ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Wildberries-хь диттинчу герзашна Делимхановс ша бехкеварна жоп делла ГӀалгӀайчоьнан депутато Барахоевс


Барахоев Бекхан
Барахоев Бекхан

ГӀалгӀайчоьнан цIарах Пачхьалкхан Думехь депутат волчу Барахоев Бехана комментари йина Wildberries маркетплейсан гонах иккхинчу девнах а, шен ши махкахо а вуьйш, компанин Москвара офисехь герзаш деттарх а лаьцна. Хьалхо хаамийн гӀирсаша йаздира, Wildberries компани арахьара реклама йечу Russ операторца цхьаьнакхета лаам болчу агӀонех цхьаъ ву Барахоев аьлла. Ткъа и компани кхоьллинчун хIусамдас Бакальчук Владислава а дӀахьедира изза.

ГӀалгӀайн телеграм-каналаша бечу хаамашца, йеарийдийнахь, гезгамашин-беттан 26-чу дийнахь, депутат хилира Wildberries-н офисехь веллачу шина хадархочун - 41 шо долчу Алмазов Адаман а, 28 шо долчу Эльмурзиев Ислам-Бекан а тезетахь. Барахоевс чIагIдарехь, гезгамашин-беттан 18-чу дийнахь герзаш деттачу хенахь церан карахь герз хилла дац. Цу кепара депутато харцйира Пачхьалкхан Думера шен нохчийн коллеган Делимханов Адаман верси. Цо хьалхо Барахоев бехкевира, цуьнан наха Бакальчукца маркетплейсан офисе баьхкинчарна кIело йинера аьлла.

"Оцу меттехь вайн йалх кIант вара, царех цхьанггахь а герз дацара. Шайн белхан декхарш кхочушдан балха баьхкина бара уьш. Царех цхьа а вацара тIом бан дагахь", - далийна "Фортанго" гIалгIайн депутатан дешнаш.

  • Кремльна гергахь йолчу Wildberries офисехь герзаш диттира гезгамашин-беттан 18-чу дийнахь делкъал тӀаьхьа. Зорбане йаьхначу видеошка хьаьжча, уггаре а хьалха ницкъ бинарш бара марткетплейс кхоьллинчу Бакальчук Татьянин хIусамден Бакальчук Владиславан нах (зудчо хӀинца шен хьалхалера Ким фамили схьаэцна).
  • Гезгамашин-беттан 18-чу дийнахь Бакальчукца хиллачу нахана юкъахь вара Нохчийчохь прокурор хилла Эльмурзаев Анас, хӀинца шех совдегаран адвокат олу цо. "Агенталла" гIирсо дийцарехь, Эльмурзаев цу конфликтехь дакъалацаро гойтуш хила тарло, Кадыров Рамзан цу компанина тIелата гӀортарца воьзна хилар. Цу гӀуллакхехула лецначарна йукъахь бу Нохчийчуьра кхерамазаллин хьукматан белхахой хилла нах а, хӀинца а болх беш берш а.
  • Нохчийчоьнан урхалхочо дош аьлла дац герзаш деттарх а, цул тIаьхьа Бакальчук Владислав лацарх а, хьалхо бизнесхочун агIо лаьцна, гIуллакхан "йист йоккхур йу" аьлла, ша чIагIо йиннашехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG