ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iедалша неIалт кхайкхош «амин» гIийла алар а дуьхьалонан акци хета Нохчийчохь


Нохчийчоь -- ТIемалочунна неIалт кхайкхо гулбина нах.
Нохчийчоь -- ТIемалочунна неIалт кхайкхо гулбина нах.

КIира сов хьалха Соьлж-ГIалахь, ДАIИШ-ца уьйраш хилла аьлла 7 стаг а вуьш, цара 3 полисхо а вуьйш, бохам хиллачул тIаьхьа юкъараллехь а, Iедалехь а къоралла хIоьттира. Хиллачух а, цуьнан тIаьхьалонех а официалан йоцург кхин верси а яцара. Иштта хьал лаьтташ ду байинчу оцу тIемалойн гергарчу наха ловш долу Iазап хьокъехь а.

Хууш ма хилара, байинарш муьлша бу хиина даьлча церан гергара нах сихонца дIагулбира полицин дакъошка. Цигахь масех дийнахь латта а бина, дIахецнера уьш. Амма тахана а баьржина хаам мукъабаьхнарш, юха тIе а кхайкхина, дIалецна аьлла.

ЦхьамогIа хаамийн гIирсаша дуьйцу цуьнах лаьцна. Амма билггала маса стаг ву а, хIун гергарло долу нах бу а, я иза баккъалла а ду-дац а хаа аьтто болуш дац. Къоралла ю цунна бехке.

ХIинца-м, хьан чу а лилхина, хьуна тIехь дечиг даккхахь а иза цо а, цо а дина аьлла дийца хIуттур болуш дукха нах бисина бац махкахь. Коьрта декъана шена динарг нохчаша ловш ду, шайн гергарчарна бохам ца хилийта гIерташ. Доьзал бу адаман уггаре а экаме меттиг иштта хIума къасторехь.

Кхи хаттар ду: мел кхачо йолуш ду иза? Соцур дуй кхин дIа къепе дIахIоьттинчу махкахь кIира сов хьалха санна чолхаллаш лелхар? Шена хетарехь, динан радикалех дIакхеттачарна бен-башха дац да-нана, йиша-ваша. Цундела уьш совцахь тамаш хета юкъаралхочунна Арбиев Заурбекана.

Арбиев: «Цхьана агIор Iедало лелочух со кхета. Шайн гергарчу нахана бохам ца хилийта уьш совцур бацара теша бохуш лелош ду цара шаьш лелош дерг. ТIаккха и кегий нах совцур боцийла хууш ду. Харц некъ бу-кх иза».

Iедална гIоле дара аьлла хета юкъаралхочунна Арбиев Заурбекана, и гергара нах дIа а ца лоьцуш, адамашна юкъахь хьагI-гамо алсам а ца йоккхуш, террорхошца къийсам латточу пачхьалкхашкара зеделларг схьа а оьцуш Iаьмча. Кхин некъ бац цунна элира цо.

Арбиев: «Iедалан и бала дIабаккхалур бу аьлла хетахь уьш нийса бац. Да а, нана а, гергара нах а царна бен бац. Хьалха Совета заманахь и санна болу нах, дарбан хIусаме а буьгий царна дарба дора. Ткъа Iедалехь болчу нахана шаьш цу Iедалехь даим хир бу моьтту. Уьш а нйиса бац. Кхечу пачхьалкхашара, цара террорхошца и болх дIа муха хьо а хьажна, масал схьаэца дезара».

Байинчеран гергарачу нахана тIехь Iазап хIоттор нийса хIума ду аьлла хеташ дукха нах бац Нохчийчохь. ХIетте а, тIетан деза церан а официалан некъаца гал ца бийла. Амма бу иза нийса дац бохуш дуьйцурш а. Юкъараллан жигархочо Хаджимурадов Сулеймана бахарехь, кханенна ойла ян еза ночхаша тахана шаьш гIулч йоккхуш.

Хаджимурадов: «Оцу нехан къа ду. Велларг мича кхочур ву вайна хууш дац. Вай шайхаш а дац. Дехьа агIор хиланза ма бац кхузахь. Къа ду-кх оцу нехан. Вай паргIат нах ма ду. Хаза дац иштта лелийча. ХIара-м дIадоьрзура ду. Вай цхьаьна даха ма деза».

Пригородное олучу эвлара БахарчиевгIеран доьзалера берриг а божарий махкахбевла, масех де хьалха юьрта Iедалхой а баьхкина, цара уьш емал бинчул тIаьхьа. Юьртара нах гул а бина, неIалт кхайкхочу хенахь, «амин» жигара ца аьлла аьлла, дукха реза болуш а дIабаханера баьхкинарш. Болчу хаамашца, БахарчиевгIара луларчу цхьана махка дIакхелхина.

Ткъа тахана байинчеран гергара нах чохь латтор церан кхерамазаллан дуьхьа лелош ду аьлла дийца долийна официалан хьукматашкахь. Церан бераш байинчу полисхойн гергарчу наха царна чIир кхайкхор бахьана долуш. Ткъа меллалц латтор бу уьш оцу «Iуналлехь» хууш дац.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG