуллакхийн министре Колокольцев Владимире а, адамийн бакъонашкахула йолчу Кхеташонан хьалханче Фадеев Валерийга а, Оьрсийчохь нехан бакъонаш Iалашйан векал йинчу Москалькова Татьяне а дIахьажийна.

"Команда" йоцчо дIахьедарна куьйгаш таIийна адамийн бакъонаш Iалашйаран "Мемориал" Центро а, "СК SOS" кризисан тобано а, "ОВД-Инфо" ресурсо а, Оьрсийчоьнан Хельсинкан тобано а,"Йукъараллин вердикт" фондо а, "Гражданское содействие", "Марем", "Гражданский контроль" тобанаша а, кхинболчу бакъоларйархоша а.

Цул совнах, омбудсмене Москалькова Татьяне йистхилла иштта Яндиева Марина а, кхерамаш а туьйсуш иза цIа йига хьийза цуьнан нах. Цо дехар дина хьаькаме оцу хьола йукъагIортахьара аьлла, хIунда аьлча, цхьана а хIумана гунахь воцчу стагана шен нах бале бовла тарло аьлла. Карладоккху, Аламовс шен белхан накъостийн дехарца ГIалгIайчуьра Ставрополь махкара Минеральные Воды гIала шен машенахь дIайигина хилла Яндиева Марина.

Карарачу хенахь Аламов шен доьзалца ву, хаамбина "СК SOS" тобано.

  • ГIадужу-беттан 25-чохь ГIалгIайчуьра йеддачу йоьIан гергарчаьрца къамел дан хьийзаш хилла ши журналист Рубцова Лилиан а, Садовская Алена а лецира, цхьана летаршна тIехула хеттарш дан деза аьлла. Гергарчара кхайкхина хиллера полици, Наьсарара полисхойн декъе дIайигинера ши журналист. Буса исс сахьт даьллачул тIаьхьа бен зIене ца йаьллера и шиъ, цара дийцинера, ницкъахоша шайгара телефонаш схьайаьхнера аьлла.
  • Журналисташ полицин декъера арабовлийтинера итт сахьт долучу хенахь протокол ца хIоттош, царна "кхерамзалла латтош" ницкъахоша ГIалгIайчоьнан а, Къилбаседа ХIирийчоьнан а дозане дIакхетийра и шиъ.
  • Карладоккху, бакъоларйаран "Iазапашна дуьхьал Команда" организацин (КПП) юристана Аламов Мохьмадна а, цуьнан доьзална а кхерамаш тийсинера дойур ду шу бохуш, цо ГIалгIайчуьра Минеральные Воды гIала дIайигинчу Яндиева Маринин гергарчара. Доьзалехь гIело латтийна шена аьллачу йоIа орца дехнера кризисан "СК SOS" тобане, ткъа цара КПП-ра шайн белхан накъост гIоьнна йукъаозийнера. Оцу йукъанна Аламовна йевзаш йацара Яндиева а, йа цуьнан истори а.
  • Яндиеван гергарчара кIира хан йелла йоIана цIа йан- гIадужу-беттан 29-чу кхаччалц. ГIалгIайчуьра йахархочо шена хIиттина хьелаш "харц а, боьха манипуляци лелор" лерина. Шен лаамехь цIа йерза дагахь йац иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG