ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Wildberries-н офисехь герзаш деттарна лаьцна Нохчийчуьра совдегар шолгIачу дийнахь дIахецна


Wildberries-н офисехь герзаш диттина меттиг, гезгамашин-бутт 2024 шо
Wildberries-н офисехь герзаш диттина меттиг, гезгамашин-бутт 2024 шо

Талламан изоляторера дIахецна талламхочо Нохчийчуьра совдегар Коноплев Игорь (Балатбаев Идрис), Москвара Басманан кIоштан кхело лаьцначул тIаьхьа. Цул тIаьхьа маса Монако дIавахана иза.

Коноплев маьршаваккхарх лаьцна хаамбина пачхьалкхан хаамийн ТАСС агенталло, бакъоларйаран органашкара шайн хьостана тIетевжина. Цуьнан хаамашца, шега кхийдо шеконаш тIе ца йуьтура кхелехь Коноплевс, цул тIаьхьа талламо сацам бинера, лаьцначуьра иза дIахоьцуш.

Талламхочун цIе зорбанашкахь йоккхуш йац. Коноплевн процессуалан статус хууш йац.

Ишта Коноплев дIахецарх лаьцна йаздира гезгамашин-беттан 24-чохь Baza телеграм-канало а.

Wildberries-н офисехь герзаш деттарх долийначу гIуллакхехула йалх лаьцнера, царлахь вара Коноплев а, дIахьедира гезгамашин-беииан 19-чохь Москван йукъарчу юрисдикцин кхелийн зорбанаша.

"Важные истории" гIирсан зерашца, Коноплевн Игоран долахь ду 28 гӀалахь а, кхаа пачхьалкхехь болх бен "Трэвэлерс Кофе" кофейнийн машанан цхьа дакъа. Нохчийчуьра вахархо ву иза, цуьнан бакъйолу цIе Балатбаев Идрис йу. Москвара петар чохь Коноплевца цхьаьна дIайазвина вара Талламан комитетан белхахо Рабуев Бекхан. ГIирсан хаамашца, цуьнан цIе йоккхура Немцов Борис верца доьзначу гIуллакхехь а. Коноплевн кIентан а, цуьнан а Чехин пачхьалкхан паспорташ ду.

  • Кху аьхка Wildberries компани арахь реклама йеш йолчу Russ Outdoor компаница цхьаьнакхетар бахьана долуш иккхинчу девна юкъагӀоьртира Нохчийчоьнан куьйгалхо. Кадыров Рамзана чIагIо йинера, шен хӀусамненаца, Wildberries компанин долахочуьнца Ким Татьяница (Бакальчук) хиллачу девнехь бизнесхочун Бакальчук Владиславан интересаш ларъярехь "йист йоккхур йу" ша аьлла.
  • Зорбанан гIирсийн хаамашца, ши компани вовшахтоха лууш хилларг ву Дагестанан цIарахь Оьрсийчоьнан Федерацин Кхеташонана декъашхо, миллиардашкахь ахчанаш долу Керимов Сулейман а, ГIалгIайчоьнан цIарах Оьрсийчоьнан парламентехь депутат волу Барахоев Бекхан а. Хьалхо Барахоев вузура Russ компанин тобанца.
  • Кремлана гергахь йолчу Wildberries компанин офисехь герзаш диттира гезгамашин-беттан 18-чу дийнахь делкъал тӀаьхьа, Бакальчук Владислав шен хадархошца цхьаьна компанин офисе кхаьчначул тӀаьхьа. Цуьнца цхьаьна Нохчийчуьра адвокат, прокурор хилла волу Эльмурзаев Анас а вара. Ким Татьянас (Бакальчук) бехке вира, ша дӀасакъаста хьийза шен цIийнда, компани шегара дIайаккха гӀортарна.
  • Офисан кхерамазаллин ши белхахо вийна, ший а ГӀалгӀайчуьра вара. Даймахкахь церан декъий дохьуш догIучу кемана дуьхьал веанера масех эзар стаг. Цу гӀуллакхехула лецначарна юкъахь бу Нохчийчуьра кхерамазаллин хьукматан белхахой хилларш а, тахана а белхаш бийраш а. Бакальчук Владислав герзаш диттинчул тӀаьхьа лецира, амма дукха хан йалале маьршаваьккхира иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG